ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кавказ" некъа тIехь бохамашкахь нислун баларш алсамдевлла шина шарчохь


Трасса "Кавказ", архивера сурт
Трасса "Кавказ", архивера сурт

Карарчу шеран стигалкъекъа-товбеца беттанашкахь федералан Р217 "Кавказ" федералан трасси тӀехь бохамашкахь велла 365 стаг. 2022-чу шарахь хиллачул цхьаъ ахазза сов ду и терахь – хӀетахь байинчеран терахь дара 240 стаг, боху "Верстка" зорбанан гӀирсо, ГИБДД-н хаамашна тӀе а тевжаш кечйинчу аналитикехь.

"Кавказ" некъ дӀабоьду Кубанера Павловская юьртара Азербайджанца дозанехь йолчу Дагестанан Яраг-Казмаляр юьрта кхаччалц. Кхин дIа Ставрополан мехкан а, ГӀебарта-Балкхаройн а, Къилбаседа ХӀирийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а, Нохчийчоьнан а территорешкахула. Оцу некъа тӀехь 2024-чу шарахь уггар дукха зе хилларш – 144 стаг ву – Дагестанехь хилла.

Москва Волгоградца йузучу Воронежан кӀоштан Борисоглебск гӀалара Саратове кхаччалц филиал йолчу Р22 "Каспий" автомагистраль тӀехь, оццу муьрехь нисделла баларш алсамдевлла- 141-на тӀера 187-на тӀекхаччалц.

Оцу йукъанна М4 "Дон" трасси тIехь – и некъ Москвара дIа Новороссийске боьду Ростов, Краснодар гIаланашкахула, стигалкъекъа-товбеца беттанашкахь баларш лахара ду, 2022-чу шарахь хиллачуьнца дуьстича. Амма алсам ду 2023-чу шарахьчул а – 197. Оцу некъа тIехь 2024-чу шарахь леш болу нийса ах гергга нах- 162 стаг- велла Ростовн кIоштахь а, Краснодар-махкахь а.

2022-чу шеран оццу муьрца дуьстича, 2024-чу шеран хьалхарчу эхашарахь Оьрсийчохь (аннекси йина ГӀирма а, Севастополь а юкъайогӀуш) уггаре дукха некъан бохамашкахь беллачеран терахь уггаре дукха алсамдаьлла регион хилла дӀахӀоьттина Ростован кӀошт. 208-чу стагера 281 стаге кхаччалц хьаладаьлла иза, вуьшта аьлча, кхоалгӀа дакъа сов. Иштта хьалхарчу итт "лидерна дуьхьал" йолчу регионна юкъайогӀура Краснодар а, Ставрополан территореш а, Дагестан а.

"Верстка" гIирсо дийцарехь, тӀеман белхахой йукъахь болуш некъахьовзамаш алсамбовлар ду леш берш дукха хиларан бахьанех цхьаъ. Иштта публикацехь хьахош ву федералан пачхьалкхан некъан инспекцин куьйгалхо Черников Михаил. Ӏедалехьа йолчу "Извести" ресурсана интервью луш цо кхетийра къилбаседан а, Кавказан а автомагистралаш тӀехь леш берш алсамбовлар Украинера тӀеман тӀаьхье йу аьлла. Оцу маршруташкахь къаьсттина некъаш дуьзна хилар алсамдаларан бахьанашна йукъахь хьаькамо цӀераш йоккху малхбузера къилбехьа а, малхбалехьа а кир дIасакхоьхьу йаккхий машенаш дӀасалелар. Ишта Оьрсийчоьнан къилбаседехь садоIучу нехан терахь алсамдалар а, къаьсттина, аэропорташ дӀакъевлина хиларна, автотранспортах пайдаоьцуш хилар а.

  • Пачхьалкхан регионашкахьчул а лаккхара гайтамаш бу Дагестанехь некъаца хуьлучу бохамашка хьаьжча, дIахьедира охан-баттахь республикера ГИБДД-н куьйгалхочо Шалагин Александра.
  • Дагестан а, ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а хьалха йу пачхьалкхехь ОСАГО системера страхованин хиламаш алсам хиларехь. Цунах лаьцна дуьйцу Оьрсийчоьхь машенашца хуьлу зен меттахIотточу хьукматийн цхьаьнакхетаралло (РСА) бинчу талламан зерашкахь. Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а хIора шийттолгIачу машенлелорхо оьцу страховка йина ахча.
  • Товбеца-баттахь Ростовн-кIоштара Новошахтинск гIалахь тIеман КАМАЗ а, Kia машен а дуьхь-дуьхьал кхетча йелира жимчу машенара зуда а, цуьнан 6 шо долу бер а. Кхин а кхо бер дарбан цIийне дигира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG