Дахаран хьелаш тоделла догIуш хиларца 2022-чу шарахь Нохчийчоь итт тоьллачу регионийн могIаршкахь нисйелла аьлла дIахьедина меттигерчу хьаькамаша. Оцу юкъанна билгалдоккхура, регионо кхиамаш гойту кеп-кепарчу дакъошкахь бохуш– официалан Оьрсийчоьнан статистийн зерашца бIостане делахь а.
Чиллан-бутт юккъе баьллачу хенахь Нохчийчохь рогIера парламентан кхеташо хIоттийра мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана дакъа а лоцуш. Масех хьаькам вистхилира цигахь, иштта дош элира Алханов Адама а – цо дIахьедира, республика борхIалгIачу могIарехь ю Оьрсийчоьнан регионашлахь дахаран хьелаш дика хиларца аьлла. Шен къамелехь Алханов тIетевжира пачхьалкхан "Агентство стратегических инициатив" (АСИ), компанин керлачу талламна, амма билгал ца даьккхира, бахархошка хеттарш динчул тIаьхьа иза хIоттош хилар.
Иштта Нохчийчоьнан "Iаламат баккхийчу кхиамех" лаьцна дийцира Нохчийчоьнан зорбанан министро Дудаев Адама а. Шен телеграм-каналехь цо пайдаийцира хьахийначу рейтинган жамIех рожан критикашна жоп лучу хенахь: меттигерчу Iедалхошна тIе нехаш хьекха лаьа царна, регионехь цара баккхий кхиамаш бахарна аьлла.
"Оха тергалдо социалан-экономикан кхиарехь Нохчийчоьнан республикехь Iаламат баккхий кхиамаш хилар. Тхуна гуш ду, регионо хьалхара позицеш дIалоцуш хилар дуккхаъчу Оьрсийчоьнан дикачу рейтингашкахь", - элира хьаькамо.
Делахь а, цуьнан дешнашца цхьаьна ца йогIу официалан Оьрсийчоьнан статистика. АСИ-н талламашца цхьана зорбане даьккхира РИА "Рейтинго" Оьрсийчоьнан регионашкарчу дахаран хьелех ша хIоттийна рейтинг. Цу тIехь Нохчийчоь 85 хила тарлучу меттигашлахь 67-чу меттиге йазйина. Талламбина коьртачу статистикан Росстат органан хаамаш тIехь. ХIора регионера цхьа могIа факторш йара лоруш: бахархошна тIебогIу пайда, белхан меттигаш хилар, дахаран хьелаш, вехачу меттигера кхерамзалла, демографин хьал, экологин а, климатан а хьелаш, иштта кхин дIа дерг а.
Хаза, нийса кехаташ йаздан, шуна хууш ма-хиллара, дIоггара хьекъал ца оьшу
Кавказ.Реалиин редакцино дехар дира РИА "Рейтинган" а, АСИ-н талламашна юкъарчу башхаллех лаьцна дийца аьлла экономикан жамIашна тIехь терго латточу говзанче. Шен цIе а ца йоккхуш, цунах лаьцна дийца реза хилира иза.
"Дукха хан ю РИА-с рейтингаш хIиттош, чIогIа корматаллица а до цара и, шайн методика ю церан жамIийн гайтамаш зуьйш, церан хьесап деш. Цундела РИА-н рейтингийн мехалла дикка лакхара ю. АСИ-н рейтингаш – и кхин хIума ду, коньюнктурин. Тоххара цигара методологи дукха хьолахь совдегаршка динчу хеттаршна тIехь хIиттийна йара. И хеттарш Нохчийчохь муха деш ду, кхетийла ду", - дийцира аналитико.
Цуьнан дешнашца, АСИ-н талламашкахь пайдаэцна хила тарло регионийн нормативан базех: "Хаза, нийса кехаташ йаздан, шуна хууш ма-хиллара, дIоггара хьекъал ца оьшу. Кхечу агIор аьлча, адамаша ахча карадерзадо".
Оьрсийчоьнан демографо Ракша Алексейс Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь а иштта билгалдоккху, АСИ-но арахоьцу талламаш политикан интересаш тIехь кечбина бу: "Агентство стратегических инициатив – иза еккъа политика ю, билггал долчуьнца йоьзна а йоцуш. РИА-н рейтинг бакъдолчух тера ду. Мухха йелахь а кепаш [талламбаран], дахар эвсара хиларца бархIолгIачу меттигехь Нохчийчоь хуьлийла дац цхьана а агIор".
Экономисто, МГУ-н географин факультетан профессор Зубаревич Наталья дуьхьал хилира шина Оьрсийчоьнан рейтингийн башхаллех лаьцна ала, шена уьш "дош ца хета къаьсттина хIара [АСИ]".
Кхиамаш –Кадыровн авторитет бахьана долуш?
Нохчийчуьра дахаран дикаллех рейтинг – цхьаъ хилла ца Iа урхалхойн кхеташонехь дийицинчух. Вице-премьеро Алхановс иштта дийцира, республикехь кхаа шарера ворхI шаре кхаччалц долчу берийн бошмаш 100 процент ю аьлла – йоллу пачхьалкхехь а "уггар а тоьллачех ду и жамI" аьлла. Оцу юкъанна изза гайтам, дешаран, Iилманан министраллин лараршца, бу Оьрсийчоьнан йоллу регионашкахь аьлча санна (тептарехь билгалйаьккхинчу 85-х 79).
Кадыровна хьалха дIахьедира иштта бюджетан белхахойн алапа лакхадаларх а. Масала, республикехь юккъера алапа лакхадаьлла 9,7%, хIинца ду и 32 600 сом, чIагIдо шен рапортехь вице-премьеро Алхановс. Оцу юкъанна 2022-чу шарахь, РИА "Рейтинган" талламашца а догIуш, 40 процент Нохчийчуьра бахархоша оьцу алапа 20 эзар соьме а ца кхочура. Шен дIахьедарехь муьлхачу зерашна тIетевжинера хьаькам, хууш дац.
Росстата кест-кеста довзуьйтучу зерашца а догIуш, 2022-чу шарахь Нохчийчохь лидер йелира белхазаллин тIегIехь, ДТП-хь беллачаьрца а, банкрот хиллачаьрца а, хIусам мехах алаца аьтто цахиларца а, уггар а кIезиг ахчанаш банке дахкарца а. Иштта республика нисйелира алапашца нийсо цахиларца а, бахархошлахь къоьлла хиларца а, пенсеш лахара хиларца а къастийначу гIад дайначу регионашлахь. Цунах лаьцна нохчийн Iедалерчу хьаькамаша дIахьедира Кадыровца хиллачу кхеташонехь.
Мелхо а, хьехархойн алапаш тIетухуш хиларх дIахьедира дешаран а, Iилманан а министро Дааев Хож-Баудис. Цо билгалдаьккхира, кху шарахь хьал хийцадала дезаш ду Кадыровн гIо бахьана долуш.
Республикан дуккхаъ йолчу сферашкахь кхиамаш хилар куьйгалхочун авторитет бахьана долуш ду олий, дIахьедо кест-кеста меттигерчу хьаькамаша. Масала, иштта цуьнца буьйзира меттигерчу хьаькамаша шайн позитиве хийцамаш 2022-чу шарахь белхан хьокъехь Москвара Кадыров юхавирзинчул тIаьхьа.
"Масийтта шарахь тхоьга чекх ца дахаделла хеттарш, хьо цига вахар бахьана долуш, хьан авторитет, хьоьга ларам хиларан бахьана долуш чекхдехи-кх ахь. Нохчийн республика кхион кхин а тIе импульс ло цига вахаро", - дIахьедира Нохчийчоьнан премьер-министро Хучиев Муслима.
Уггар а хьомечух ю официалан Нохчийчохь социалан машанашкахь а, зорбанан гIирсашкахь а Кадыров хьехоран рейтинг. И талламбар кхин дIоггара маьIне дац, амма республикан зорбанан министран Дудаев Ахьмадан телеграм-каналехь тIаьххьарчу 11 баттахь 30-х сов пост ю хIоттийна оцу рейтингийн жамIашца. Оьрсийчоьнан боллу губернаторшлахь Кадыровс кест-кеста толам боккху – масала, тIаьххьарчу 19 дийнахь иза хьахийна 184,5 эзарза. Дудаевна хетарехь, оцу кепара иза хьехоро тоьшалла до политикна хетарг мехала лоруш хиларан.
Нацпроекташ: дийцар йа шайна тIеозор
Нохчийчуьра официалан хьаькамаша даим бохург санна билгалдоккху, националан проекташ кхочушйарх дIахьедарехь лидер ю республика, иштта гIишлошйарехь а кхиамаш боху цо аьлла. Билггал меттигерчу хаамийн гIирсаша ца хьахош ца дуьту мел а маьIне йолу гIишло хьалайарх лаьцна, дукха хьолахь гIоьналлина Кадыров Ахьмадан фондан ахчанах дина олу.
Иштта элира цара, масала, Гуьмсан кIоштара нах дIакхалхочу хенахь – и гIишлойар фондо шена тIейазйира. 2020-чу шеран гIадужу -баттахь меттигерчу телехьожийлехь дIакхайкхийра, тховкIело йоцчу нахана керла хIусамаш йекъна аьлла. КIоштан администрацин куьйгалхочун Закриев Сахьабан а, бахархойн а цIарах Кадыровна баркаллаш бохуш гайтира сюжетехь. Оцу юкъанна билгалдаьккхира, и белхаш "Жилье и среда" нацпроектан гурашкахь бина бара аьлла. Оцу Iалашонна пачхьалкхан цIарах хIума оьцучу сайтехь хIиттийна 77 миллион соьмана тендерш йара. Цаьргахула контракташ кхечира "Мегастройинвестана" – Кадыровн фондо юкъайаьккхина компани.
Кхин а цхьаъ гайтаме масал ду бюджетан проекташ Кадыровн гIоьналла ду бохуш санна гучуйахар – Нохчийчуьра Пролетарская станицера. 2020-чу шеран лахьан-беттан 11-чохь Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана ша станице веача телефон туьйхира Оьрсийчоьнан гIишлошйаран а, ЖКХ-н а министре Файзулин Иреке, цуьнца дийцаредира цо юьртахошна федералан программехула, аьлча а, бюджетера ахчанах цIенош де аьлла. Меттигерчу хаамийн гIирсаша 15 сюжет гайтира оцу гIишлошйарах лаьцна дуьйцуш.
Делахь а, 2020-чу шеран гIуран-беттан 2-чохь "Грозный" телеканало дIахьедира, гIишлошйан ахча регионалан "Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо делла" аьлла. Изза дийцира гIуран-беттан 7-чохь, 14-чохь, 18-чохь хиллачу репортажашкахь а.
*Оьрсийчоьнан Iедалхойн органийн рейтингаш юкъахь хила тарло аннекси йинчу ГIирмера хаамаш а.
- Импорт цхьеххьана йожар, белхан гIуллакхаш совцар бахархоша дойу ахча лахдалар, махкара таро йоцу дуккха а нах дIаэхар, болх бан хан йолу кегийрхой тIамтIехь байар – Украинаца тIом болоро йитинчу тIаьхьалонех ду хIара дерриг а. Кавказ.Реалиин сайте дийцира эксперташа, индустри кхиаме йолчу ресурсаш лучу регионех къаьстачу Къилбаседа Кавказан мехкашна тIамо бен болчу Iаткъамах,
- 2021-чу шарахь Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо деклараци тIехь гайтира хилла нолан ял а, юкъара хилла пайда а. 2019-чу шарахь фонде, цуьнан урхаллахоша бахарехь, 6 миллиард сом (цул хьалха 2,2 миллиард) кхаьчнехь а, тIаьххьарчу шина шарахь гойту пайда цахилар. Фондо гайтинчу кехаташца, Iалашонан харжана дайина ахча дац. Оцу юкъанна Украинехь тIом болабелчхьана гIоьналлин фондан ахчанах оьцу кеманаш, бронетранспортераш, тIеман экипировка, иштта гуманитаран гIо дIасадоькъу оккупаци йинчу дозанаш тIехь. Коммерцица йоьзна йоцчу организацино йина чот "тамашен" хета эксперташна.
- США-н финансийн министраллин "Iаьржачу тептаре" язйина Регионалан Кадыров Ахьмадан цIарах йолу фонд "Магнитскийн глобалан актан" буха тIехь.
- Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондана масийттаза критика йира, бюджетан белхахошкара бертаза ахчанаш цу юкъа дахкийтарна, амма Кадыровс и бехкаш тIе ца дуьтура. Цул совнах, зорбанан гIирсаша хаамбора фонде ахчанаш кхачар а, дохкар а цIена дац аьлла, Кадыровн "альтернативан казна" ю олура иза.