ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс СКР-н куьйгалхочунна Бастрыкин Александрана Кадыровн цIарах мидал йелла


Бастрыкин Александр
Бастрыкин Александр

Оханан-беттан 1-хь Бастрыкин Александр Соьлжа-гIала веара. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра а и цхьаьнакхетар вовшашна мидалш луш, дIадаьхьира. Кадыровн цIарах йолу "Нохчийчоьнан дуьхьа къахьегар" мидал йелира Бастрыкинна, ткъа мехкан куьйгалхочунна - урхаллин "Доблесть и отвага" цIе йолу мидал.

Меттигерчу СМИ-гIирсаша дийцарехь, Талламан комитетан куьйгалхо дIадаханчу шарахь Къилбаседа Кавказехь дIабаьхьначу "урхаллин белхан жамIаш дан" веана вара. Цхьаьнакхетарехь дийцира экстремистийн зуламаш совдовларах (124 тIера 167 тIекхаччалц ). Уггаре дукха уьш Дагестанехь а, Ставропол-махкахь а ду, элира "Чечня сегодня" гIирсо. Официал-хаамашца, в 2022-чу шарахь Къилбаседа Кавказехь 72 сов зуламан регистраци йина. 2021-чу шарахьчул 2% процент кIезга.

Бастрыкина Кадыровна баркалла элира "экстремистийн, террористийн зуламийн терахь лахдарна". Дагадоуьйту вай, масех де цул хьалха меттигерчу Iедало Гуьмсехь тIемлой хила тарлочара тIелатам барах хаам бар. ГIалин ши вахархо верца дIадирзина долу.

Хууш ма-хиллара, дIадаханчу шеран гурахь дуьйна схьа Нохчийчохь герз карахь хилларш 4 -гIа конфликт йу: лахьан-беттан чакхенгахь полицина тIелетира 19 шо долу Соьлжа-гIалин вахархо. ТIаьхьо Ассиновская станицехь герз кхийссарах хаам а хилира. ГIуран-баттахь Хьалха-МартантIехь ницкъахошна шайна йуккъехь иккхинчу девнехь а иштта герз диттира. Ткъа Кадыровс 2021-чу шарахь чIогIа шен дешнех тешна волуш, "терроризмаца болчу тIамехь" тоьлла со, бехира.

  • Терроризмаца къийсарехь бина кхиамаш" цIе йолу мидал Нохчийчохь дуьххьара 2015 -чу шарахь Кадыров Рамзанна йелира. Цул тIаьхьа, масала, изза мидал йелира цуьнан ненйишина Ибрагимова Уманина, ДПС шина белхалочунна а, 2019-чу шарахь гезгмашин-баттахь цхьа жима стаг верна. Цара дийцарехь, герзаца ницкъахошна тIеллетта волу.
  • 2023-чу шеран зазадоккху-баттахь Кадыровн шина кIантана, 17 шо долчу Ахьматна а, 15 шо долчу Адамна а "Терроризмаца къийсарехь бина кхиамаш" цIе йолу некхехь лелон билгалонаш йелира, амма хIун кхиамаш бу буьйцурш - хууш дац.
  • Йерриге лерича, Кадыровн ткъе итт сов мидал йу, царех цхьаъ "ТIеман турпалалла" II-тIегIа (2000 шо), "Даймехкан дуьхьа къахьегар" IV и III тIегIанаш (2006, 2021 ш), 2006 - чу шарахь цунна Оьрсийчоьнан турпалхо цIе йелира, ткъа 2020 - чу шарахь Путина йелира Кадыровна Росгвардин инарла-майор цIе. Цул совнах, йу цуьнан лараме цIераш "Нохчийн республикан физикан-культуран хьакъволу белхало", "Нохчийн республикан хьакъволу гIишлошйархо".
  • Нохчийчуьрчу "къоман гуламехь" мидалш йелира: ЧР хьакъволу бакъонашларйархо" республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна, цуьнан нанна Кадырова Айманина, цуьнан дена Кадыров Ахьматна а.Чиллин-беттан йуккъехь, цкъа конституцехь цхьацца хийцамаш бина, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна "къоман да" аьлла цIе йелира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG