ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къаьсттина вон некъаш долчу мехкашлахь йу Кхарачой-Чергазийчоь а, Нохчийчоь а


Нохчийчуьра Итон-Кхелан кIоштара некъ. Архивера сурт
Нохчийчуьра Итон-Кхелан кIоштара некъ. Архивера сурт

Кхачам боцучу хьолехь ду Кхарачой-Чергазийчуьра а, Нохчийчуьра а гIалийн некъийн агломерацийн машанан кхозлагIа дакъа. Оцу гайтамца Къилбаседа Кавказан республикаш пачхьалкхера уггар а гIад дайначу субъекташлахь йу, керла зераш* дина Федералан некъан агенталло.

2023-чу шеран стигалкъекъа-баттахь долчу хьолаца, нормативан хьолехь ду 79,3 процент Оьрсийчоьнан некъаш. Къаьсттина эшна хьал го Ярославан кIоштахь (57%), Жуьгтийн автономин кIошташкахь (58), Якутихь (66%), Кхарачой-Чергазийчохь (67%). Нохчийчоьно борхIалгIа меттиг дIалаьцна вон некъаш хиларехь – нормативан хьолехь 70% гIалийн некъаш ду.

Оьрсийчуьра йуккъерчу гайтамал а лахара бу иштта Астраханан кIоштахь (75%), ГIалгIайчохь (76%), Краснодар-махкахь (77%), Волгоградан кIоштахь (78%).

Къилбехь уггар а дика некъаш ду Ставрополан махкахь (нормативашца догIуш ду цигахь официалехь 87%), Адыгейхь (93%).

*Аннекси йинчу ГIирмера а, Севастополера а хьал ду статистикехь, иштта оккупаци йинчу Украинан Запорожьен а, Херсонан а кIошташкара а, сепаратистийн лоручу "ДНР", "ЛНР" меттигашкара а.

  • Дагестанера Каратюб эвларчу бахархоша дIахьедира, Iедалша шайн некъаш тодеш дац – меттигерчара шайн чоьтех нисдо уьш.
  • ХIинццалц хьалха йара Нохчийчоь некъашца хуьлучу бохамашкахь дукха нах леш хиларца, оцу тIехь хьалхайаьлла хаало ГIалгIайчоь а, ГIалмакхойчоь а хIинца. 2023-чу шеран дечкен-оханан беттанашкахь динчу жамIашца, оцу мехкаша хьалхара меттигаш баьхна некъаца хьулучу аварешкахь дукха нах баларца. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин керлачу статистикица, 100 стагана зенаш хилла оцу бохамашкахь. Хьалхо йеххачу хеначохь оцу гайтамца хьалхара йара Нохчийчоь.
  • Астраханан кIоштара а, Кхарачой-Чергазийчуьра а регионалан маьIнехь долчу некъийн кхозлагIа дакъа нормативийн тIедахкаршца догIуш ду. Росавтодоран официалан статистико* бахарехь, 2023-чу шеран зазадокху-баттахь Оьрсийчохь уггар а вон гайтам бу иза.
  • Йерриг Оьрсийчоьнан Iедалхошкахьа йолчу халкъан фондан инспекцино 2017-чу шарахь дIакхайкхийра, ХIинжа-ГIалара некъаш пачхьалкхехь а ледара ду аьлла. Дагестанан шахьарахь эксперташна хааделира уггар а доккха ор: цуьнан кIоргалла кхо метар йара, йохалла – йалх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG