Суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин хIусамнана, нохчийн оппозиционерийн нана йу Мусаева Зарема. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цуьнан доьзалхой террорхой бу элира, чIагIо йира цара дуьйцу къамелаш, оппозицин пабликехь нахаладоху йозанаш а царна мерах дохур ду ша аьлла. 2022-чу шеран дечкен-баттахь муьлш бу цахуучу наха лачкъийна дIайигира Мусаева Зарема ша йехачу хIусамера. Кхо шо гергга хан йу иза чохь латтош йолу, дуьйцу "Настоящее Время" телеканало.
Маьршачу нехан духарш доьхна нохчийн ницкъаллин структурийн белхахой пенсехь волчу федералан суьдхочун Янгулбаев Сайдин Лаха Новгородера петар чу лилхира 2022-чу шеран дечкен-беттан 20-чу сарахь. Суьдхочун тIекховда йиш йоцу статус хиларна, хIусамчуьра бертаза аратакхийра цуьнан 52 шо долу хIусамнана Мусаева Зарема.
Ӏаьнан заманахь бевзаш боцчу наха когахь мачаш а, тӀехула бедарш а йоцуш зуда дIайуьгуш гойту видео цу сохьта йаржийра машанехь. Амма Лахарчу Новгородера полицин цхьана а агIор аьтто бацара Мусаева Заремин доьзална гӀо дан. "ВорхӀ стаг чуван ларийра. ТуьтмIаьжгаш йоьхкина бара уьш, мажош йолу нах бара, нохчийн амттахь дора цара къамел", - дийцира Мусаеван йоӀа Янгулбаева Алияс.
Суьдхочун хIусамнана нуьцкъаша дIайигира Нохчийчу, цхьана гIуллакхца доьзна тоьшаллаш дайта аьлла. Мусаева лачкъийна 16 де даьлча бен аьтто ца хилира цуьнца цхьанакхета адвокатийн. Зарема бехкейинера полисхочунна дуьхьало йарна а, бозбуунчаллаш лелорна а. Прокуроро пхи шо ах шой хан тохар дийхира цунна йукъарчу хьелашкара набахтехь такха. Таллам бечу муьрехь зудчун могушаллин хьал телхинера.
"ХIара политикан гIуллакх хилла а ца Iа, хIара тахана Кадыров Рамзана а, цуьнан гIоьнчаша а адам кхин дIа а кхерамехь латтон Iалашонца пайдаоьцу политикан диктатурин гIирс бу. Сан ненан гIуллакх, суна-м ца хаьа, цунах лаьцна муха дуьйцур ду а. Иза балехь латтош йу, цуьнан доьзалхой – цхьаъ бакъоларйархо, важа политикан оппонент йа оппозиционер эр ду ас, хиларна. Оцу тIехула иза йийсаре лаьцна йу. Иза а диллина лелош хIума ду! Кадыровс йа и лечкъа а ца до", - боху Мусаеван кIанта, бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара.
Мусаева Заремин а, Янгулбаев Сайдин а кӀентий бевзаш болу нохчийн жигархой бу. Янгулбаев ИбрехӀим оппозиционер а, хаддаза Кадыров Рамзанан критика йеш схьавогIуш а ву. 2022-чу шеран Ӏаьнан муьрехь Янгулбаев Сайдис дийцира "Настоящее Время" телеканале, шен жимахволчу кӀантана Кадыровн резиденцехь йиттина хиларх лаьцна.
Воккхахволу кӀант Янгулбаев Абубакар - нохчийн бакъонашларъярхо ву, хьалхо "Ӏазапна дуьхьал комитетан" юрист вара иза. Шен нана лаьцна шо кхочуш, массарна а хезаш вистхилира иза Кадыров Рамзане, Зарема шеца хийцар тIедожош: "Кадыров, нагахь санна, хьуна хьуо хIокху пачхьалкхехь дош лелаш, доьналла долуш хеташ велахь, хьо иза маьршайаккха декхаре ву. Вай долчахь лелаш тIеман бакъонаш хиларна, Оьрсийчохь лелаш низамаш дацарна, суна дуьхьал хийцахьа иза. Ма хьебе зударий. Цуьнан мета со дIалаца".
ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал лаьттачу хIокху йоллу заманчохь нохчийн Iедалхошкара кхерамаш кхочура цаьрга нохчийн лаккхарчу даржхошкара а цхьана.
