Нохчийчоьнан парламенто цхьаэшшар тIелаьцна республикан Конституцехь хийцамаш бар. Регионан куьйгалхочун даржан цIе нохчийн маттахь билгалйоккху оцу хийцамаша – "Мехк-да". "Мехкан да" бохург "къоман да" санна леладо, делахь а, цуьнан ма-дарра маьIна кхин ду.
Иштта коьртачу низаме кхин а хийцамаш бина, цаьрца а догIуш, республикан куьйгалхо Конституци а, адамийн, бахархойн бакъонаш а ларйайтаран гарант ву, низам а, кхерамазалла, Нохчийчоьнан цхьаалла а, цуьнан чохь машар а, барт а ларбайтаран бакъонаш ло цуьнга, дуьйцу ЧГТРК "Грозный" зорбано.
Конституцин низам луьстуш, иза тIеоьцуш цхьа бутт ца баьлла – Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада а, кхин а 20 депутато а дечкен-беттан 12-хь регистраци йира цунна.
- Кадыровна "мехкан ден" чин даларх болчу хаамна зорбанаша тIе тидам бахийтича, Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адама къобалдира ишта хийцамаш бар, амма дIахьедира, и дешнаш нохчийн маттера оьрсийн матте даьхча – "лаккхара мехкан даржхо" хуьлу аьлла. "Нохчийчоьнан Куьйгалхочун декхарш, дин, къам, цуьнан интересаш, культура, истори, ламасташ, гIиллакхаш лардархо иза хилар билгалдоккху "Мехк-Да" бохучу чулацамо", - тIетоьхна Делимхановс.
- 2022-чу шеран гIадужу-баттахь Дагестанан къоман гуламан депутаташа хийцамаш бира республикан Конституцехь. Масала, цара Дагестанан куьйгалхочунна тIерадоккху "цхьаалла а, республикан дозанан цхьаалла а ларйаран" декхарш. Дагестанерчу дуккха а бакъоларйархоша, юристаша, йукъараллин а, политикан а гIуллакххоша критика йира оцу хийцамашна. Хийцамаш хилале хIоттийна долчу горгачу стоьле ца бахкийтира оцу хийцамашна дуьхьал болу нах.
- Цхьаболчу жигархошна а, эксперташна а хетарехь, Нохчийчоьнна а, Дагестанна йукъара доза къовсаме ду. Масала, 1994-чу шарахь нохчашна депортаци йиначул тIаьхьа, Аухован кIоштан хаттар дац листина – иза меттахIотторан хаттар Нохчийчоьно 1990-чу шарахь дуьйна дуьйцуш ду.
- 2018 шеран гезгмашин-беттан 26-хь Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанех бертан куьйгаш йаздира регионийн куьйгалхоша Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а. Бинчу берто митингийн тулгIе гIаттийра ГIалгIайчохь.
- Нохчийчоьнан куьйгаллхеь ву Кадыров 2007-чу шарера схьа дуьйна. ХIетахь дуьйна масийттазза бехкевора иза адамийн бакъонаш талхорна, цунна луьйш берш лечкъорна а, байарна а жоьпалла политикна тIе а дуьллуш. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал санкцеш йаьхна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евроберто а. Оьрсийчоь шуьйрачу тIамца Украине чугIоьртинчу тIаьхьа Кадыровх уггар а коьрта тIеман пропагандист хилира,регионан урхалхочо кест-кеста дIахьедо йолахой тIамтIе хьийсорах, кхерамаш туьйсу президентана Зеленский Владимирна. Цул совнах, Оьрсийчоьно зарратан герзах пайдаэца тардаларх а хьахийра цо.