ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровца дузу кема Узбекистанера дIа Беларуси дахана


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан урхалхочуьнца Кадыров Рамзанца дузу кема стигалкъекъа-беттан 29-чохь Беларуси дахна, хаамбина "Белсат" гIирсо а, "МотолькоПомоги" телеграм-канало а. Информаци тIечIагIйина Flightradar сервисан хаамаша а.

Стигалкъекъа-беттан 25-чохь Ташкентехь охьадоьссина Airbus A319 кема, ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедора, кIирандийнахь, стигалкъекъа-беттан 25-чохь, Узбекистане кхаьчна ша бохуш. ШолгIачу дийнахь Кадыровн ду боху кема Соьлжа-ГIала йухадеара. ХIетахь мехкан урхалхочо биъ хаам бира ша кхечу мехкашка вахарх лаьцна, хетарехь, хьалххе кечбина хилла.

Стигалкъекъа-беттан 29-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочун кема Минскехь охьадоьссира. Цигахь, зорбанан гIирсийн хаамашца, VIP –хьеший гIуллакхе хьовсучу авиацин Центран дозана тIехь охьахаийра иза. ШолгIачу дийнахь "Айрбус" йевзаш йоцчу кхечу цхьана агIор дахарнера, цул тIахьа Москвахь охьа а дуссуш.

"Цхьана а агIоно цига богIуш хиларх бина хаам бацара. Хууш ду ишта, Александрихь доьзалан эвлахь садоIуш волу Нохчийчоьнан куьйгалхо Лукашенкоца Нохчийчоьнан урхалхо цхьана ца кхетар, йа кхечу официалана нахаца а ур-атталла. Биллгал мича Iалашонца иза цига вахана хилла хууш дац хIинца а. Ишта карладоккху, дуьненчуьра мехкашлахь цхьана Беларусихь уггар а кIезиг хан йоккху жим хийцаре хьоьжуш", - билгалдаьккхина "МотолькоПомоги" телеграм-канало.

  • Кадыровн кеманан терго хиллера дуьххьара 2017-чу шарахь. Цул тIаьхьа масийттазза хаамбира, Нохчийчуьра куьйгалхо, йа цуьнан кеп-кепара гергарнаш оцу кемана тIехь дIасалелаш хиларх.
  • Оханан-бутт бовш "Новая газета Европа" хьасто шаьш бина таллам Iорабаьккхира. Цу тIехь йаздора, Нохчийчоьнан урхалхочунна 2019-чу шарахь зорхан йекхоьнан некроз аьлла, диагноз хIотторах. 2022-гIа шо дирзичхьана цуьнан могушалла кхин а тIе галйелира.
  • Путин Владимирца дийцарш дан Узбекистане вахара Путин Владимир Оьрсийчоьнан делегацина йукъахь, цуьнца цхьана ваханера цуьнан кIант Эли а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG