ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Исламан гулдар "экстремистийн" ларар йухатоллур ду Кадыровн векалан латкъамца


КъурIан. Гайтаман сурт
КъурIан. Гайтаман сурт

Самарерчу кассацин кхело "Сахих аль-Бухари" исламан белхаш экстремистийн йозанаш лору сацам йухабаьккхина, Кадыров Рамзанан векалан латкъамна жоп луш. И белхаш цу реестре йукъалацар хьалхо Нохчийчуьрчу Iедалхоша йемалдира.

"Коммерсант" гIирсо дийцарехь, и гIуллакх йуха ладогIаршка хьажийна. Цул совнах, "Дезачу КъурIанах кхетор" аьлла, Абд ар-Рахмана ас-Саадин комментарешца болчу балхана а, "Булуг аль-Марам" книгашна а экстремистийн литература лоруш бина хилла сацамаш а харц лерина, йухабаьхна. Адвоката Нагиев Руслана бахарехь, и латкъам кхеле кховдийнарг Нохчийчоьнан куьйгалхочун векал Чапанов Сайд-Мохьмад ву.

"Сахих аль-Бухари" олу гулдар экстремистийн тептар тIе йазйан сацам стохкалерчу аьхка Татарстанерчу Лакхарчу кхело бира. Кадыров Рамзана "компетенци йоцчу экспертийн" болх лерира и сацам. Нагахь иза йуха ца баккхахь, тхан "дино кхечу кепара жоп далар магадо тхуна" аьлла, дIахьедар а дира цо.

"Сахих аль-Бухари" – хьадисийн гулдар ду. IX-бIешарахь Мухьаммад пайхамара дийцинчух, лелийначух долчу хьадисех хIоттийна. И вовшахтессинарг Мухаммад аль-Бухари хилла. "Кутуб ас-Ситта" ("Шестикнижие") олучу суннитийн хьадисийн коьртачу гулдаршна йукъабогIуш а бу и болх. "Булуг аль-Марам" - хьадисийн гулдар ду. ШарIан низам цунна тIетевжош нисдина ду. Иза XV-бIешарахь Iеламхочас Ибн Хаджар аль-Аскалянис вовшахтоьхна хилла.

  • IslamNews портало дийцарехь, цу гIуллакхан ладогIарш 2017-чу шарахь дуьйладелира. Оьрсийчу веанчу цхьаьнгара схьайаьккхина литература теллича. 2018-чу шарахь Татарстанан Лаишевск кIоштан кхело Приволжскан транспортан прокуратурина жоп луш, и литература экстремистийн ца лору шаьш аьлла сацам бира. Амма цул тIаьхьа цхьадолчунна тIехь прокуратура бакъ лерира,(Абд ар-Рахмана ас-Саадин "КъурIанах кхетор" книгин шолгIа, кхоалгIа дакъош а, кхин цхьа болх а экстремистийн материалаш аьлла дитира).
  • 2023-чу шарахь Нохчийчоьнан парламенто пачхьалкхан думе дIахьедар дира, Библин материалаш а, кхинболу керистан белхаш а, КъурIан а, хьадисийн гулдарш а, исламан канонан йеа школин( Ханафитийн, Маликитийн, Шафиитийн, Ханбалитийн мазхабаш), Танах (жуьгтийн Библин цIе), Ганжур ( Тибетерчу буддистийн канонан дакъа) экстремистийн лара ца магош, сацам бахьара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG