ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн невцана "даймахкана гIуллакх дарна" орден йелла Путина


Тумхаджиев Iийса а, Кадыров Рамзан а
Тумхаджиев Iийса а, Кадыров Рамзан а

"Даймахкана гIуллакх дарна" IV-чу барамехь орден йелла Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан невцана, премьер-министран гIовсана Тумхаджиев Iийсанна. Омрана куьгйаздина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, хаамбина Кадыровс шен телеграмехь.

ХIун динчунна совгIат дина, дуьйцуш дац. Регионан куьйгалхочо билгалдаьккхира, массарах а лаьцна олуш ма-хиллара "пачхьалкхан коьрта Iалашонаш кхочушйеш дакъалацарна а, дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна а" аьлла.

Тумхаджиев "похIма долуш маьхькамхо" ву, билгалдаьккхира Кадыровс. Иза даим а, "бераллехь дуьйна" уллохь ву, "дуьненайукъарчу террорхошца къийсам латточу заманахь дуьйна" аьлла. Иза, шен да – Тумхаджиев Абубакар а санна- масал ду "тIедиллинарг кхочушдарца а, доьналле хиларца а", аьлла цо.

Тумхаджиев воккхахверг – Нохчийчоьнан вице-премьер а, автомобилан некъийн министр а ву. Цуьнан кIантехь йу Кадыровн гергара зуда. Кадыровн гергарчу кхечу лаккхарчу даржхошна совгIаташ доькъучу хенахь дена а, кIантана а кхечира хьалхо.

Марсхьокху-беттан йуьххьехь Путин Владимира Сийлаллин орден йелира Кадыровн нанна – Айманина. Товбеца-баттахь "даймахкана гIуллакх дарна" аьлла, орден кхачийра Кадыровн 26 шо долчу вешин кIантана Кадыров Хьамзатана, ткъа стигалкъекъа-баттахь совгIат дира "Нана-турпалхо" аьлла политикан хIусамнанна Меднина.

Леррина Кремлера Кадыровна баркаллин кехат дохьуш Нохчийчу веара марсхьокху-беттан йуьххьехь Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказера векал Чайка Юрий.

Политологашна хетарехь, тIаьххьарчу заманчохь Путин Кадыровна оццул тIера хиларо билгалдоккху, Москвана Iаламат чIогIа оьшуш хилар шен куьйгакIел болчаьргара гIоьналла. Оцу йукъанна Нохчийчоьнан урхалхочунна оцу кепара "цхьаьнахилар" дахаран а, Iожаллин а хаттар санна гуш ду.

  • Нохчийчохь иттаннашкахь мехкан урхалхочун гергарнаш хIиттабо регионехь куьйгаллин лаккхарчу даржашка. Шен цIийнах болу нах хьалхатеттарехь, къийса хIума ца го цунна шена. "Сайн тешам берриг хIоттаво", - элира Кадыровс.
  • Пачхьалкхан даржашкахь ду цуьнан бераш, йижарий, невцарий, йиша-вешин доьзалхой, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира республикан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу КадыровгIеран цIийнах болчех дуьззина тептар.
  • 2018-чу шарахь Оьрсийн "Би-би-си" телеканалан лараршца, Нохчийчуьра 158 баккхийчу хьаькамашлахь 30 процент Кадыров Рамзанан гергарнаш бу. 2021-чу шарахь Кадыровн йоI Iайшат, оцу заманчохь 22 шо дара цуьнан, Нохчийчоьнан культурин министр хIоттийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG