ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Канадера Украинан векалалло йемалдина латархочо Бетербиевс Кадыровгахьа дина къамел


Кадыров Рамзан а, Бетербиев Артур а
Кадыров Рамзан а, Бетербиев Артур а

Канадера Украинан векалалло тергойина Оьрсийчоьнан латархочо Бетербиев Артура Кадыров Рамзанна тIетовш аьллачу дешнийн. Векалаллин белхахоша динчу дIахьедарца, спортхочо хьахийна Нохчийчоьнан урхалхо латарш дирзинчул тIаьхьа. Цунах лаьцна хаам зорбане баьккхина векалаллин икс (хьалхо - твиттер) социалан машанашкара официалан аккаунтехь.

Киевн дипломаташа дагадоуьйту, Кадыров Канадин, иштта Американ Цхьанатоьхначу Штатийн а, Британин а санкцешна бухахь хилар а, "Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийна къиза тIом" цо къобалбар а. Бетербиевн вистхиларо тоьшалла до, Оьрсийчоьнан спортсменашлахь "политикан нейтралитет" цахилар, билгалдоккху векалтан хаамехь.

Дечкен-беттан 14-чохь Канадехь турнир дIайаьхьира, цигахь дуьненан чемпионо Бетербиев Артура толам баьккхира британхочуьнца Смит Каллумца хиллачу тасадаларехь. Летарш дирзинчул тIаьхьа хиллачу интервьюхь Бетербиевс хаьттира: "Сайн фанаташна лерина цхьа хIума ала мегий аса?", пурба деллачул тIаьхьа тIетуьйхира цо: "Чечня-сила, Ахмат-сила, Рамзан- чемпион. Дала Iалашйойла Нохчийчоь".

Дагестанера Хасав-Йуртахь вина ву Бетербиев. 2013-чу шарахь шен доьзалца цхьаьна Канаде дIавахара спортхо. Боксана леринчу медиан хаамийн информацица, Бетербиевн хила тарло ВНЖ, йа Канадин пачхьалкхалла.

The Guardian хьастан журналисташна хетарехь, Бетербиев Канадин вахархо ву.

  • Спортхочо массарна а гуш-хезаш гIо доху Кадыров Рамзанехьа, "дин лелоран а, патриотизман а" масал ду олу иза.
  • Канадера Украинан векалалло хьалха а терго тIеозийнера Бетербиевс Кадыровгахьа динчу къамелана.
  • 2022-чу шеран аьхка The Guardian ресурсан журналисташа бехкбаьккхира Бетербиевгара, цо Кадыровца гергарло лелорна. Журналисташа билгалдаьккхира, Кадыровс "спортах пайдаоьцу шен культ чIагIйархьама", ткъа цуьнца кхин дIа а йукъарлонаш лелор тида тарло санкцеш йохор санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG