Къилбаседа Кавказехь болх бечу «Къизаллашна дуьхьал комитетан» белхахошна а, цаьрца хиллачу журналисташна а тIелетта зуламхой. Масийтта стаг лазийна ву. Кремлехь иза дитина хулиганалдла санна. Амма и зулам талла бохуш Москох пикеташ дIахьош бу журналисташ а, юкъараллин жигархой а.