ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн вешин кIантана "Даймахкана хьалха хьуьнарш гайтарна" мидал йелла


Кадыров Хьамзат а (аьрру агIор), Кадыров Рамзан а
Кадыров Хьамзат а (аьрру агIор), Кадыров Рамзан а

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан 26 шо долчу вешин кIантана, цуьнан хьехамча-гIоьнча а, республикехь вице-премьеран а, даьхнийн а, латтийн а министран а даржашкахь волчу Кадыров Хьамзатна II-чу тIегIанера "Даймахкана хьалха хьуьнарш гайтарна" цIе йолу мидал йелла – ишта омра арахецна Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира.

Билггал стенна йелла йу цунна иза, дуьйцуш дац – кехатехь йаздинарг ду "шен балха тIехь кхиамаш бахарна а, дуккха а шерашкахь даггара къахьегарна а" – и совгIат кхочуш болчу иттанаш наханна йаздо и дешнаш.

Стигалкъекъа-баттахь Кадыров Хьамзатна Росгвардин республикерчу урхаллин "Дакъа лацарна" олу мидал йелла. "Къоман гвардина тIедехкина декхарш кхочушдарехь билгалбевллачарна" луш йу иза. Росгвардин Нохчийчуьрчу урхаллин куьйгалхочо, инарла-майор волчу Делимханов Шарипа "дика гIоьнча санна гайтина" Кадыровс ша, элира.

Кадыров Хьамзат Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамча-гIоьнча хIоьттира кху шеран охан-баттахь. Чиллин-беттан йуьххьехь Кадыров Хьамзат вице-премьеран дарже хIоттийна, ву иза Нохчийчоьнан бахамийн, латтанийн гIуллакхийн министр a. 2021-чу шеран марсхьокху-баттал хьалха иза вара Нохчийчоьнан культурин, спортан, кегийрхойн политикин министраллин куьйгалхо. 2022-чу шеран гезгмашин-беттан чакхенгахь Кадыровc вешин кIант шен секретариатан куьйгалхо санна вовзуьйтура.

Кадыров Хьамзата чекхйаьккхина ЦIоьнтарара хьафизийн школа. ТIаьхьо цо дийшира Нохчийн университетерчу пачхьалкхан куьйгаллин факультетехь.

Мангал-баттахь Кадыров Хьамзата шен социал-машанашкарчу агIонашкахь дIахьедарш дира, "нохчийн ламасташ цалардечарна" кхерамаш туьйсуш. Цо билгалдаьккхира, Iедалхоша гIарола дийр ду цу тайпачу агIонийн, "низамах боьхнарш" жоьпе узур бу аьлла. Дуьйцург билггал муьлха низам ду - хууш дац. Оьрсийчоьнан низамехь цу кепарчу жоьпаллин бух банне бац.

  • Иттанашкахь болу республикин куьйгалхочун гергара нах Нохчийчоьнан Iедалерчу даккхийрачу даржашка дIахIиттош бу. Шен нахана карьера йеш ша гIо дар цунна хIумма доьхна ца хета. "Со тешшарш дIахIиттабо-кх аса", – бехира Кадыровс.
  • Iедалерчу даржашка хIиттийна цуьнан бераш, йижарий, невцарий, вешин, йижарийн бераш, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалии редакцино беххачу могIанца охьабазбина Iедалан лаккхарчу даржашкахь болу Кадыровн гергарнаш.
  • 2018-чу шарахь "Би-би-си" гIирсан оьрсийн сервисо дагардарца, Нохчийчуьра 158 лакхарчу хьаькамех 30% - Кадыровн гергарнаш бу. 2021-чу шарахь Кадыровн 22 шо долчу йоIах Нохчийчоьнан культурин министр хилира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG