ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Калининградан кIоштахь лаьцна Кадыровн векал


Москвара Басманан кхел, архивера сурт
Москвара Басманан кхел, архивера сурт

Калининградехь лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочун векал Романов Альберт Москвара Басманан кхело СИЗО хьажийна. КIоштан центрехь лаьцна иза шахьаре дIавигина.

ТАСС агенталло хаамбарца, Кадыровн векалх шеконаш йу кхаъ оьцуш йукъарло леларна – лаьцна иза Ростовн кIоштан кхелан хиллачу куьйгалхочун Золотарева Еленин хьокъехь долчу бехктакхаман гIуллакхан гурашкахь. Иза бехкейина мел лахара а ворхIазза кхаъ эцарна.

Талламан хаамашца, шен авторитетах пайда а оьцуш, Золотаревас сом-ком луш шен белхан накъосташна Iаткъам беш хилла, цаьрга "оьшу сацамаш тIеэцийта". ХIусамах хьовсучу заманчохь суьдхо хиллачуьнгара даьккхина 128 миллион сом а, 27 эзар евро а, иштта ювелиран хIуманаш а.

Золотаревас шена буьллу бехк тIе ца лоцу, дуьхьал хилла мукIарло дан а, аьлла коллегин кхеташонехь докладхочо. Цуьнан векало Хырхырьян Максима чIагIдарца, охьайаздина мел дерг нийса дац.

  • Ростовн IRnd гIирсо ницкъаллин структурашкара хьастана тIетевжина хаамбира, Золотаревана а, Юрована а бехкала диллина, тобанца курхалла лелор. 161.ru сайтан информацица, лаьцначех шеконаш йу догIуш доцу таIзарш дарна кхаьънаш эцарна, ткъа Юровас Золотарева тIе а хIоьттина, "кхерамехь латтош хилла йоллу регионера кхелаш".
  • Шен хIусамех таллам бинчу шолгIачу дийнахь Золотаревас шен лаамехь балхара дIайолуш кехат йаздира. Юроваца цхьаьна цIахь дIасайалар а дихкина, лаьцна йитина иза
  • Москвара Басманан кхело оханан-беттан 4-чохь лаьцна Рощевский Андрей. Иза стенна бехкево, официалехь хаамбина бац – йиллинчу хьасташкара кхелан сацамаш дIабаьхна, "пачхьалкхан кхерамзаллех" хьакхалучу "информацина доза тухучу федералан пунктана тIетевжина.
  • 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Саратовн кIоштан кхело Дукаев Рустамна дина таIзар хийцаза дитира. Марксовскан кIоштахь ша Нохчийчоьнан урхалхочун векал ву бохура цо. Ахчанаш дахарна колонихь даккха итт шо хан тоьхна цунна.
  • 2020-чу шарахь Товбеца-баттахь Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь лаьцнера Нохчийчоьнан куьйгалхочун Ивановн кIоштахь волу векал Эдильсултанов Iийса. Бинчу хаамца, иза бехке веш вара хьарамлонца ахча даккхарна а, харц тоьшаллаш дарна а.
  • 20I7-чу шарахь Украинехь лецира Нохчийчоьнан куьйгалхочун дуьненаюкъарчу уьйрашкахула волу гIоьнча Цицулаев Рамзан. Цунна экстрадици йира Оьрсийчу. Иза бехке веш ву адам лачкъорна а, ахча даккха гIортарна а. Цуьнан гIуллакх кхеле кховдийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG