ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн могушаллин хьолах лаьцна дийца йуха а дуьхьал хилла Песков


Кадыров Рамзан а, песков Дмитрий а. (коллаж)
Кадыров Рамзан а, песков Дмитрий а. (коллаж)

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьал дуьйцуш журналистийн хеттаршна жоп дала йуха а дуьхьал хилла президентан Путин Владимиран пресс-секретарь Песков Дмитрий. Хьалхо хаамашкахь йаздира цуьнан могушалла цIеххьана эшарх.

"Сан кхин тIетоха хIума дац. ГIуллакх муха ду хьуна аьлча, президентан администрацин карахь дац – хьеннан а могушаллех лаьцна хаамаш бала", - дIахьедина Песковс журналистийн брифингехь, хаамбина пачхьалкхан "Интерфакс" хаамийн агенталло.

"Оцу хьокъехь тхоьгахь цхьа а информаци йац. Мухха делахь а президентан администрацино могушаллех лаьцна тоьшаллаш дийр дац, цундела тхан кхин ала хIуммаъ дац", - элира Песковс де хьалха а. Иштта оршотан дийнахь президентан пресс-секретарь дуьхьал хилира Нохчийчоьнан урхалхо волу меттиг бийца а, дахначу мукъаденошкахь Путин Кадыровца цхьанакхетта вац аьлла, лерзийра цо къамел.

  • Гезгамашин-бутт болабелчхьана, Нохчийчоьнан куьйгалхочун долара кема кхузза Москва дахана, къастийра "Верстка" хьостан журналисташа. ТIаьххьара гIаьттина кема гезгамашин-беттан I5-чохь, ши де даьлча йуха а деара, билгалдоккху "Агенталло".
  • Нохчийчоьнан урхалхочун могушалла цIеххьана эшна йогIу, цунна Москвара президентан гIуллакхашкахула йолчу Урхаллин Коьртачу дарбанан цIийнехь лелош дарба ду аьлла хаамаш баьржинчу йуккъехула "Верстка" ресурсо тергойина лайнеран дIасалеларан. Цунах лаьцна йаздира, масала, ВЧК-ОГПУ телеграм-канало а, "Эхо Москвы" радиостанцин хиллачу коьртачу редаткоро Венедиктов Алексейс а – цо чIагIдо, Кадыровн "жаннашца лазар ду, сих-сиха гемодиализ оьшу" цунна аьлла.
  • Цул совнах, оппозицин нохчийн масех канало а хаамбора, цхьана а хьасташна тIе а ца тийжаш, Кадыров кхетамчохь вац бохуш. Гезгамашин-беттан I7-чохь нохчийн оппозиционеро, бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара йаздинера Кадыров велла аьлла.
  • Оцу дийнахь Кадыровн телеграм-каналехь видео гучуйелира, цо ша дIайазйина. Цу тIехь Нохчийчоьнан урхалхо аллейхь воьдуш ву, цо боху "бакъдерг харцдолчух къастон ца хуурш, ара а довлий, мохех дуьйлалой, шайн корта меттабалабе" аьлла. Шен могушаллех лаьцна Кадыровс хIуммаъ а ца олу. ЧIагIдарехь, видео Соьлжа-ГIалахь дIайазйина цу, амма билггал хууш дац маца йаьккхина йу и.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG