ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс хьиджабана тIетайна, оцу духарна дуьхьалболчарна герз деттар ду аьлла кхерамаш туьйсуш


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикерчу Ӏедалан яхйинчу кхеташонехь хьиджаб лелорна дуьхьал болчу нахах бусулба динан мостагӀий аьлла, кхерамаш тесна шен йоӀаршна хьиджаб дӀаяккха аьлла хьехначарна. Делахаь а оцу йукъанна цо дIахьедира, юьхь дӀакъовлуш буркъа лелорна дуьхьал хиларх.

Цу цхьаьнакхетарх видеорепортаж зорбане яьккхина хьаькамо шен телеграм-каналехь. "Тайп-тайпанчу динех дуккха а хьеший богӀу вайга. Лерамца цаьрга салам дала, царна гӀо дан – [полицин] белхахой Ӏамо беза. Вайн бала бац цара лелочу духарца, вайх хьакхалуш ду вайчара лелон духар", - элира Кадыровс. "Хьиджаб ма лелайе бохуш берш бусулба динан мостагӀий бу", аьлла тIетуьйхира цо.

Цо кхерамаш туьйсу, "сан йоӀе хьиджаб дӀайаккха аьллачунна", иза "милла велахь а", вуьйр ву бохуш, ткъа иштта стаг "шен мостагӀ", "исламан мостагӀ" ву бохура Кадыровс.

Цуьнца цхьаьна Кадыровс билгалдаьккхира, "юьхь дӀакъовлучу буркъана тхо дуьхьал ду" аьлла, билггал цунна дуьхьал мила ву а ца хоуьйтуш, "оха кхайкхам бо - таӀзар деш дац, кхайкхам беш ду" аьлла билгал а доккхуш.

ТӀаьххьара аьлларг бакъ дац. Ма-дарра аьлча, Нохчийчохь де-факто дихкина ду нах гуллучу меттигашкахь хьиджаб а йоцуш, коьртахь йовлакх а доцуш гучувала. 2010-чу шарахь Соьлжа-ГӀалин юккъехь пейнтболан тапчанаш чуьра басарца герз диттинера коьртахь йовлакх доцучу мехкаршна. Кавказ.Реалии сайте Нохчийчуьрчу цхьана юкъараллин гӀуллакххочо дийцира, коьртахь йовлакхаш лелон дезар юкъадаьккхина Кадыров Рамзанан лаамца, ткъа хӀинца ур-атталла берийн бешахь а лелош ду йовлакхаш.

Цуьнца цхьана муьлххачу а хьиджабана реза вац Нохчийчоьнан урхалхо. "Ӏаьржа духар а доьхна, хьаж дӀа а къевлина, арайолу зуда. Оха и зуда дӀа а йигина, толлур ю, тIера бедарш охьа а йохуш, цуьнан дегIах хьовсур ду",- бехира цо 2014-чу шарахь.

Нохчийчохь никъаб лелор дуьззина къобал дан йиш йоцуш хӀума ду. Цу кепара, 2020-чу шарахь Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа а, чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан Соьлж-ГӀаларчу декъан куьйгалхочо Ирасханов Аслана а бехк баьккхира пачхьалкхан цхьана каналехь эфирехь никъаб лелош хиллачу ворхӀ йоӀера. Шен позицина критика йеш болчу нахах муфтис "АллахӀан мостагӀий", "вахIабаш, иблисаш, шайтӀанаш ду элира. "Шен халкъан доцу" духар лелор хьарам лору ша аьлла, тIетуьйхира цо.

  • Мангал-бутт чекхболуш Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра кхайкхам бира "сихонца" никъаб лелор дехка деза аьлла – иза хилира ХIинжа-ГIалахь а, Дербентехь а килсашна а, синагогашна а тӀелатар дина дукха хан йалале. ТӀелатар динарш божарий бара, ткъа царах цхьаъ никъаб тиллина, вада дагахь хилла боху хаамаш - официалехь тӀечӀагӀбина бац. Цул тӀаьхьа Дагестанан муфтиято цхьана ханна дихкира никъаб лелор.
  • Дагестанан муфтиято гӀортор йира Бастрыкинна: товбеца-беттан 1-чу дийнахь республикин муфтийс Абдулаев Ахьмада дӀакхайкхийра никъаб лелор доьхкуш долу фатва арахецна аьлла. Бакъду, фатван декъана цхьа а бахьана ца гира цуьнан. Товбеца-беттан 3-чу дийнахь муфтиято хӀетте а ханна дихкира - фатва а ца луш, "билгалбаьккхина кхерам дӀабаллалц" аьлла. Дукха хан ялале дӀадаьккхира фатван дакъа.
  • Къилбаседа ХӀирийчоьнан муфтийн гӀовсо Дзагуров ИбрехӀима дӀахьедира, Оьрсийчоьнан синкхетам а, динан цхьаьнакхетараллаш а маьрша хиларх лаьцначу низамо бакъо ца ло никъабаш йуьззина йехкар юкъадаккха аьлла, амма муфтиятан цӀарах ша хьийхира зударшна никъабаш ма лелайе аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG