ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карарчу хенахь ГIалгIайчоьнан волу куьйгалхо шолгIачу ханна йуха а хаьржина


Калиматов Махьмуд-Iали
Калиматов Махьмуд-Iали

Карарчу хенахь ГӀалгӀайчоьнан куьйгалхо волу Калиматов Махьмуд-Ӏали йуха а шолгӀачу ханна хаьржина – меттигерчу парламентан 32 депутатах 25-ммо кхаж тесна хилла цунна.

ГӀалгӀайчоьнан куьйгалхочун харжамаш дуьххьалдIа бац, сацам тӀеоьцу регионан Халкъан гуламо. Кху шарахь харжамашкахь Калиматов воцург Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира йукъавахийтинера кхин а ши кандидат. Республикера медицинан а, социалан а экспертизан коьртачу бюрон декъан куьйгалхо Арапханов Ӏалихан а ("Нийсонан Оьрсийчоь" цӀе йолчу юкъараллера), ГӀалгӀайчоьнан парламентан пачхьалкх кхолларан а, низамаш кхолларан а комитетан куьйгалхо Гадиев Ислам а (ЛДПР-ера), йаздо ТАСС пачхьалкхан агенталло.

Губернаторан харжамаш бу Оьрсийчоьнан 21 регионехь дIабоьлхуш кху гезгамашин-баттахь. Харжамхой ларбечу "Аз" боламо, массо а губернаторийн кампанешна анализ а йина, дӀахьедина, царех цхьаьннан а конкуренци йац – имитаци йара аьлла.

Кху бIаьста Москварчу кхело лецира ГӀалгӀайчоьнан куьйгалхочун ваша, Оьрсийчоьнан почтан республикерчу декъан хилла куьйгалхо Калиматов Мохьмад-Башир. Иза бехкевина къаьсттина баккхийчу барамашкахь бозбуанчаллаш лелийна аьллачу гӀуллакхехула. Цунна бехке дуьллуш ду вовшахтоьхначу зуламхойн йукъараллехь 2 миллиард гергга ахча лачкъор. Хьалхо хааме даьккхинера, оцу гӀуллакхехь верриг а 34 стаг лаьцна хиларх а, 60 сов адресца талламаш бина хиларх а.

  • 2023-чу шеран жамIашца пачхьалкхехь уггар а лахара пенсеш долчу кхаа регионашлахь нисйелла ГIалгIайчоь, иштта заьIапхойн пенсеш лахара хиларца пхеа регионна йукъахь а дIатарйелла. Ишта республика тIаьххьарчу меттигехь йу цхьана сина йуккъерчу барамехь тIедогIучу рицкъан тIегIанца а, цу тIе бахархошна билггал тIедогIург лахлуш лаьтта, пачхьалкхехь цуьнан барам дикка лакха баьллашехь.
  • ГIалгIайчоьнан Iедалхоша 2023-гIа до карадеача кхетийра меттигерчу бахархошна пенсеш хьедаран бахьанах, "электронан базера пенсхойх хаамаш нийса йазбина цахиларна" аьлла. Мехкан куьйгалхочун Калиматов Махьмуд-Iалица хиллачу цхьанакхетарехь цунах лаьцна дIахьедира Орсийчоьнан Пенсин фондан регионера декъан урхалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG