ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн пиар-бусалбанаш? Оьрсийчуьра "лаамечара" Нохчийчохь ислам тIе хIунда оьцу?


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчоьнан куьйгалло Украинехь тIом болабелчахьана сих-сиха дIахьедо, Соьлжа-гIалахь бусалба дин тIе а оьцуш, тIаме боьлхучу лаамечарех. Цу кепарчу тIемалойн билггал долу терахь девзаш дац. Кадыров Рамзана церан дукхалла "цхьаберш" аьлла билгалйаьккхина. Кавказ. Реалии сайто дуьйцу цу нахах а, царех бусулбанаш бечу бахьанех а.

Дуьххьара Нохчийчохь "лаамечара" бусулба дин тIеэцарах хаамаш 2022-чу шеран охан-баттахь хилира. Цу хенахь, ЧГТРК "Грозный" канало дийцарехь, бусулбанаш хилира Татаринцев Юрийх, Алябьев Алексейх.

Кхелаша бинчу сацамаша бахарехь, Татаринцев 2008-чу шеран стигалкъекъа-баттахь набахтехь даккха исс шо тоьхна вара. Цунна дуьхьала йаьккхира масех артикал, адам дер, низамза герз дохкар, шен лаамехь кхечарна зенаш дар.

Оьрсийчуьра исламан хьалханча санна Кадыров лела дикка хан йу

ЧГТРК - канало охан-баттахь бинчу хаамaшца, бусулба дин тIеэцна кхин а кхаа "лаамерчо". Церан цIераш йаханза йу.

Стигалкъекъа-баттахь Нохчийчуьрчу муфтиято бусулба ву аьлла кхайкхира Оьрсийчоьно дIалаьцначу Донецкера Бахтинов Евгений. Мангал-баттахь, тIаме дIабахале шайга ислам тIеэцийта аьлла Соьлжа-гIаларчаьрга дехар дира Ростов-на-Дону гIаларчу Оли Геннадийс, Узбекистанерчу Маевский Владимира.

ТIаьхьо Iедалан "Чечня сегодня" интернет-гIирсо хаамбира, республике веанчу кхин а ворхI "ламерчух" бусулбанаш хилла аьлла. ТIемалойн цIераш ца йохуш, мичара схьабевлла ца дуьйцуш, церан суьрташ дIахIиттийра.

2023-чу шеран дечкен-баттахь Соьлжа-гIалахь ислам тIеийцира Астрахан-махкарчу Кустов Александра. Цунах лаьцна хууш кхин хIумма дац.

Нохчийчуьрчу бусалбанийн динан урхалло дийцарехь, дечкен-баттера охан-батте кхаччалц республикехь ислам тIеэцна 20 стага. Амма стохкалерчу шарахь дуьйна хууш ду, "лаамечара" дин тIеэцар динан бахьанца доьзна дац, шайна йерг йаккхархьама лелош хIума ду: меттигерчу Iедалхоша, дин тIеэцахь, царна лушдолчу ахчанна тIе кхин а 50 -75 эзар сом лур ду аьлла.

Цул совнах, Кавказ.Реалии сайто дийцарехь, хьаькамаша цу дин тIеэцначарна ипотека токхуш а, хIусам оьцуш а гIо дийр ду олий, дош ло.

Динан меттана - Кадыровн пиар

Дин тIелаца луучу Оьрсийчуьрчу бахархойн лаамаш даггара цахила тарло бохуш дуьйцу Ниццерчу маьждиган имамо Магомадов Рамзана. Дин тIеэцархьама Соьлжа-гIала кхаччалц вахан ца оьшу, боху цо.

Цо бохучунна реза ву Венерчу культуран цхьаьнакхетараллин куьйгалхо Исханов Хьусейн. Цо билгалдоккху, Нохчийчуьра Iедалхой тешарш шайн динан йукъаралле бахкорца халонаш йолуш хилар а, и дерриге цара Оьрсийчоьнан леринчу гIуллакхошца бертахь болуш лелор а.

Оьрсийчуьра "[бусулба] Iеламхой берриге леринчу урхаллин эпсарш бу, Iедалан урхаллашна мутIахь бу. Лубянкехь болучара ма-хьеххара, тешачийн гуламашкахь бусулбанийн барт а, дин а хестадо цара",- боху Исхановс.

Орсийчоьнан бахархой исламехьа бовлар - дIахIоьттина даьлла гIуллакх ду, йа Кадыровца, йа цуьнан олаллица доьзна дац, боху Европерчу "Толам" цIе йолчу нохчийн боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.

Нохчийчухула нах тIаме хьовсабо, цаьрга ислам тIе а оьцуьйту бахар - пиарна дика тоьшалла ду

Ша вовзийта цалиинчу Къилбаседа Кавказ толлучу этнографо, эксперто Нохчийчохь дин тIеэцар гIарадаккхар тIом бола а балале Кадыровс исламан пачхьалкхашна хьалха "баллаш гулйеш" кеп хIитторца доьзна ду боху.

"Оьрсийчуьра исламан хьалханча санна Кадыров лела дикка хан йу. Цу майданахь цуьнан дуккха а конкуренташ бу. Царлахь йац муфтияташ. Масала, Дагестанерчу суфистийн хьалханчаш. Амма бу Кремло Уллорчу Малхбалехьара пачхьалкхашца зIенаш дIатасархьама хьалхатеттинарш. Масала, гIезалойн раис Минниханов Рустам",- ницкъаш дIасахIитторах дуьйцу эксперто.

Царел хьалхавалархьама, шен цIе йаккхийта болх бан беза, боллучу бусулбанийн "къоман" хьалханча хуьлуш, цу цIарца ша Оьрсийчохь а, цул арахьа а вовзуьйтуш.

"ТIаьхьарчу хенахь Уллорчу Малхбалехьарчу пачхьалкхашца йукъаметтигаш лелорехь Кремло хьалхатоттуриг Минниханов ву - хетарехь, Кадыровн ницкъ охабоккхуш. Цу суьртехь, Нохчийчохь нахе дин тIеоьцуьйту, цигахула нах тIаме хьийсабо бахар - пиарна доккха тоьшалла ду",- кхеттош дуьйцу къамелахочо.

Кадыровс лелочух кхетархьама, Оьрсийчохь исламан йукъараллехь хуьлуш долчух кхета веза, дуьйцу Къилбаседа Кавказан эксперто, гуьржийн "Фонд Рондели" белхалочо Квахадзе Александра. Цо бахарехь, пачхьалкхера кланаш хIинца вовшашлахь боккхачу къийсамехь лаьтта, царех хIора а бусулбашлахь шайн меттиг чIагIйан лерина йу.

"Коьрта къийсам Поволжин, Башкортостанан, гIизлойн векалшна йуккъехь бу. ШолгIа клан - дагестанхойн, иза а ницкъ болуш йу. КхозлагIниг - Кадыров Рамзан",- охьабагарбо Кавказ.Реалиица сайте къамелахочо.

Квахадзес бахарехь, Украинерчу тIамехь жигара дакъалацар Нохчийчоьнан куьйгалхо цу къийсамна пайда хуьлуьйтуш дерзон хьожу.

"Вайна дагадогIу, муфтис Межиев Салахьа, Украинина духьал болу тIом джихад ду баьхна. Къилбаседа Кавказерчу кхечу республикийн векалша и санна дерш ца дийцира. Цу кепара Кадыровс бен болх Оьрсийчуьрчу берриге бусулбанашна тIеIаткъам бан лаарца боьзна бу",- тIечIагIдира "Фонд Рондели" цхьаьнакхетараллин белхалочо.

  • 2022-чу шеран гIуран-беттан йуьххехь нохчийн муфтиятан векалш Оьрсийчоьно дIалаьцначу Украинин Мариуполе бахара. Цигахь уьш бусулбанийн маьждиге кхечира. Иза, цара бахарехь, Кадыров Ахьматан цIарахчу фондо меттахIоттош ду. Цигахь республикерчу тIемалошца "вуно чулацаме" къамелаш дира цара. Украинина духьалболу тIом "беза" бу бахаран кхин цхьа дакъа хилла дIахIоьттира и хилам.
  • Стигалкъекъа-беттан 27-хь бюджетхой а, студенташ а Соьлжа-ГIаларчу митинге арабехира – цхьатеррачу аннашца дуьхьалабевлира уьш автозак чохь Нохчийчу валочу студентана Журавель Никитина. Журавель Волгоградехь КъурIан дагорна бехке лерина ву. Цуьнан гIуллакх Нохчийчу дIаделла. Дуьйцург бакъ делахь, республикерчу бахархоша дехарш дарна дина иза. Кавказ.Реалиин редакцино эксперташца цхьаьна дийцаре дира, Волгоградерчу студентана кхел йар Украинерчу тIамна бехказло лехарехь муха леладо. Иштта Оьрсийчуьра бусулбанашлахь а, Оьрсийчоьнал арахьа а Кадыровн цIе цу хиламца чIагIйан гIертарх а.
  • Оьрсийчоьнна муьтIахчу президентан Кадыров Ахьматан кхалхарна лерина иэсан барамаш дIабаьхьира Нохчийчохь. Уьш йуха а иза вазварца бирзира. Кавказ.Реалии редакцино теллира, республикехь "везачу" воккхахволчу Кадыровн васт хIоттор муха дIахьош ду а, иза хьанна оьшуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG