Оьрсийчоьнан орцан министраллин Нохчийчуьра коьрта урхаллин куьйгалхочуьнца Цакаев Алиханца нисйелла инцидент "эхье провокаци" а, "спектакль" а йу аьлла нохчийн куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Де хьалха гIараделира, къаьркъа а мелла машен хаьхкина воьдуш иза лаьцна хилар Нохчийчоьнца дозанера дагестанхойн "Герзелан тIай" КПП-хь.
Шен телеграм-каналехь Кадыров Рамзана дIахьедина, ша "хьомсара ваша" аьллачу Цакаевс "шога низам дохийна дац", цо кхайкхамбина Дагестанан куьйгалле "полицин белхахойх "бехкеболчеран хьокъехь богIуш болу барамаш тIеэца" аьлла. Кадырос ца хьахийна Цакаев къаьркъа мелла хилла бохург.
Оцу кепара политико бакъйина Цакаев лоцуш хилла инцидент, хIинццалц схьа официалехь тIечIагIдина дацара и. Йеарин дийнахь Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий дуьхьал хилира цунна комментарий йан, "тхан хаттар дац и, хьахийначу урхаллашка телефон тохий, цаьрга хатта" элира цо.
Цакаев лацарх дийцира оппозицин нохчийн а, хаамийн а телеграм-каналаша. Церан хдийцарехь, некъан полисхоша машен сацайе аьлча, ца сацийна боху Цакаевс, некъан хьовзийлехь йуха а вирзина, полисхошна тIехахка дагахь хилла машен. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахойн аьтто баьлла машен сацон, къаьркъа мелла машенлелорхо лаьцнера, шеца кехаташ а ца хилла цуьнгахь.
Дукха хан йалале, нохчийн оппозиционераша чIагIдарехь, Цакаевна тIаьхьабаьхкина хилла Нохчийчуьра ницкъахой; цаьрца хилла мехкан урхалхочун уллорчех волу Висмурадов Абузайд а. Оцу наха дIавигира боху Цакаев, цул тIаьхьа цуьнан машен а.
"Агентство" гIирсана гучудаьлла, лоцучу заманчохь Цакаевс лелош хиллачу машенан номерш кхечу машенан хилар. Лоцуш йаьккхинчу видео тIехь гуш йу Цакаевн машенан марка - GMC Yukon XL- номеран билгало А899МР 95 йу. Машенийн таллам бечу сервисан хаамашца, йаздо "Агентство" гIирсо, и номер кхечу машенан йу – "Богдан" 2110 (модель кхоьллина йу ВАЗ-2110 бази тIехь). 2023-чу шеран охан-баттахь цуьнан долахо хилла Нохчийчуьра Зархаматов Iаьрби. 2023-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Зархаматовна гIуда тоьхна номерш тIехь йоцуш машен хехкарна, и гIуда а текхна дац.
Де хьалха дуьйцура, Цакаевс лелош хилла машен Канадин Интерполехула лоьхуш йу бохуш, информаци тIечIагIйина йац.
Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс жоп делла Кадыровн дIахьедарна. Шен телеграм-каналехь цо билгалдаьккхина, инцидент хилла КПП федералан жоьпаллехь йу, дагестанхойн полицино дола деш йац аьлла. ХIетте а, бохура политико, "сан йиш йац оцу хьоле цхьана а агIор тхешан МВД-н белхахойн мундираш бехйайта". Меликовс кхайкхамбина "вайн йукъара мостагIчунна" питана лелон меттиг ма бита, "хьал талха ма де ду-духа зорбанашкахь дуьйцуш", цунна хетарехь, бакъоларйаран органийн векалша листа дезаш ду и гIуллакх
- МЧС-н куьйгалле вале хьалха Цакаев гIуллакх деш вара чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь. 2007-чу шарера 20I9-чу шаре кхаччалц нохчийн ОМОН-н командир вара иза. ХIетахь оцу декъо жигараллица меттигера нах лечкъош, царна тIехь Iазапаш хьоьгуьйтура. Цхьайолчу меттигашкахь Цакаевс ша дакъалоцуш хиллера, йаздира Кавказ.Реалии сайто.
- ХIетахьлерачух уггар а дийцаре динчех дара – Умарпашаев Ислам лацар, цуьнан аьтто белира бехкзуламан гIуллакх доладайта. "Новая газето" йаздарехь, хIетахь Цакаевс кхерамаш тийсира Оьрсийчоьнан талламхочунна, Соьлжа-ГIалара базин герга веанчу хьанна а тIе герз деттар ду шаьш бехира.
- ТIаьхьо Кадыровн уллорчо "бегаш бира", тоьпан лаг озор пайден ду 40 минотехь адам кхетон гIерташ къамелаш дечул а аьлла, иштта бакъоларйархочун Янгулбаев Абубакаран доьзалан коьртеш даха деза бохуш, бечу кхайкхамаашна а тIетайра иза.