"Дийнна цхьа кампани йара и, митингаш дӀахьора, гергарнаш хьийзабора, экстремистийн а, террорхойн а дӀахьедарш деш: цӀий Ӏанор ду, вуьйр ву бохуш, лаьттах вуллур ву, кортеш дохур ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш", - дуьйцура Абубакара. Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь кхерамаш тийсира ЯнгулбаевгӀеран доьзална: "Бакъоларйаран органаша шайн болх эхь-бехкаца кхочушбо, ткъа шаьш "бакъонашларъярхой" ду боху цхьа тоба цIийзаш лела низам дохийна бохуш… Ас дӀакхайкхадо, оцу доьзална меттиг йа набахтехь, йа лаьтта бухахь бу".
Пачхьалкхан Думин депутато Делимханов Адама нохчийн маттахь дош делира, доьзалан декъашхойн а, иштта шен кхерамаш оьрсийн матте гочбийр болчу нехан а кортош дохур ду шаьш аьлла. Соьлжа-ГӀалин йуккъехь 2022-чу шеран чиллин-беттан 2-чу дийнахь массо а гулбелла митинг йара, цигахь Нохчийчоьнан муфтийс гулбеллачаьрга дӀахьедира, ЯнгулбаевгӀара динца болчу нехан синхаамаш сийсазбо аьлла. Доьзална неӀалт кхайкхош, божарша церан суьрташ когашца хьийшира.
Адвокат Немов Александр а, журналист Милашина Елена а кеманца Соьлж-ГӀала кхечира Мусаева Заремина таIзар кхайкхочу кхеташоне дан Iалашонца. Церан машенна тӀелатар дира муьлш бу ца хуучу наха, адвокатна а, журналистана а къиза йиттира. Милашинина диагноз хӀоттийнера, хьен туьта лазийна аьлла, ишта пӀелгаш кегдинера цуьнан, зудчун корта а баьшна, баьццара коьчал тIейоьттина хиллера. Немовна къизаллица йиттинера, когах урс а тухуш. Амма оцу дерригено а новкъарло ца йира кхелана. Соьлж-ГӀаларчу Ахматан кIоштан кхело пхи шой ах шой хан кхайкхийра Заремина набахтехь йаккха. ТӀаьхьо хан хийцира 4 шаре а, 9 батте а хан охьа а йоккхуш. Кхело шен сацам дӀакхайкхийначул тӀаьхьа, адвокаташкахула кехат деллера Мусаева Заремас йиттинчу Милашине а, Немовга а йаздина: "Саша, сихха метта воьллахь.. Леночка, дукхайахарг, сатохалах".
"Иза набахтехь йу, шена эвсара, уггаре а коьртаниг, пайде лоьрийн гӀо хила некъ боцчу. Къуркъал а, диабет лазар а ду цуьнца, бIаьргашна лацайелла марха а йу де дийне кхуьуш. Оцу хьелашкахь гергарчу маьршачу дарбан цӀийне бен кхача йиш йац цуьнан, цигахь а медицинан спектр йац. Иза баккъалла а маршоне сатуьйсуш йу. МуьтIахьалла дац цуьнца. Низамехь доцуш чуйоьллина йу иза", - бохуш, кхетийра Янгулбаев Абубакара.
Шена дехкинчу бехкех цхьа а тIеоьцуш бац Мусаева Заремас. Бакъоларйаран "Мемориал" центро политикан тутмакх йу иза аьлла, дIакхайкхийна. Бакъонашларйархой тешна бу нохчийн вежаршна-оппозиционерашна тIаьхьабовлар пролитикан бух болуш хиларх, адвокаташа дIахьедо и гIуллакх шайггара кхоьллина ду бохуш.
- 2023-чу шеран гIуран-беттан 12-чохь хенал хьалха Мусаева Зарема колонира арайалийта аьлла, динчу дехарна дуьхьало йира. Оцу сацамна латкъам бинера, кхело апелляцихь йухабаьккхира иза, хьалхарчу кхелан инстанци дIахьажийра иск йуха листийта.
- 2024-чу шеран аьхка гIуллакх йуха листинчул тIаьхьа кхело дуьхьалойар хийцаза дитира. Кхело дуьхьалойаран бахьанаш лерира Мусаевас бехк тIелаьцна цахилар а, ша дина зен меттахIоттийна цахилар а, Мусаева колонихь профилактикан чоьте йазйина хилар а.
- "Ахмат" спецназан цхьахдолчу декъан командиро Батукаев Зелимхана кхерамаш тийсинера оппозицин нохчийн NIYSO боламан векална. Нохчийчуьра цуьнан долахь долчу цӀенна хьалха хIоьттина, Батукаевс видео йаьккхира, жигархочуьнгара керт-ков схьадоккхур ду ша, "цуьнан тайпа-тукхам лоллур ду" ша аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхочун боллу критикашна кхерам бу аьлла, тIеоьцийла ду цуьнан дIахьедар, бохура Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа.