ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн вешин кIант социал-машанашкахь нохчийн "ламасташна гIарол дан" лерина ву


Кадыров Хьамзат а, Кадыров Рамзан а, Таймасханов Бекхан
Кадыров Хьамзат а, Кадыров Рамзан а, Таймасханов Бекхан

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан вешин кIант а, цуьнан хьехамча волчу Кадыров Хьамзата шен социал-машанашкарчу агIонашкахь дIахьедарш дина. "Нохчийн ламасташ цалардечарна" кхерамаш туьйсуш бу церан чулацам. Цо билгалдаьккхира, Iедалхоша гIарола дийр ду цу тайпачу агIонийн, "низамах боьхнарш" жоьпе узур бу аьлла. Дуьйцург билггал муьлха низам ду - хууш дац. Оьрсийчоьнан низамехь цу кепарчу жоьпаллин бух банне бац.

И тайпа "зуламхой" гучубахаран гIуллакх шаьш арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министралле кховдийна элира Кадыров Хьамзата. "ТIейогIучу хенахь синмехаллаш-оьздангалла кхиорехь урхаллаша болх бийр бу цаьрца",-элира хьаькамо. Амма ца дийцира цо иза муха хир ду.

2021-чу шарахь цу кепарчу дIахьедаршца вистхилира парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад. Интернетехь хуьлучарна кхерамаш тийсира цо, республикан куьйгалло магор дац соц - машанашкахь "нохчийн гIиллакхаш цаларар" бохуш.

"Агора" бакъоларйархойн тобано шайн дIахьедарехь билгалдаьккхина, 2020-чу шарахь дукхахйолу интернет-цензура Нохчийчоьнна кхочу аьлла.

  • Нохчийчуьра Iедалан телехьожийлехь а, меттигерчу хьаькамийн агIонашкахь а сих-сиха хаало нах бехказабийларан видеош. “Адамаш сийсаздечу” видеошна тидам тIеберзина Америкин Цхьаьнатоьхначу Штатийн динан бакъонаш ларйечу комиссино, шаьш 2021-чу шарахь динчу дIахьедарехь. Талламан авторша хьийхира Вашингтонна, Нохчийчоьнан зорбанан, хаамийн министрана Дудаев Ахьмадна санкцеш тохар.
  • Стигалкъекъа-баттахь Кадыров Хьамзатна Росгвардин республикерчу урхаллин "Дакъа лацарна" олу мидал йелла. "Къоман гвардина тIедехкина декхарш кхочушдарехь билгалбевллачарна" луш йу иза. Мехкан куьйгалхочун гергарчу стагана урхаллин совгIат хIун дарна йелла, хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG