ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн телеграм-атака: Кадыровс посташ хIиттийначул тIаьхьа оьрсийн эскарехь хилла хийцамаш


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала. Нохчийчоьнан куьйгалхо Рамзан Кадыров а, МВД-н министр Руслан Алханов а
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала. Нохчийчоьнан куьйгалхо Рамзан Кадыров а, МВД-н министр Руслан Алханов а

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана коьртачу тIеман гонийн буьйранча, инарла-полковник Лапин Александр "тентак" ву аьлла, дIахьедира, лаккхара тIеман даржхо тIамна юкъара ваьккхина бутт а бац. Оцу юкъанна дуьххьара и хаам официалехь баржийнарг Нохчийчоьнан пачхьалкхан телеканал ю – билгалдаьккхира Лапин дIаваккхар Кадыровс критика ярца доьзна хилар а.

" СВО-хь Оьрсийчоьнан "Центр" эскарийн буьйралла деш хилла волу инарла-полковник Лапин Александр даржах вохийна. Дагадоуьйту, хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана масийттазза критика йира Лапинна", - хаамбира гIадужу-беттан 29-чохь "Грозный" ЧГТРК-но, керлачу хаамехь Кадыровн посташ а йоьшуш.

Оьрсийчоьнан федералан зорбанан гIирсаша - РБК, "Лента.ру" ресурсашна тIера "Коммерсант" а, "Ведомости" ресурсана а тIекхаччалц- хаамбира цунах лаьцна ЧГТРК-на тIе а тийжаш. Iедалехьа йолчу Ura.ru сайто шен хьастана тIетевжина яздира, инарлас "отпуск эцна" аьлла. Цуьнца цхьаьна инарла дIаваккхар тIечIагIдира Кремло ахча латточу медиан белхахоша Котенок Юрийс а, Курлаева Ольгас а, Кашеварова Анастасияс а, кхечара а. Оцу юкъанна тIеман министраллин сайтехь хьалха а санна, Коьртачу тIеман гонийн буьйранча ву аьлла, билгалваьккхина ву Лапин, иза дIаваккхарх лаьцначу информацих комментарий ца йира урхалло.

Кадыровн телеграм-каналехь шозза оьгIазе пост гучуелира инарла Лапинах лаьцна. ГIадужу-беттан 1-чохь, Лиман юхаяларх федералан зорбанан гIирсаша тергамза дитича, - стигалкъекъа-баттахь дуьйна оьрсийн оккупацихь яра иза, - Кадыровс "тентак" ву элира Лапин, хьийхира могIарерчу салтех дIатоха иза аьлла.

ХIетахь Лиман дIаяларна комментарий йинчу официалан хьаькамех цхьаъ хиллачу Кадыровн реакци бIостане нисъелира: Лапинан таронаш яцара бохуш, цунна тIехIуьттура цхьаберш, тIеман инарлех лаьцна иштта олийла дац бохуш, дIа а хьедеш, кхинберш – масала бизнесхо Пригожин Евгений, "Вагнеран ЧВК" вовшахтоьхнарг ву олу иза, - тIетайра Кадыровна.

ГIадужу-беттан 27-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо жоьпалла Лапинна тIедиллира, дукха хан йоццуш Украинан тIеман ницкъаш тIелеттачу Донецкан кIоштара дакъа лардарна, Кадыровс дIахьедира, оцу эшарх лаьцна цуьнга вистхила, зIене вала цхьана а агIор аьтто ца болу шен аьлла.

Кадыровца доттагIалла, Шема "хьажор"

"Центр" тобанан куьйгалхо хир ву Лапинан метта инарла-лейтенант Мордвичев Андрей- цуьнах лаьцна хаамбо тIом толлучу Институто (ISW).

Дукха хIума дац цунах лаьцна хууш: 2011-чу шарера схьа дуьйна цо буьйралла латтийна къаьстинчу танкан 4-чу дивизин, 2017-чу шарахь Къилба-Сахалинан гарнизонан хьаькам хIоттийра иза, тIаккха Коьртачу тIеман гонийн, юьхьанца 41-чу армин куьйгалхочун гIовс, цул тIаьхьа Къилбан гонийн 8-чу эскаран. ТIом боьдучу юкъанна украинхойн зорбанан гIирсаша яздора, журналистана Цаплиенко Андрейна тIетевжина, Чернобаевкерчу аэродромехь Мордвичев вийна бохуш, амма масех де даьлча гучуелира Кадыров Рамзанца цхьаьна цуьнан видео.

"Ахмат – баккъал а ницкъ бу!" – боху видео тIехь Мордвичевс. Вела а велла, нохчийн политико олу: "Иштта боху тхан буйранчас, уггар а тоьлла буьйранча".

Оьрсийн пропагандистийн WarGonzo канало хаамбора, Мордвичев Андрей ву "дуьххьара билггал эскарехь долчух лаьцна лакхарчу хьаькамашна дийцинарг" Iедалхойн таIзаре нисвеллера иза, оцу тIехула Шема а "хьажийнера" бохуш.

"Тхуна хууш хиларца, Кадыров а, Мордвичев а баккъал а гергара юкъаметтигаш йолуш ву, делахь а оцу кепарчу дарже иза хIотторан къепе кхечу тайпа ю", - билгалдоккху каналан авторша. Изза верси тIечIагIйира шен телеграм-каналехь Кремлехьа волчу политолого Марков Сергейс а.

Оцу юкъанна нохчийн куьйгалхочо масийттаза билгалдоккхура керла хIоттийначу эскарийн куьйгалхочуьнца Сурвовикин Сергейца, цуьнца дузу Мордвичев юхавалор а, шен йиллина дика юкъаметтигаш хилар. Кадыровс дIахьедира, Суровикин шена вевза 15 ш а ду аьлла, делахь а субординаци ларйира цо, инарлех "хьомсара ваша" а ца олуш. Шен гоне вистхуьлуш аьлла ца Iаш, иштта олу Кадыровс Оьрсийчоьнан регионийн губернаторшка а, Пачхьалкхан думин депутаташка а, Росгвардин директоре Золотов Викторе а вистхуьлуш а,

ТIаьхь-тIаьхьа хала ду Путинна "тIеман партина" там бан

Лапин дIаваьккхина боху хаамаш бакъ белахь, Оьрсийчоьнан инарлаш сингаттамехь хила беза, информацин майданех пайдаоьцург хиларх тIеман куьйгаллина дуьхьал медианкампанеш вовшахтоха, билгалдаьккхира тIом талларан америкахойн Институтан (IWS) аналитико Степаненко Екатеринас.

Цо кхин цкъа а тоьшалла до, Кремло а, президенто Путина а шайн ма-хуьллу къахьоьгуш хиларх "тIеман парти" теярхьама

"Оьрсийчоьнан тIеман министралло официалехь бакъ ца дина, Мордвичесв Лапинан меттиг дIалоцург хилар, амма масех Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша а, блогерша а чIагIонаш йо, йа цо иза хуьйцур ву гуттаренна а, йа Лапин хуьйцур ву могуш воцуш ву аьлла, цо оьцу бохучу мукъа хенан юкъанна. Хьалхо Мордвичев медиахь гучувелира, "тоьлла командир" ву аьллачу Кадыровца цхьаьна. Инарла Мордвичев хIотторах болу хаамаш нагахь санна бакъ белахь, цо кхин цкъа а тоьшалла до, Кремло а, ша президенто Путина а шайн ма-хуьллу къахьоьгуш хиларх "тIеман партина" там бархьама", - билгалдаьккхира эксперто.

Оцу хеначохь Степаненко Екатеринана хетарехь, Мордвичев хIотторо тамаш бу тIом боьдучу Сватово-Кременная олучу, юх-юха гучудуьйлу кхачамбацарш ловш йолчу, меттигера хьал кIорггера хийцахь. Мобилизаци йоьдучу юкъанна кечбина боцчу нахах пайдаэцар, резерве йолу позицеш тоха ма еззара вовшах ца тохар а ду цигахь хаалуш.

"Нагахь санна хаамаш бакъ белахь, цо гойту Кадыровс а, Пригожина а кхачам боллуш бакъонаш гулйина хилар, тIом дIабахьарехь шайна хетарг хьеха а, Оьрсийчоьнан тIеман эскаршкахь нах хIитторна Iаткъам бан а. Церан тIехсов максималистийн Iалашонаш хиларна, Путинна, хетарехь, хала хир ду кхин дIа а церан лаамаш кхочушбан", - дерзийра тIом толлучу Институтан аналитико.

"Либеральная миссия" фондан кхеташонан декъашхочо, политолого Жаворонков Сергейс а билгалдоккху, Мордвичевца хуьйцуш, инарла Лапин дIаваьккхина аьлла, официалехь тIечIагIдина дац. Нагахь санна, уьш хилахь а, генералитетан цхьа реакци хиларе догдохийла яц, дIахьедо эксперто, Кадыровс критика йинчул тIаьхьа тIеман эскархошлахь хийцамаш хила тарло аьлла деллачу хаттарна жоп луш.

"Солженицына йийцинчу принципца ехаш ю Оьрсийчоьнан генералитет "тахана хьо ле, кхана тхо лийр ду" бохуш. Ма-дарра аьлча, Путин кхеташ ву церан дебилизмех, цундела ву иза цхьацца долахь тIеман компанеш кхуллуш", - аьлла хета Кавказ.Реалиица къамелдинчунна.

Ницкъахошца конфликт

"Цхьа куьйгалла гунахь яц царна хьлаха лаьтта Iалашонаш кхочушъян. Демократешкахь Iалашонийн цхьа дакъа дIало чоьхьарчу урхаллин гӀуллакхаш шайн лаамехь лелочаьрга, бахархойн юкъаралле, доларчу бизнесе. Оцу Iалашонашна леррина дакъош кхуллу персоналистийн автократаша, ткъа цигахь куьйгалхой хIиттабо баьччана муьтIахь болчу нахах", - дуьйцу оьрсийн ЧВК а, кадыровхойн дакъош а гучудийларан бахьанех "Одесская политическая платформа" медиацентран аналитико Христензен Юрийс.

Паччахьна Пригожин, Кадыров новкъараваккха эшахь, и дийр ду цо ницкъахойн куьйгашца

Оцу тайпа куьйгалхой ца беза ницкъахошна, ницкъабрах пачхьалкхан монополи хуьйцу хьалхалелхарш лору цара уьш. Цундела ницкъахошна а, лерринчу дакъойн урхалхошна а юкъахь перманентан конфликт эккха авторитаран лидер юкъагIортарца лахлуш, дIахьедо эксперто.

"Баьччана лаккхара ницкъахо дIаваккха эшахь, и дойла ю цуьнан низаман гурашкахь. Амма цкъацкъа атта хуьлу и кхечу куьйгашца деш. Делахь а, конфликтан цхьахйолу агIо чIагIло бохург дац иза. Паччахьна Пригожин, Кадыров новкъараваккха эшахь, и дийр ду цо ницкъахойн куьйгашца", - дерзийра Христензена.

  • Америкахойн тIом зуьйчу Институто дIахьедира, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана массарна а хезаш Инарла штабана критика йинчул тIаьхьа, Оьрсийчоьнан информацин майда шина декъе екъаяларх.
  • Хьалхо Украинан Iедалша а, дуьненаюкъарчу структураша а дIахьедора Оьрсийчоьнан армино дуккха а тIеман зуламаш лелорах тIемаш боьлхуш а, пачхьалкхан малхбален кIошташна оккупаци йеш а. Кадыровхой а юкъара хила тарло оцу зуламашна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG