Danone компанин Оьрсийчуьра дакъа схьаоьцур ду Нохчийчоьнан куьйгалхочун йишин кIанта Закриев Якъуба (ИбрахIима) а, Казанера шурин сурсаташ йухкучу "Вамин Татарстан" компанин куьйгалхочо Мингазов Минтимира а. Казанера уггар а баккхийчу совдегарех лоруш ву иза. Цунах лаьцна хаамбина компанина уллорчу хьастана тIетевжина "Ведомости" гIирсо.
Газетан хаамашца, Danone активаш шина агIоно цхьатерра йоькъур йу, амма "кехаташ тIехь" йаздийр дац цунах, документаш тIехь къайлахьур ду и. Мича мехах оьцуш йу цкъачунна къастийна дац, дийцарш дIахьош ду. Оьрсийчоьнан Danone декъан мах 17,7 миллиард сом бу, йаздо "БИЗНЕС Online".
"Коммерсантан" журналисташна хетарехь, "Вамин Татарстан" компанин шина фирмехула мах бийр болуш бу: "Вамин Р" а, "Вамин Снаб" а. "Спарк" системин зерашца, шина а компанина регистраци йина 2023-чу шеран гезгамашин-беттан 25-чохь. Цу йукъара 1% акцеш Нохчийчоьнан йуьртбахаман хиллачу министран, 31 шо долчу Алисултанов Русланан йу.
Казанера уггар а хьал долчу 40 стеган могIаршкахь вара 29 шо долу Мингазов Минтимер стохка, цуьнан йоллу компанийн цIена активаш, официалан хаамашца, 1,7 миллиард соьмана йу.
Закриев Якъуб – Нохчийчоьнан вице-премьер ву, Кадыров Рамзанан йишин Кадырова Зулайн кIант а.
Росимущество урхалле "Данон Россия" компанин 83 миллиард акцеш а, "Данон Трейдан" 85 эзар акци а стохка товбеца-баттахь дIайеллачул тIаьхьа компанин куьйгалла дан хIоттийра Закриев. Ткъа кIира хьалха дакъа пачхьалкхан доладерзош бина сацам йухабаьккхира президенто Путин Владимира
- Danone – шурин сурсаташ а, кхинйолу йуург а арахоьцу францхойн гоьйаьлла компани йу. Дуьненара 140 сов пачхьалкхашкахь болх беш йу и. Оьрсийчу кхаьчнера Danone 1992-чу шарахь. 2022-чу шеран чиллан-баттахь Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал тIом болийначул тIаьхьа Danone компанино пачхьалкхера шайн болх сацийра, йерзийра инвестицин шайн проекташ а.
- Компанийн активаш ханна Росимущество урхалле дIайалар национализаци йар лору. Оьрсийчоьнан Iедалхошна иштта ца хетара и. Цара кхетадо цунах, формалехь активийн долахой хьалхалера бу, амма цу активех пайдаэца церан йиш йац аьлла.
- Тоххара Закриев Якъуб вице-премьер а, Нохчийчуьра йуьртбахаман министр а вара. Стохка лахьан-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа цунна а, цуьнан дена Закриев Салманна а – Нохчийчоьнан парламентан спикеран хьалхара гIовс ву иза -дуьхьал санкцеш йехира.