ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровна хьалха бехказваьлла". ТаIзарехь ваьллинчу нохчийн ницкъахочух Оьрсийчоьнан Турпалхо муха хилла


 Алаудинов Апти ву Украинехь тIеман тийсдаларш дIахьочу юкъанна
Алаудинов Апти ву Украинехь тIеман тийсдаларш дIахьочу юкъанна

Нохчийчухула йолчу МВД-н министран гIовс лаьттина волу Алаудинов Аптина Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа белла – цул а цхьа бутт хьалха республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана регионерчу кхерамазаллин Кхеташонан секретарь хIоттийра иза. Юха а Кадыровн уллерчу гоне кхача бахьана хIоьттина паччахьан оьгIазаллина кIелахь хилла волчу ницкъахочунна Украинера тIом. Алаудиновн карьера муха кхуьуш яра, масех шарна шен куьйгалхочун цабезамна кIел стенна нисвеллера иза, дийцира Кавказ.Реалиига бакъоларъярхоша.

2019-чу шарахь 49 шо долчу Алаудиновс вуно кхиаме карьера кхоьллинера шена: исс шарчохь лейтенант волчура, полицин инарла-майоран дарже кхаьчна иза. Делахь а, бакъоларъярхоша а, оппозицин жигархоша а масийттаза дIахьедира, шен балхахь кхиамаш даха луучунна кхи башха чIогIа говзалла хила ца оьшу республикехь, - Кадыровн уллерчу гонера хилча а кхачам хуьлу.

Алаудинов Апти, Кадыров Рамзан, Алханов Руслан а
Алаудинов Апти, Кадыров Рамзан, Алханов Руслан а

Алаудиновн карьеран кхиам 2000-чу шерашкахь нисбелира: 2006-чу шарахь оперативан-латаран "Горец" тобанан хилла буьйранча Байсаров Мовлади бехкевира цо МусаевгIеран доьзал берна, чIагIдарехь, цо иза шен вешех чIир йоькъуш динера. Нохчийчухула йолчу МВД-с федералан лехамашка велира Байсаров – кхо де даьлча нохчийн оперативан тобанан белхахоша герзаца вийра иза Москвахь. 2009-чу шарахь Алаудинов меттигерчу юстицин урхаллан куьйгалхо хIоьттира, оцу шарахь дехьавелира иза криминалан полицин куьйгалхочун дарже. 2011-чу шарахь юстицин министран гIовс хIоьттира, кхин а шо даьлча инарлан погонаш тIе а юьйхира.

"Кадыровн тобанна" юкъара дIаваккхар…

Дуьххьара Алаудинов балхара дIаваккхарх дийца долийра 2019-чу шарахь – тIаккха "Новая газетано" шен хьасташна тIе а тевжаш текст арахийцира, Кадыровс Москвахь Нохчийчухула волчу МВД-н министран гIовс хийцоран хаттар дийцаре дина хиллера, бохуш. Нохчийчоьнан куьйгалхочо и хаам харцбира.

Оппозицин жигархочун, "Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" куьйгалхочун исторехь а гучуваьллера Алаудинов – 2015-чу шарахь важа лаьцнера харц гIуллакх а даьккхина. Бакъоларъярхойн хаамашца, хеттарш дечу юкъанна Кутаевна тIехь ницкъ бина Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада а, иштта ша Алаудиновс а, оцу хенахь республикехула йолчу МВД-н министран гIовс вара иза.

"Даудов Мохьмад а, Нохчийн Республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс Алаудинов Апти а… сан дерриг дегIа тIе а, коьрта тIе а когашца, куьйгашца а етта волавелира. ТIаккха со кхетамчуьра велира…", - дуьйцу Кутаевс цигахь хилларг. Амма кхелехь Даудовс, Алаудиновс харцдира шайна дехкина бехкаш.

Алаудиновера кхерамех лаьцна иштта хаамбора Кенхи эвларчу дагестанхойн жигархочо Джалалдинов Рамазана. Цо бахарехь, йийна йолчу нохчийн бакъоларъяхочун Эстемирова Натальяна хилларг хир ду, бохуш кхерамаш тийсинера Алаудиновс цунна, иза шен юьртан проблемех дуьйцучара ца сацахь.

Нохчийчухула волчу МВД-н министран гIовсас иштта дакъа лаьцна Кадыровн критикаш гуш-хезаш ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан эфирехь сийсазбарехь. Цхьадолчу къамелехь цо шен куьйгкIеларчарна тIедиллина, "террорхочух, экстремистах тера вогIучунна хIуъа де", аьлла.

Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан белхахой
Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан белхахой

Амма Алаудинов декъехь волчу скандалех уггаре а зевне хилира Кадыров Ахьмадан цIарахчу ППС-н полкера хилам: 2017-чу шарахь "Новая газетано" арахийцира оцу Соьлжа-ГIаларчу полкан ларми чохь 27 стаг верна тIехула бина таллам. ГIирсан хаамашца, царна герзаш деттачу хенахь Алаудинов оцу хьукматан дозанехь хиллера.

Алаудиновна тIехула мархаш гулъелира 2019-чу шарахь – Кадыровна дуьхьал къайлаха бартбар гучудаьлла, бохуш къамелаш дуьйладелира Нохчийчохь, цигахь дакъа лаьцнера, дийцарехь, Устрада-ГIалин мэро Тимирбиев ИбрахIима, парламентан депутаташа Гаибов Идриса, Магомаев Шемала а, Хьалх-Мартанан куьйгалхочо Абдурешидов Валида а, ОМОН-н хиллачу куьйгалхочо Ахмадов Артура а, хьаннийн бахаман министра Мулаев Дикмохьмада а, вице-премьер хиллачу Вайханов Халида а, республикерчу ГИБДД-н куьйгалхочо Денилханов Шамхана а, иштта ша МВД-н министран гIовсас Алаудинов Аптис а. Ши шо даьлча, 2021-чу шеран зазадоккху-баттахь, Алаудинов Нохчийчухула йолчу МВД-н министран гIовсан даржера дIаваьккхира.

… юхаверзар а

Украинера тIом боьдучу юкъанна Алаудинов юха а гайта волийра нохчин телехьожийлехь, иштта Кадыровс ша а вуьйцура иза шен арахецаршкахь. Оьрсийчоьнан эскарийн декъехь луларчу пачхьалкхана дуьхьал тIом бан оьхучу, шайх лаамхой олучу нахах лаьтта "Ахмат" батальонна куьйгалле хIоьттира Алаудинов Апти. Кадыровн телеграмерчу каналехь Алаудиновн "толамех" лаьцна чоьташ гучуюьйлура, иштта кхин зевне дIахьедарш а.

Алаудиновна шена а лиъна хир ду Украине ваха, Кадыровна хьалха "реабилитаци" ярхьама, аьлла хета бакъоларъярхочунна, "Iазапашна дуьхьало латточу Комитетан" хиллачу белхахочунна Янгулбаев Абубакарна, цунна шена вевзаш ву Алаудинов.

"Цо суна официалехь а доцуш хеттарш дина 2015-чу шарахь. Ларам боцуш, тIехула хьоьжуш лелара иза. Цхьайолчу версица, Нохчийчухула волчу МВД-н министран гIовсан даржера дIаваьккхира иза дукха къаьркъа меларна а, ледара болх барна а", - дагадоуьйту Янгулбаевс.

Цунна хетарехь, регионан кхерамазаллин Кхеташонан секретаран дарж кхин дIоггара лакхара дац: юридикан агIор а, йа вуьшта а, Алаудиновн таронаш хир яц Нохчийчохь лелачу хиламашна цхьана агIор Iаткъам бан. Амма къамелдечунна хетарехь, оцу гIуллакхо гIо дийр ду министран гIовс хиллачунна Кадыровна хьалха шен репутаци меттахIотто.

Алаудинов кхерамазаллин Кхеташонан секретарь хIоттор – иза Кадыровна хьалха шен бехках цIан а велла, юханехьа тобана юкъавеана хиларан билгало ю

Янгулбаевс бохучунна реза ву нохчийн оппозицин блогер Абдурахманов Тумсо, цо шеконашца тIелоцу Алаудинов юха а вийца волийна хилар. Цо бахарехь, Нохчийчохь "стеган маьIналла цо дIалаьцначу даржо билгалъяккхарна меттана, ша стага хIоттабо оцу даржан йозаллин барам".

"Масала, республикан парламентан куьйгалхочун даржехь Абдурахманов волучу хенахь а (Абдурахманов Дукхваха Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхо вара 2008-чу шарера 2015-чу шаре кхачалц. – Редакцин билг.), Даудов волучу хенахь а вуно тайп-тайпана ду оцу даржан маьIна. Даудовн куьйгкIелахь парламентах низамаш кхолларан хьукмат хилла а ца Iаш, уьш кхочушдаран а, ур-атталла ницкъаллин хьукмат хуьлуш лаьтта. Цундела Алаудинов кхерамазаллин Кхеташонан секретарь хIоттор – иза Кадыровна хьалха шен бехках цIан а велла, юханехьа тобана юкъавеана хиларан билгало ю", - дIахьедо Абдурахмановс.

Нохчийчуьрчу полицин куьйгаллера иза дIаваккхаро гойту, иза цанхьа вуно чIогIа бехкала вахна хилар а, "Кадыровн тобанера" дIаваьккхина хилар а, хIинца шен къера хилар гайта аьтто бу цуьнан, боху Нохчийчохь болх бинчу "Iазапашна дуьхьало латточу Комитетан" куьйгалхочо Бабинец Сергейс.

Кадыровхой Украинехь
Кадыровхой Украинехь

"Суна хетарехь, Апти оцу ойланашца вахана Украине. Хетарехь, хьуьнарш гайтина цо, иза оцу дарже хIоттийнехь. Схьагарехь, иза дукхачу хIуманна кийча вара. Ишттачу тIегIанерчу хьаькамашца дуьстича, дуккха а нохчийн хьаькамаш шай-шайн чорпеш чохь кхехка безаш хуьлу. Кхечу регионашкарчу оцу тайпа даржашка шаьш хIиттор бу аьлла даха дог ца хуьлу церан. Цундела, шайн дарж карара даьлча, уьш, доккхачу декъанна, даймахкахь буьссу, тIаккха Кадыровна хьалха шайн муьтIахь хилар гайта меттигаш лоьху, юханехьа церан тобанна юкъа шаьш эцийта", - чекхдоккху Бабинеца. Цо тIетуху, Кадыровн хьалха "кхин башха боккха харжам бац".

Хьалхо Нохчийчуьрчу Кадыровн режиман критикаша дIахьедира Кавказ.Реалиига, Алаудинов Украинерчу тIаме "бехказваларан миссица" хьажийна. "Луганскан агIонехьа жоьпаллехь верг" шех олучу Алаудинов Аптис Северодонецкерчу украинхойн офицерана йинчу чевнех бехк ца биллар дийхира. ТIаккха Кадыровс оцу постана комментарий еш элира "бехказвийла хьашт дац".

  • Алаудинов Американ пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре ваьккхина ву. ТIаьхьо Латви махка кхачар дихкира цунна. 2020-чу шарахь Великобританино а ехира нохчийн ницкъахочунна дуьхьал санкцеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG