Ши шо хьалха кхоьллина ю анониман телеграм-канал 1ADAT – тахана Нохчийчохь уггар а боккха оппозицин болам бу иза: Стигалкъекъа-беттан 2-чохь динчу зерашца, цуьнан канале язвелла ву 40 эзар сов стаг. Цуьнан авторша зорбане боху махкахь адамийн бакъонаш хьешарх а, меттигерчу хьаькамаша лелочу коррупцех а хаамаш, иштта таро ло бахархошна, церан цIераш къайла а хьош, дагахь дерг дIаала. Цуьнца боьзна нах "йа набахтехь хир бу, йа лаьтта бухахь" аьлла, цхьана дийнахь диллина дIахьединчу куьйгалхочун Кадыров Рамзанан оьгIазалла гIаттайора кест-кеста 1АДАТ-а.
Дукха хан йоццуш 1ADAT кхоьллинчу, цуьнан цхьахволчу куьйгалхочо йовзийтира шен цIе – иза хиллера федералан кхелахо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин а, нохчийн ницкъахоша лачкъийна йигинчу Мусаева Заремин а 27 шо долу кIант Янгулбаев ИбрехIим. Нохчийчоьнан Iедалхоша дIахьедора, иза каналца воьзна хиларх хьалхо а, амма юхатохалур доцу тоьшаллаш цунна дацара.
1ADAT-н векалехула хиира Кавказ.Реалиина, хIунда, мича Iалашонца кхоьллина болам, стенна ду иза нахалахь яржар а, хIун хир ду кхин дIа каналах а, иза кхоьллинчух а.
– Шун нана Мусаева Зарема лачкъийначул тIаьхьа Нохчийчоьнан Iедалхоша шун доьзал боьзна бу 1ADAT каналца аьлла, дIахьединчул тIаьхьа хьо ца вовзуьйтуш, хьайн цIе хIинцца йовзийта хIунда лиира хьуна?
– ХIетахь Кадыров кхин аьтто а ца хуьлуш, нана лацарна тIера тидам дIабаккха хьийзара, шен зулам бакъдан а гIерташ. Суна ца лиира цунна луург даккха – коьрта дара йоллу терго бакъо йоцуш лацарна тIехь йита. Дукха хан йоццуш цуьнан чохь юьту хан кхин а дIа яхйина, кхеташ ду – дуккха а юьтур юйла. Дуьненан юкъаралло йина резонанс бахьана долуш оцу хьолана мел а тIеIаткъам бийр бу аьлла, Дечкен-баттахь мел а дегайовхо хиллехь а, хIинца йисина иза а яц. Тхайга мел далург дира оха – массарана а дукха дика хууш ду, "Оьрсийчоьнан гара кхел яр" хIун ду, къаьсттина Нохчийчохь. Цундела сайн цIе дIайовзийта лиира суна, тIехула тIе дуккхаъболчарна хууш доллуш дара боламехь ас дакъалацарх.
– Дийцахьа 1ADAT-х лаций, муха ю цуьнан структура, маса ву жигара дакъалоцуш цу юкъахь?
– Структура хала яц – масех куьйгалхо а, тоба а, жигархой а – информаторш. Юьхьанца тобанехь Нохчийчуьра бахархой бен ца хиллехь а, тахана кIезиг бац царлахь Европера а, Туркойчуьра а, кхечу мехкашкара а диаспорийн векалш. Тхоьца цхьана болх беш бу гIалгIай, дагестанхой, тайп-тайпачу къаьмнийн векалш – Кадыровн Нохчийчохь хIоьттинчу системин харцо гуш, цуьнца къийса кийча волчу муьлххачун а аьтто бу тхох схьакхета
1ADAT боламна юкъахь сан доьзал цкъа а хилла бац, цуьнан балхана цхьана а агIор тIеIаткъам бойла а дац цара
Масех иттаннашкахь нахах лаьтта 1АДАТ тобано контент кхоьллина ца Iаш, бакъоларъяран а, ахчанца гIоьналла латтош белхаш а бо, цунах лаьцна цкъачунна дийца кийча вац со. Маса жигархо ву тхуна тIетайна? Жоп цхьанна а хууш дац. БIе стаг ву, церан доккхаха долу дакъа Нохчийчохь ду – иштта бу царлахь администрацин а, ницкъаллин структурийн а белхахой. Вуьшта тхоьга муха кхочур бара хаамаш къевличну неIаршкахь дIахьочу кхеташонашкара, йа Украинехь дуккха а кадыровхойн эшамех, масала?
Кадыровс дIахьедо, 1ADAT-ца воьзна сан да а, воккхаха волу ваша Абубакар а (Янгулбаев Абубакар, нохчийн бакъоларъярхо. – Редакцин билгалдаккхар.) ву бохуш. Цара масийттазза элира, и бакъ цахиларх. ХIинца ас а боху, доллу жоьпалла сайна тIе а лоцуш, оцу боламна юкъахь сан доьзал цкъа а хилла бац, цара цу юкъахь дакъалаьцна дац. Цул совнах, сан гергарчеран Iаткъам бойла дац 1АДАТ-н балхана.
– Болам кхолла муха дагадеара?
– 1ADAT-ал хьалха "ВКонтактехь" тоба яра ас лелош, Нохчийчохь лелочух лаьцна бакъдерг дуьйцуш. Амма со лачкъорна а, Соьлжа-ГIаларчу къайлахчу набахтехьа , цул тIаьхьа СИЗО-хь а латторна аьтто бацара сан кхачам боллуш иза дIалело. 2020-чу шарахь, адамийн бакъаонашкахула йолчу Европан кхелехь къамел динчул тIаьхьа (къайлахчу набахтехь Янгулбаев ИбрехIимна тIехь къизаллаш лелийначу гIуллакхехула.- Редакцин билгалдаккхар.) со Оьрсийчу юхавеара, сайн масех доттагIашца а, бевза-безачаьрца а телефонехула къамел динчул тIаьхьа, оха барт бира халкъан болам юкъабаккха.
Юьхьанца къайлах лелор бу болам аьлла, ойла хилира тхан – хан-зама яьлча цуьнан цIарах диллина къамелаш дан дагахь дара тхо. Анониме хиларна дуьххьара дуккхаъчу нехан цатешам хуьлура, уьш кхоьрура хаамаш бан, мел а къайлабийла гIертара. Амма, тхо къоман дуьхьа къахьоьгуш дуй хиъначул тIаьхьа, тешам хилира, шуьйра гIо а латтадора.
Цхьадолу коьртера хеттаршкахула къайле тахана а латтайо оха. Бакъду, боламан куьйгаллехь юьззина информаци ю (хуьлучух), амма 1АДАТ-н тобанехь хIораннан а шен-шен агIо ю, цу тIехь бен цара болх а ца бо. Иштта оха ца йовзуьйту тхайн жигархойн цIераш а, нагахь санна, уьш лачкъйина хIума хилахь а (модератор хиллачу Тепсуркаев Салманца а санна) ницкъахошка дукха хаамаш ца кхачийтархьама.
– Цхьаболу нохчийн диаспоран векалш луьйш хуьлу 1АДАТ-на, посташкахь там боцурш яздо, Кадыров Рамзан а, цуьнан го а сийсазбеш, бохуш. Царна жоп луш, хIун эра дара ахь?
– ХIаъ, оха беламалла лелайо Кадыровца. ХIунда аьлча, ша гайта ма гIерттара доьналла долуш а, буьрса а тхуна иза ца хета. Кадыровна чIогIа ца тов, шех кхардар – дуккха а комплексаш йолуш, тIех дозаллаш лелор гучудолу тIаккха.
Оха Кадыров "Iовдал" ву олуш, иза сийсазвар дац. И баккъал а дерг ду. Оьрсийн маттахь къамел дан цахаар доцург, шена хетарг, шен ойла йовзийта хаъане а ца хуу шозза академик, Iилманийн доктор – нонсенс ма ю. Иштта иза а, цуьнан го а бийцаро пачхьалкхан "Грозный" телехьожийло халкъан лачкъийначу ахчанах кхуллу цуьнан "турпалхочун", "воккхачу стратеган", "КIорIанан гIуллакххочун а, Сунна Iалашдархочун а" васт дохадо.
– Мехкан Iедалхоша 1ADAT террорхойн ресурс лерина, къобалъязчу Ичкерин тIеман буьйранчашна Басаев Шемална а, эмирашна Хаттабна а, Гелаев Русланна а тIехIиттарна.
– Кремльна турпалхой хета Буданов [шегарчу бакъонел а сов вийларна кхел йина хилла волу экс-полковник Юрий], инарлаш [Владимир] Шаманов, [Анатолий] Романов, кхинберш а. Амма, къизаллаш хьегийтина, дуккха а нохчий байина и нах, тхуна цкъа а хир бац турпалхой.
Оха ма ца бина турпалхой Басаевх, Гелаевх, Хаттабах, Дудаев ДжовхIарх, Масхадов Асланах – нохчийн къомана хета уьш, Кремлан режимна а, цуьнан сардална а и тахь а, ца тахь а. Нохчийчоьнан суверенитетехьа а, маршонехьа а тIемаш бина, цуьнгахьа шайн синош дIаделла нах турпалхой хетарна тхуна бехкаш дахкар сонталла ю. ХIаъ, суна а, сан накъосташна а турпалхой уьш бу, шен къам доьхкина, цунна ямартваьлла Кадыров Ахьмад а, Рамзан а вац. Къуьйсийла ду, мел мегар долуш дара церан тIеман тактикан леларш бохург, масала, Басаевн. Амма, нохчийн къоманна гергахь и хаттар дIакъевлина ду.
– 1ADAT медийн кхиамах муха кхетор дара ахь?
– Долор вай, тхо керланаш дийцаредина ца Iаш, дуккхаъчу блогерша санна, оха тхаьш а информацин бахьанаш кхуллурш хиларна тIера – журналистийн талламаш дIахьо, эксклюзиве хаамаш зорбане боху. ХIинццалц таро хилира Кадыровн Нохчийчоьнна гонах информацин эчиг-бетонан кирхIа латтон, кIезигчу зуламех бен хууш дацара федералан журналисташна. Нохчийн блогерийн аьтто хилира и пен охьахарцон. ХIинца, республикерчу муьлххачу хиламех шуьйра дуьйцу.
Оха Кадыров "Iовдал" ву олуш, иза сийсазвар дац. И дерг ду
Юха а олу ас, 1ADAT-н ницкъ – халкъо лоцу гIоьналла ду, бахархошкара хаамаш кхочуш ца хилча, тхан таро яцара болх бан. Цхьаьна стеган шен проект яц хIара. Масала, кхана Калдыровс киллер а лаьцна, со дIаваккхахь - 1ADAT -н болх оцу тIехь соцур болуш бац. Дечкен-баттахь кадыровхоша иштта чот йинчух тера ду: нана лаца, иза закъалтехь латтон, тхо канал дIа а къевлина, шайна тIедахкийта. Суна мел лиънехь а, хIинца соьга хIумма а хийцалур дац.
– ХIун хир ду 1ADAT-х? Муха го хьуна цуьнан хиндерг?
– Европехь а, Туркойчохь а кхин а жигара а дуьйлуш, митингаш латтор ю оха, кадыровхойн пропагандина дуьхьал къийсам латтийна ца Iаш, бакъоларъяран болх а беш, церан зуламех лаьцна кехаташ хIиттош, болх бийр бу. Иштта гIо дийр ду оха, цара зенаш динчу нехан гергарчарна, уьш журналистех а, бакъоларъярхойх а дIа а тухуш. Боламан коьрта Iалашо – Нохчийчоьнан деоккупаци.
***
Нижний Новгородерчу ЯнгулбаевгIеран хIусамчу лилхинчу Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министарллан белхахоша бертаза йигира Янгулбаев ИбрехIиман нана Мусаева Зарема Соьлжа-ГIала, теше санна хеттарш дан юьгу аьлла. Дуьххьара чохь даккха 15 дей-буьйсий туьйхира цунна, полисхо сийсазвина алла, бехкейина, цул тIаьхьа бехктакхаман гIуллакх диллира, ша лацарх протокол хIотточу ницкъахочунна тIелеттера аьлла. Таллам бечу юкъанна иза Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь ю – мел кIезиг а Мангал-беттан 12-чу дийне кхаччалц кхело чохь йитина.
Мусаева лацаран билггал долу бахьанаш къайла ца хьо Кадыровс – цо бахарехь, ЯнгулбаевгIеран доьзал боьзна бу оппозицин 1АДАТ телеграм-каналаца. Дечкен-беттан 21-чу дийнера 24-че кхаччалц Нохчийчоьнан куьйгалхочо оцу темина лерина 10 текст а, видео а зорбане яьккхира шен телеграм-каналехь. Чиллан-беттан 1-чохь Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама дIахьедира, "дийнахь а, буса а, синош, бахам, тIаьхье ца кхоош"ЯнгулбаевгIеран доьзална тIаьхьадевлла лелар ду шаьш, церан коьртеш даххалц аьлла.
Зазадокху-баттахь хиира, Янгулбаев ИбрехIим Росфинмониторинго террорхойн а, экстремистийн а тептаре язварх 11 741 номерца. Цул а масех бутт хьалха Роскомнадзоро Оьрсийчоьнан дозана тIехь дIакъевлира 1АДАТ боламан интернет-ресурсийн цхьа дакъа, Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхелан сацаман буха тIехь. Блок тоха бахьанашлахь "Кадыровн зуламечу рожах" лаьцна публикацеш ю элира Нохчийчоьнан прокуроран гIовса.