ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровс хIинца а харжам ца бина". Нохчийчоьнан куьйгаллехь хийцамаш бар стенца доьзна ду


Нохчийчуьрчу хьаькамийн, ницкъахойн гонехь ву Кадыров Рамзан
Нохчийчуьрчу хьаькамийн, ницкъахойн гонехь ву Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгаллехь хуьлучу хийцамашна тIехь тидам бича гуш ду, пачхьалкхан лакхара даржаш кхузахь Кадыров Рамзанан уллорчу наха дIалоцуш хилар. Украинера тIом болабелча а дIахьош йара кхузахь оцу кепара практика.

Кадыровс чIагIдарехь, "эзарнаш нохчаша шайн дахарш охьадехкина вайн республикан Конституцина дуьхьа" – царлахь ву боху цо шен да Ахьмад а, кхинболу "уллорнаш, доттагIий, гергарнаш". Говзалла хилар тидаме ца оьцуш, регионерчу лаккхарчу даржашка шен гонера нах хIиттор лартIахь хеташ ву Нохчийчоьнан куьйгалхо.

"Муьлххачу хьукматашкахь балхахь болчу сан гергарчу нахера жоьпалла иттанашкахь сов ду, хIунда аьлча, со бахьанехь оцу балха хIиттийна боцийла тIечIагIдан деза церан. Сан тешам болу нах хIиттабо ас", – дIахьедина Кадыровс 2023 шеран чиллан-баттахь регионехь лаккхарчу даржашкара нах рогIера хийцича.

Муьлххачу минотехь хьал хийцадала тарло, тIаккха Путинан Iедалехь мел лелийначух жоп дала дезар ду цо

Нохчийчоьнан урхаллехь хиллачу хийцамех зевнечух цхьаъ хилира Украине буьззинчу барамехь чугIоьртиначул тIаьхьа, 2022 шеран стигалкъекъа-баттахь – хIетахь могушалла Iалашйаран министр хIоттийра Лорсанов Сулейман. 2008 шарахь ша республике йухавирзича шен белхашкахь лакхавуьйлуш схьавогIура иза. Цуьнан белхан накъосташа бахарехь, шел а сов Iилма долчу нахе гамо хиларца вевзаш ву Лорсанов. Керлачу даржехь цо шел хьалха цигахь хилла волу Нохчийчоьнан куьйгалхочун шича Байсултанов Идрис хийцира. Амма иза а ца витира дарж ца луш – Кадыровн социалан хаттаршкахула хьехамча вира цунах.

Лахьан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун нуц, республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министран кIант Алханов Адам республикан урхаллин социалан блокан хьалханчан гIовс хIоттийра. Кхин а ши де даьлча Оьрсийчоьнан президента шен омраца хийцира Нохчийчоьнан прокурор – Адаев Адам хIоттийра цига. ХIинцалц итт шарахь оцу даржехь Iабдул-Кадыров Шарпудди вара, Нохчийчоьнан парламентан хьалханчан Даудов Мохьмадан стаг лорура иза. Кавказ.Реалиин хаамашца, цуьнан уллорчех цхьаъ ву керла прокурор Адаев а.

Йайначу гурахь кхин а цхьа дарж хийцар хилира: Нохчийчоьнан куьйгалхочун шича Ибрагимов Турпал-Iела хилира республикан кхерамазаллин Кхеташонан куьйгалхо.

Путинца долу "гергарло" уггар деза ду

Керла шо тIекхачарца даржаш хийцар кхин а дIадахделира. "Движение первых" олучу оьрсийн боламан Нохчийчуьрчу декъан хьалханча хIоттийра республикан куьйгалхочун кIант Кадыров Ахьмад. Чиллан-баттахь республикан куьйгалхочун 26 шо долу вешин кIант Кадыров Хьамзат министран дарже воккху. Амма охан-баттахь иза кхечу дарже дехьавоккху; Нохчийчоьнан куьйгалхочун ницкъаллин блокехула хьехамча хIоттаво.

Зазадоккху-баттахь цIаьххьана Нохчийчоьнан могушалла Iалашйаран системина тIехIоттийнарг хилира Кадыровн хIетахь 20 шо долуш хилла йолу йоI Хутмат. Иза хIотторах хаам бинарг вара Алханов Адам – Нохчийчоьнан куьйгалхочун шолгIачу йоIан Хадижатан хIусамда. Регионан урхаллин куьйгалхочун цхьаволу гIовс а ву Алханов.

Цул хьалха Нохчийчохь хийцира Гуьмсарчу "Оьрсийн спецназан университетан" куьйгалхо – кадыровхойн гонера волу Ахмадов Iабдул хIоьттира оцу дарже. ХIинцалц Чудан Алексей вара оцу меттехь – Нохчийчоьнан куьйгалхочун ницкъаллин блокан хьалханча болх бина волчу Мартынов Даниила хIоттийнера иза цига, тIаккха Оьрсийчоьнан МЧС-е болх бан дехьавелира Мартынов. Украинина дуьхьал буьззинчу барамехь тIом болийчхьана РУС-е ахча хьежон долийра, "лаамхой" олурш тIамна кечбарна лерина – пачхьалкхан тайп-тайпанчу регионашкара кхуза дIагулбо уьш.

Мангал-баттахь Iаламан ресурсийн а, Iалам лардаран а министр хIоттийра Лечхаджиев Анвар, Кадыровн гонера кхин а цхьа стаг ву иза. Республикан МВД-н хьукматашкахь болх бина ву иза 12 шарахь, тIаьххьарчу хенахь "куьйгалла даран даржашкахь" вара иза регионехь – ишта йаздо цуьнан биографехь.

Iедал хьаьнга дIалур ду билгал ца даьккхина Кадыровс. Цундела гуттара а хийцош бу даржашкара нах

Товбецан-беттан чакхенгахь йуьртбахаман министр хIоттийра Садаева Милана – цул хьалха цу даржехь вара Кадыровн йишин кIант Закриев ИбрахIим (Якъуб). Дукха хан йоцуш "Данон Россия" компанин директор хIоттийра тIаьххьарниг. Республикан куьйгалхочун а, урхаллин а администрацин куьйгалхо волчу Таймасханов ГIаласан уллорчу нехан гонара йу Садаева. КадыровгIар схьабевлла йолчу Ахьмад-Йуьртара ву Таймасханов.

Кхин а масех де даьлча керла дарж кхечира Мацуев Висхане, республикан куьйгалхочун йоккхахйолчу йоIан Кадырова Iайшатан цIийндега: регионан урхаллин вице-премьер а, йуьртбахаман министр а хилира цунах.

Кадыровн гонехь тIаьххьара хиллачу хийцамех бу – республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министр лаьттина волу Алханов Руслан Оьрсийчоьнан экстремизмана дуьхьало латторан коьртачу урхаллин куьйгалхочун гIовс ("Э" Центр) хIоттор а.

Шен могушалла эшна хиларна лелош хила тарло Кадыровс и хийцамаш, аьлла хета Прагерчу Карлован университетан йукъараллин Iилманийн факультетан политологин профессорна Эмиль Асланна. Цундела, къамелахочо бахарехь, ша дIаваьллачул тIаьхьа республикехь хин долчу Iедалан кеп дIахIотто гIерта иза.

"Амма Кадыровс тIаьххьара сацам бина бац, ша Iедал хьаьнга кховдор ду. Цундела гуттара а хийцош бу цо даржашкара нах", – билгалдаьккхина профессоро.

Европехь болчу ичкерихойн "Единая сила" боламан хьалханчас Музаев Сайхана бахарехь, Нохчийчуьрчу Iедалехь КадыровгIеран гонера цхьаъ тIечIагIван гIерта Кремль, Iедал цаьргахь диссийта.

"Путинца "гергарло" лелор массочу хIуманал а коьрта хилар оьрсийн кхечу регионийн куьйгалхошна дIагайтар ладаме ду Кадыровна. Муьлххачу минотехь хьал хийцадала тарло, тIаккха Путинан Iедалехь мел лелийначух жоп дала дезар ду цо. Кадыровс шегара сацамаш ца деш, шега аьлларг чекхдоккхуш хьийзинехь а, иза кIелхьаравер вац", – тешна ву къамелдийриг.

  • Оьрсийн "Верстка" зорбанан талламца а догIуш, 2022 шеран чиллан-беттан 24-хь дуьйна Кадыровн а, цуьнан уллорчу гергарчарна а 54 мидалш, орденаш йелира. Цул хьалхарчу шарахь, Украине тIамца чуIгортале хиллачу цхьатеррачу хеначохь 45% кIезга дара оцу кепарчу совгIатийн терахь. СовгIат мел кхаьчнарш Кадыровн гергара нах бу – Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а, Японин а санкцийн тептаршкахь бу и нах.
  • Нохчийчохь иттаннашкахь мехкан урхалхочун гергарнаш хIиттабо регионехь куьйгаллин лаккхарчу даржашка. Шен цIийнах болу нах хьалхатеттарехь, къийса хIума ца го цунна шена. Пачхьалкхан даржашкахь ду цуьнан бераш, йижарий, невцарий, йиша-вешин доьзалхой, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира республикан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу КадыровгIеран цIийнах болчех дуьззина тептар.
  • Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь видео гучуйаьлла КъурIан дагорна шеконашца лаьцначу Журавель Никитица – цу тIехь цунна йетташ ву Нохчийчоьнан куьйгалхочун 15 шо долу кIант Кадыров Адам. Журевеля шена йеттарх дIахьединачул тIаьхьа цхьа бутт баьлча арахецна и видео. Кавказ.Реалиин сайто теллира, оцу хиламе йуха стенна вирзина Нохчийчоьнан куьйгалхо.
  • Суфизм (бусулба динан цхьа агIо) кочауллу хийза Нохчийчуьра Iедал, тIаккха цул а радикале йолчу салафизмана тIаьхьабаьзна бахархой хьийзош меттигаш хуьлу цигахь. Суфистийн ткъе итт гергга вирдаш ду. Царлахь коьрта башхаллаш – тайп-тайпана исламан шейхаш ларар йу. И вежараллаш цхьатерра ларалуш делахь а, царлахь коьртаниг Нохчийчуьрчу Iедало Кунта-Хьаьжин вирд кхайкхийна – оцу вирдехь ву республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан а. Иза леладо политико шен пиар-кампанехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG