ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказ а, Киев а: цаторийла хилла барт, йа йеххачу ханна декъашхой


Украинан талламхойн хьаькам Буданов Кирилл ву президентана Зеленский Владимирна Нохчийн Ичкерия республикин лаккхара пачхьалкхан совгIаташ луш, 2023-чу шеран оханан-бутт
Украинан талламхойн хьаькам Буданов Кирилл ву президентана Зеленский Владимирна Нохчийн Ичкерия республикин лаккхара пачхьалкхан совгIаташ луш, 2023-чу шеран оханан-бутт

Къилбаседа Кавказан а, Украинин а йукъаметтигаш масех иттаннашкахь шерашкахь кеп-кепара хуьлура: къаьстинчу хьаькамаша а, партеша а Ичкерин суверенитет къобалйарна тIера, нохчийн тIемалошна Оьрсийчу экстрдаици йарна тIекхаччалц. Цигахь гIело латтон тарлора царна тIехь, йаккхий хенаш а йетташ. Оьрсийчоьнан эскарш 2022-чу шарахь Украине гIоьртинчул тIаьхьа, меттигерчу парламенто дуьххьара къобалдира Ичкерин йозуш цахилар. Ткъа пачхьалкх Iалашйан гIаьттира масех нохчийн лаамхойн дакъош. Кавказ.Реалиин сайто хеттарш динчу эксперташа бакъдира, кавказхойн а, Киевн а йукъаметтигаш тIаьххьарчу шарахь дикох хилар, амма гена гIур дуй?

Йукъара синаттам – пачхьалкхалла цахилар

Украинхойн а, кавказхойн а йукъаметтигаш къасторан билгало йара шина бIешерашкахь пачхьалкхалла цахилар. Империн центро шен аьтто мел болу вовшашна дуьхьал дохура шаьш карадерзийна къаьмнаш. Масала, Кавказан тIамехь Александр Хьалхарчо а, цул тIаьхьа Николай Хьалхарчо а, шаьш схьадевлла меттиг хуучу Кубанехь бехачу Запорожьера гIалгIазкхашка гIо доьхура.

Делахь а украинхойн историкна, Германира Фрайбурган университетера Малхбале толлучу Якубович Михайлона хетарехь, кубанхойн гӀалагӀазкхий украинхойх лаьтташ йара, амма йацара украинхойн.

"ГIалгIазкхий украинхой бара бохуш къестамаш бийр бацара аса. Запорожьен Сечи 1775-чу шарахь вовшахйаьккхинчул тIаьхьа, - Оьрсийчоьнехьа бара уьш, йа оьрсех тарбина, йа оьрсийн гIалагIазкхий. Цхьана а тайпа шайн карахь хIума долуш йацара Украина, цундела адыгашна геноцид йеш йукъахь бара уьш бохуш дийцар - гIирмахойн гIажаршна геноцид йарна узбекаш бехкебар санна хIума ду, бохийна балийна нах дIатарбеш гIодина бен уьш боццушехь", - билгалдаьккхира Якубовича Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь.

Иштта тIеоьцийла ду Сталинан репрессешкахь дакъалаьцначарлахь хиллачу къаьстинчу кавказхойн фамилеш а. Историкана хетарехь, шен маршонан хьалхарчу иттех шарчохь Украинан башха гIуллакх а дацара Къилбаседа Кавказехь лаьттачу хьолаца. Уггар а хьалха, шаьш Европе гIерташ хиларна.

Халкъан дипломати

Украинхойн йукъараллера пассионаран декъан а, украинхойн бюрократин а кавказхошка хилла йукъаметтиг къастон йезаш йу. Хьаькамийн доккхаха долчу декъо 90-чу шерийн йуьххьехь шайн кабинетийн неIарш тIера Советан заманара цIераш хийцира. Амма аьттурадикалан кхетам болчу Украинан къоман ассамблейн политикан партино (УНА-УНСО)кхечу политикан тобанашлахь уггар а хьалха халкъан дипломати кхочушйира шаьш Абхази а, Нохчийчоь а йу аьлла, дIакхайкхийначу мехкашкахь.

1992-чу шарахь Абхазихь украинхойн националисташа Гуьржийчоьнан дозанаш лардира, ткъа кхо шо тIаьхьа Нохчийчохь – Ичкерин йоцуш цахиларна тIетайра. Тахана Оьрсийчохь и парти экстремистийн лерина.

Лупинос Анаталий лаьцначул тIаьхьа, 1971 шо
Лупинос Анаталий лаьцначул тIаьхьа, 1971 шо

Оьрсийчоьнех кавказхойн халкъашна маршо йоьхучарех уггар а маьIне вара украинхойн поэт, диссидент Лупинос Анатолий. Советан заманара набахтешкахь хан йаьккхина иза масийттазза цхьаьнакхийтира Ичкерин президентаца Дудаев Джохарца а, Масхадов Асланца а, иштта нохчийн тIемалойн хьалханчаца Басаев Шемалца а. Лупиноса лецначуьра маьршабохура махкахой, Украине дIадуьгура дайх-нанойх хедда бераш.

Украинхошна а, нохчашна а йукъахь тешам хилийтархьама дуккха а къахьегна ву Одессан хилла мэр, жуьгти Гурвинц Эдуард а. Оцу гIалахь садоIуш, дарба лелош бара Ичкерин агIончаш, кхузахь баха хевшира Нохчийчуьра тIом бахьана долуш цигара бовда безнарш а. ХIинца Одессехь – Украинера уггар а йоккхаха йолу нохчийн диаспора йу, ткъа цунна гергахь йолчу Фонтанка эвланах "нохчийн йурт" олу.

Оцу йукъанна Украинан политикан истеблишмент дукха хьолахь бен-башха доцуш йара Оьрсийчоьнан эскаро зенаш динчу нохчашца. Масех меттиг нисбелира украинхойн Iедалхоша Оьрсийчоьне къоман боламан декъашхой дIабелла. Масала, 2018-чу шарахь Украине веара Бакаев Iела, тховкIело а йийхира цо. Интерполехула лохуш хиларца доьзна лецира иза аэропортехь, Нохчийчуьра Росгвардин декъана тIелетар дина ву аьлла. ТIаьхьо гучуделира, бехк цунна харцонца биллина хиларх.

Малхбалена гергахь талламаш бечу Центран (Киев) директоран гIовса Данилов Сергейс кхетадо оцу позицех, СССР-на йукъара йолучу заманчохь тIелаьцна Киевн официалехь декхарш ду уьш аьлла.

"Украина – Советан заманахь хилла мехкийн суверенитет а, пачхьалкхалла а къобалдарна тIехь кхоьллина халкъийн йукъаметтигийн Беловежьен система вовшахтоьхначех цхьаъ йу. Оцу системехь Украино къобалдира Орсийчоьнан дозанаш дийна хилар, Москвана тIедожийра иштта шайца а хилар. Цундела йеххачу заманчохь официалан Киев дуьхьал йара нохчийн гIаттамхошна", - элира Даниловс.

2005-чу шарера 2010-чу шаре кхаччалц Ющенко Виктор президент волчу хенахь Киев нейтралехь йара нохчашца йолчу йукъаметишкахь, амма Оьрсийчоьнан Iедална муьтIахь волу Янукович Виктор Iедалан коьрте кхаьчча кадыровхошца доттагIалла долийра. Кадыровн векал гучувелира Украинехь – Цицулаев Рамзан, Ичкерин агIончашна кхераме белира мохк.

Лаамхой: дог-ойла таллар

2014-чу шарахь Оьрсийчоьно агресси йолийча Цицулаев Оьрсийчу дIахьажийра, Украине гIоьртира маршонехьа тIемаш бина нохчий. Украинехь тIом балун эскарш цахиларна Iедалхой царна гIодан хьийзара. Иштта кхоьллина ду лаамхойх нохчийн ши дакъа: ЧIебарлойн Муслима куьйгалла ден Шейх Мансуран цIарах батальон а, Дудаевн цIарца йолу Мунаев Iийсас буьйралла дина батальон а, иза кхелхинчул тIаьхьа Осмаев Адам хIоттийра батальонан куьйгалле. Янукович урхаллехь волчу заманчохь цхьа делан къинхетам хьалхабаьлла висира Осмаев Оьрсийчу дIа ца луш. Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело дихкира Украинана иза дIавала. Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна кIело кечйеш хилла аьлла, бехкевинера иза.

Оьрсийчоь тIелеттачул тIаьхьа оцу шарчохь Украина мел а меттайеана Iадийначуьра. Киевн Iедалхошна йицйелира шаьш кавказхошна тIом болабеллачу хьалхарчу беттанашкахь йина хилла чIагIонаш: Украинан паспорт лур ду йа гуттаренна а баха буьтур бу аьлла. Пачхьалкхалла лур доций хиъча, нохчий а, кхинболу кавказхой а дIасаэха буьйлабелира. Ткъа бухахь бисинчарех нелегалаш хилира: тIамтIехь уьш хье ца бора, ткъа тIамна генарчу йаккхийчу гIаланашкахь даим а кхерам бу царна пачхьалкхера арабахарна.

2018-чу шарахь Оьрсийчоьне дIавелира Шейх Мансуран батальонера Тумгоев Тимур. Шемахь вовшахкхеттачу гIаттамхошлахь хилла ву аьлла бехкевинера иза, шогачу хьелашкахь йолчу набахтехь даккха 19 шо хан туьйхира цунна. Хьалхо Тумгоевс дIахьединера шена гIело йарх, иштта цо бакъ ца дора, ша Шемахь хилар а. Дукха ца Iаш Молдове дIахьажийра батальонера кхин а цхьа тIемало – Акиев Руслан, 7,5 шарна чувоьллира иза ницкъахочунна тIеллета аьлла. Цо бартхошна йукъара тешам байира.

РогIера доттагIаллица йоцу гIулч йара Киево нохчашна дуьхьал йаьккхинарг – Зеленский Владимира нохчийн партнерашна дуьхьал санкцеш йахар. 2021-чу шарахь къоман кхерамзаллин Кхеташоно чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин хьехамца "криминалан элементийн тептар" хIоттийра – арахьарчу мехкийн бахархошна тоьхначу санкцеша цаьргара дIайохура шайна пачхьалкхехь баха йелла бакъонаш, дIакъовлура церан банкашкара чоьташ, дIайохура активаш. Оцу йукъа бахийтира коьртехь ЧIебарлойн Муслим волчу Шейх Мансуран батальонан тIемалой а.

ТIамера политике

2022-чу шеран чиллин-баттахь оьрсийн арми Украине гIортаро хийцира украинхойн Iедалхошца кавказхойн лаамхойн йукъаметтиг. Пачхьалкх Iалашйан баьхкинера Нохчийчохь а, Шемахь а тIемаш бина нохчий (Ажиев Рустам а, цуьнан гIаттамхой а). Нохчийн Ичкерия республикин дакъойх дIакхийтира уьш.

Киевехь ичкерихойн векал ву Нохчийн Ичкерия республикин куьйгалхо Закаев Ахьмад. Цуьнан гIора кхечира йозуш йоцчу Ичкерин доллу дакъош цхьаьнатоха, шейх Мансуран батальн йоцург. Закаев кест-кеста цхьаьнакхета украинхойн политикашца, цо жигара дуьйцу боьдучу тIамах лаьцна а, украинхойн-ичкерихойн йукъаметтигех а.

Нохчийн оппозиционерийн шолгIачу декъан коьртехь ву "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхо Сулейманов Джамбуат а, Ичкерин хиллачу шолгIачу президентан кIант Масхадов Анзор а. Цу шиммо билгалдоккху Украинаца политикан йукъарлонаш лелон лаарна. Масала, Сулеймановс консультацеш дIахьо украинхойн парламентан депутаташца, иза хуьлу Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейхь а.

Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь Сулеймановс элира Украинан кавказхойн политикаца къаьстина а, цхьалхадаьлла а хIуммаъ а дац. Цуьнан бахьана хета цунна, шаьш кавказхоша кхеттош дIахьейина Iалашонаш а, оцу Iалашонашка кхачон политикан боламаш а цахилар.

"Украинан кавказхошца йолу политика мел а къегина хир йу Кавказан халкъийн политике гIертаран Iалашонаш къастийначул тIаьхьа", - аьлла хета политикна.

Нохчийн лидерийн жигаралло гIо дира 2022-чу шеран гIадужу-баттахь Украинан Лакхарчу радехь Ичкери Оьрсийчоьно дIалаьцна мохк бу аьлла, тIелацийта. Украинхойн парламентехь адыгашна йинарг геноцид йара аьлла, лоруш бина сацам бу. Оцу кепара сацам Гуьржийчоьно тIеийцира Саакашвили Михаил президент волчу хенахь.

Ханна барт хилар йа партнераш?

Кавказхойн дуьхьалонца йукъарло тасадалар нисделира Оьрсийчоьн тIелатар дича. Амма, Нохчийчуьра лаамхой Оьрсийчоьне дIа а луш, шен тоххара хиллачу негативе стереотипех мел мукъайаьлла Киев? Оцу хаттарна жоп коьрта ду кавказхошна а, шайна украинхошна а санна.

"Украинан политика цкъачунна кхин дIоггара тIе ца оьцу кавказхоша. Цкъа делахь, кхеташ бу: бертабахархьама и лелош дерг тIамца доьзна хиларх. ШолгIа аьлча, уьш ца теша иштта политика йехха лаьттарг хиларх, кхозлагIа, оцу политикин маьIнех хIинца а кхеташ дац", - аьлла хета Джеймстаунан университетан экспертана Дзуцати Валерийна.

Цкъачунна Киевн Кавказца йолу политика кху муьрехь йолчу йукъанна, цуьнан бух гуш бу: империна дуьхьал, Оьрсийчоьнна дуьхьал йу иза.

Малхбалена гергахь талламаш бечу Центрера Данилов Сергейна хетарехь, Украино харжа йеза кху хенарчу дозанашца Орсийчоь йеххачу ханна пачхьалкх санна тIе ца лоцу политика.

"Кхин дIа деколонизаци йан объекте санна Украино Оьрсийчоьнехьа позици лацар - гаранти йу, Киево Ичкерих Оьрсийчоьнан экспанси сацон гIирсах санна, йа машар бан мел а шена пайден кепаш йаха пайдаоьцур бац аьлла", - дIахьедира Даниловс.

  • Украинехь тIом боьдучу заманчохь Нохчийчоьнан Iедалхошна а, оьрсийн эскаршна дуьхьал тIемаш бечу, мохк маьрша хила луучарна а йукъахь хьал телхина догIу. ГIадужу-беттан 12-чохь Соьлжа-ГIалахь бехкзуламан гIуллакх долийра, Украинан интернационалан легионан декъехь тIемаш бечу къобалйазчу Ичкерин Къаьстинчу батальонан (ОБОН) тIемалочунна дуьхьал. Цул хьалха Ноъчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дош делира, Ичкерин шина декъан командираш болу меттиг шена йийцахь, мах лур бу ша аьлла.
  • ТIаьххьарчу масех баттахь украинхойн Бахмут йоккхуш тIетаьIIина тIемаш бечу тобанашлахь йу нохчийн лаамхойн Шейх Мансуран цIарах батальон а. Цуьнан декъера дукхахболу тIемалой йахначу хенахь Ичкерин марш къуьйсуш хилла бу, ткъа Оьрсийчоь Украине гIортар Нохчийчуьра тIемаш кхин дIа бар ду боху цара. Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь царех шиммо дийцира, тIаьхьарчу тIамо шайн дахар муха хийцина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG