Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира ша Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна гӀортор йар, церан доттагӀаллин юкъаметтигашца билгалдаьккхира. И дӀахьедар цо дира де хьалха марсахьокху-беттан 20-чу дийнахь республике веача.
Путин хилира Кадыровн хӀусамнана Медни йолчахь а, нана Аймани йолчахь а – тӀаьххьарниг декъалйира цо 2022-чу шарахь ша цунна йеллачу Сийлаллин орденца. Цунна жоп луш, Нохчийчоьнан куьйгалхочун нанас баркалла элира президентана, цо шен кӀантана мел дечунна (билггал хӀун ду билгал ца даьккхина цо).
"Иза хила дезаш хӀума ду, доттагӀашна йукъахь ишта хила дезаш а, даима а вовшашна гӀортор йан йеза вай", - элира Путина. Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь, цу хьокъехь дӀаязийна видео зорбане йаьккхина.
Нохчийчу вахначу хенахь Путин Владимир хилира Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" (РУС), Украинана дуьхьал бечу тӀамехь дакъалаца "лаамхой" кечбо цигахь. Иштта, республикан дуьххьарлера Оьрсийчоьнехьа хилла волу куьйгалхо Кадыров Ахьмад дӀавоьллинчу кешнашкахь а, Соьлжа-ГӀаларчу Ӏиса-пайхамаран цӀарахчу керлачу маьждигехь а хилира иза. Цигахь цунна "Нохчийчоьнан сийлахь вахархо" аьлла тоьшаллин кехат делира. Цул тӀаьхьа Кадыров Рамзана Путинна гайтира Соьлжа-гӀалахь Путинан цӀарах хин йолчу кӀоштан макет.
- Кадыров Ахьмадан цIе йолу кIоштарчу Йукъаралийн фондана (цуьнан президент а, вице президент а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун нана а, хIусамнана а йу) дукха критика йора пачхьалкхан секторан белхахошкара нуьцкъала ахчанаш гулдарна, амма Кадыровс бакъ ца дора и бехкаш. Цул сов, хаамийн гӀирсаша кеста-кеста тидаме оьцура фондан финансаш, ахча дохкар цIена ца хиларна, цуьнах "Кадыровн бохча" аолуш.
- Кадырова Аймани санкцийн тептаршка йаьккхинера Украинана тӀелатар доладелча. Цо куьйгалла дечу фондо 2022-чу шарахь дуьйна харжаш йо тӀеман хьашташна. Амма и ахча стенгара ду, хууш дац.