Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхамбира Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре, бусалба динах лаьцна ша деш долу дӀахьедарш "Ӏаламат ларлуш хила" аьлла. Цул хьалха Петербургера юридикан форумехь Бастрыкина "исламхойн террорхой" бехке бира Дагестанерчу килсашна а, синагогашна а тӀелатарш дарна а, Ростов-на-Дону г1аларчу СИЗО-хь закъалтхой лецарна а, ткъа никIаб йехка йеза аьлла хьийхира цо.
Никъаб лелор дехка мегаш хиларх лаьцна деллачу хаттарна жоп луш, Бастрыкина элира, Пачхьалкхан Думо "сихонца" тӀеэца деза цу хьокъехь долу низам аьлла, йаздо The Insider-о. "ХӀун ду тахана хуьлуш дерг? Хьан дина Дагестанера теракт? Исламисташа. Ростоверчу набахтехь зулам динарг мила ву? Террорхой-исламисташ. Нагахь санна, вай кхуза нах балош хилча, оцу хиламийн маса терго йан йеза Оьрсийчоьнан парламенто" , -Талламан комитеттан куьйгалхочун дешнаш далийна Baza телеграм-канало.
Оцу дешнийн терго йира Кадыровс. Шен постехь цо критика йира Бастрыкинна, цу кепара дӀахьедарш "юкъараллин-политикан хьолана Ӏаламат вон дерза тарло" аьлла.
Цул а масех де хьалха Кадыровс тӀедожийра "юкъараллин кхерамзалла ларъярехь болх чӀагӀбар, терроризмана а, динан экстремизмана а дуьхьало яр". Цо иза ма-дарра дузуш дара "Дагестанехь хиллачу бохамечу хиламашца", дӀахьедира, ша ма-дарра хӀун дуьйцу билгал а ца доккхуш, цхьацца "Европан пачхьалкхашкара схьайолучу радикалан идеологина" дуьхьало ярна "къаьсттина тидам" бан безаш хилар. Нохчийчоьнан куьйгалхочо иштта кхерамаш туьйсура "ваххабизмехь" дакъалоцуш бу аьлла шеко йолчу нехан доьзалшна а. Ницкъхошца хиллачу цхьанакхетарехь йаьккхинчу видео тӀехь Кадыровс хьийхира терроризмца боьзна болчу нехан берриг а доьзална таӀзар дар.
- Охан-беттан 23-чу дийнахь Дагестанехь цхьа могӀа герзаца тӀелатарш дира полицин белхахошна а, килсашна а, синагогашна а. Велла 20 сов стаг – чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан белхахой а, динан дай а, динан меттигаш ларйеш берш а.
- Ростов-на-Дону г1алахь охан-беттан 16-чу дийнахь Ӏуьйранна номер 1 йолчу СИЗО-чуьра тутмакхаша закъалтана лецира Федералан таӀзарш кхочушдаран сервисан белхахой. Штурм йина лерринчу ницкъаша, тӀелатар динчу 6 стагах пхиъ вийна, закъалтхой мукъабаьхна – царна зенаш ца хилла.
- Хьалхо дешаран хьукматашкахь динан духар дехка мегаш хиларх лаьцна низаман проект йемал йинера Нохчийчуьрчу Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато, адамийн бакъонаш йохорна бехке вечу Делимханов Адама. Цуьнца догӀу документ кху беттан 28-чохь довзийтира парламентан лахарчу палатин куьйгалхочун гӀовсо Даванков Владислава. Нохчийчоьнан хьаькамо бехкевира иза динан маршо йохо гӀерташ ву аьлла.