ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс дIахьедина, Нохчийчоь "пачхьалкх санна кхиъна яьлла". "Оьрсийчоьнан декъехь" ца олуш


Ramzan Kadyrov
Ramzan Kadyrov

"Крокус Сити Холлехь" йинчу терактехь нах кхалхарна Оьрсийчоь а, дуьне а гIайгIанехь долчу хенахь, заздоккху-беттан 23-хь Кадыров Рамзана зорбане даьккхина Нохчийчоьнан Конституцица декъалбар а, цунна лерина гуламехь дакъа а лаьцна цо республикерчу парламентехь а, хаамбо цуьнан телеграм-каналехь.

Цхьана декъехь, Кадыровс дIахьедира, Нохчийчоь "пачхьалкхе санна дIахIоьттина" аьлла, Оьрсийчоь а ца хьахош (2023-чу шарахь тIеэцначу документехь билгалдаьккхина ду: Нохчийн Республика демократин бакъ-пачхьалкх йу Оьрсийчоьнан Федерацина йукъа йогIуш. – Билгал.).

Цул совнах, Кадыровс шен зорбанехь дагалоьцу, шен дас референдум хилале хьалха аьлла бохург: "...керла агIо ирсе дIайолор йу вай, аьттонан дахар… къам маршонехь дехар ду, бертахь низамехь, аьлла цо цу хенахь. Ишта хила а хилла". Публикаци чекхйолу декъалбарца а, дика мел дерг хуьлийла Нохчийчоьнан бахархошна а, "сийдолу Даймахкана – Оьрсийчоьнна а" а олуш.

Хьалхо Кадыровс дIахьедира, Подмосковьехь йина теракт бахьана долуш Нохчийчохь дуккха а нах гулбеш, самукъдоккху барамаш хIиттор сацор ду ша "леррина омра кхаччалц" аьлла. Ишта тIедиллира регионехь пачхьалкхан байракхаш охьайахийтар а. Республикан Конституци хьехочу шен къамелехь Кадыров Рамзана хьахош дац "Крокусна" дина тIелатар – йа зорбанехь а, йа видео тIехь а.

Оьрсийчохь официалехь заздоккху-беттан 24-гIа де терактехь кхелхинчарна тезетан де лерина – цу кепара сацам тIеэцна Путин Владимира. Хьалхо шоьтан дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, республикерчу тIемалошна пачхьалкхан совгIаташ дийр ду Подмосковьехь тIелатар дина хила мега аьлла нах дIалоьцуш дакъа лацарна.

  • 2003-чу шарахь хиллачу референдумо Нохчийчоь формалехь Оьрсийчоьнан декъе йалийра. Харжамаш хилира республикехь тIом боьдуш болуш, заздоккху-бетта 23-хь, ООН-н эксперташ цу хенахь Соьлжа-ГIала уггар а хIаллакйина гIала йу аьлла сацам бира, дуьненан йуккъера шолугIа тIом болучу заманахь дуьйна схьа. Цу хенахь нах лечкъор а, дIалецарш а, хIаллакбарш а хIора дийнахь хуьлуш дара, дуьйцу бакъоларъярхочо Дмитриевский Станислава.
  • Iедалхоша референдум хилла йаьлла аьлла дIакхайкхира. Харжамашкахь 95% кхаж тассал болчу бахархоша дакъалаьцна, царех 95,37 % стага керла конституци къобалйина аьлла. Амма йа Евроберто, йа ОБСЕ-но, йа нохчийн, оьрсийн бакъонашларйархоша оцу референдуман жамIаш къобал ца дира.
  • Подмосковьерчу концертан "Крокус Сити Холл" цIенна тIелатар динчул тIаьхьа, официалан хаамашца, 130 стаг сов велла, церан терахь кхин а лакха долуш ду. Цхььна версица, тIелатар дина “Исламан пачхьалкхо”. Кавказ.Реалии сайто дуьйцу, хIун хууш ду йуьйцучу террорхойн тобано Къилбаседа Кавказехь а, Оьрсийчоьнан къилбехь тIаьхьарчу хенахь лелочух.
  • "Крокусна" дина тIелатар – Оьрсийчохь уггар дакхийчех дара 2004-чу шарахь Бесланехь школехь дина тIелатар хилчхьана.

    =

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG