Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIарий а, йоьIарий а, "доьзалера кхинболу декъахой а" тIеман кечамех чекхбовлу, дIахьедира зорбанан, хаамийн министро Дудаев Ахьмада. Хьалхо Кавказ.Реалии редакцино хеттарш динчу бакъоларйархоша дийцира бераш тIеман пропагандина йуккъеийзор "шоу-проект" хиларах, и тайпа пропаганда махкара бахархой "лаамечеран" тобанашка дIайазбалийта йолийна хиларах а.
Кадыровн бераш тIамана кечдеш хиларах Дудаевс дIахьедира "Оьрсийчоьнн спецназан уноиверситет" олучохь ша пресс-тур йечу хенахь. Цу университетехь кечбеш бу Украине дIахьежош болу йолахой. Видео тIехь 15 шо долчу Кадыров Адама полигонехь Iалашонна хьежош герз кхуьссу. Цу видеохь гуш ву республикин куьйгалхочун воккхахволу кIант 17 шо долу Кадыров Ахьмад (Оьрсийчоьнан кегийрхойн берийн боламан меттигерчу декъан куьйгалхо), иштта вара цигахь мехкан куьйгалхочун вешин кIант а, ницкъахойн декъехь цуьнан гIоьнча волу Кадыров Хьамзат а.
Гурахь Кадыров Рамзана дийцира, шен кIенташа Украинерчу тIамехь дакъалаьцна бохуш. Цунах йаьхна видеош дIахIиттийра цо. ТIамехь йаьхна йу бохуш. ТIаьхьо гучуделира, видео тIом боцчу меттехь йаьккхина хилар. "ТIом дIабаьхьна меттиг" шен локацица цул хьалха Кадырова Iайшат хиллачохь йара.
Кадыров Рамзанан бераш тIамана кечдеш ду бахар йуккъерчу аудиторина тIедерзийна хиларах дийцира оьрсийн политолого, политикин Iилманийн кандидато Преображенский Ивана.
Кадыров Рамзана сих-сиха дIахьедо ша Нохчийчуьра Украине рогIера "лаамерниш" дIахьовсорах. Хьалхо ша политико олура республикера хIора кIирнахь тIамана 200 стаг кечво.
- "Оьрсийчоьнан спецназан университетах" тесна Гуьмсехь схьайиллинчу центрехь Нохчийчохь кхелхинчу низамхойн бераш Iамор ду.
- "Оьрсийчоьнан спеназан университетехь" дIабаьхьира керлачу тоьпан гайтам. Дийцарехь, оьрсийн Bespoke Gun герзанчийн компаница цхьаьна йина йолчу. Цу компанин долахо ву Кужель Владислав. Чайка Артеман хилла белхан накъост. Артем Чайка - Кадыров Рамзанан хьехамча, Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказерчу векалан Чайка Юрийн кIант.