ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказан бахархошка "жигара хила", "дуьхьалонан тобанаш вовшахтоха" аьлла, кхайкхам бина Саакашвилис


Саакашвили Михаил
Саакашвили Михаил

Набахтехь латтон Гуьржийчоьнан экс-президент Саакашвили Михаил вистхилла Къилбаседа Кавказан къаьмнашка "жигара довла", "дуьхьалонан гаранаш карладаха" аьлла, хаамбина "Эхо Кавказа" сайто фейсбукехь политико зорбане даьккхинчу дIахьедарна тIетевжина.

"Хан тIекхаьчна", йаздо Саакашвилис. Цо бахарехь, "шен тIаьххьара беттанаш токхуш йолу Оьрсийчоьнан импери бIешерашкахь Кавказна тIехь гIело латтийна, дийнна халкъаш хIаллакдина, кхин дIа а геноцид лелош, кавказхошна русификаци йеш схьайогIуш йу. Цо чIагIдо, "дукха хан йоццуш хиллачу хиламаша гайтина Москварчу рожан эгIазалла".

Цундела, Саакашвилина хетарехь, "жигарадовла хан кхаьчна". "Керла дуьхьалонан тобанаш кхолла, карлайаха ширанаш, диаспорашца шайн уьйраш чIагIйе, цаьргахула а, Украинехула а цхьаьна керла демократин дуьне кечде вай, Къилбаседа Кавказан мехкашна маршо а луш", аьлла, кхайкхамбина политико. Цо иштта хьоьху, "вовшашца тIеш догIар", шаьш боху "Оьрсийчоь йуху процесс" мел а нуьцкъала хилийта а, тIейогIучу хенашкахь кхин конфликташ ца хилийта а".

Саакашвилис хьехна Киевехь "гуттаренна Маьршачу Кавказан секретариат" кхолла аьлла. Иза тешна ву, Украинан Iедалхой шена тIетовр бу аьлла.

Политик тешна ву, Путинан раж Оьрсийчохь йоьжначул тIаьхьа Гуьржийчуьра Iедал а хийцалур ду аьлла, иштта Азербайджан а, Эрмалойчоь а берта йахийта перспективаш хир йу аьлла. "Цундела вайна кеста гур йу кхечу тайпа, вовшахкхетта Къилба Кавказ, цуьнца цхьаьна некъаш лохур ду вай йоллу Кавказ вовшахтоха, толам баьккхинчу Украине а, йоллу Европе а довлуш", - чIагIдо Саакашвилис.

Карладоккху, стигалкъекъа-баттахь "Формула" оппозицин телекомпанин журналистана Таргамадзе Георгийна йозанехь йеллачу интервьюхь Саакашвилис дIахьедира, Украинана дуьхьал болийна тIом бирзинчул тIаьхьа "кегийчу дакъошка йекъалур йу Оьрсийчоь", и процесс "Къилбаседа Кавказана тIера йолалур йу" аьлла. Оцу интервьюхь политико чIагIдора, тIаьххьара а "украинхойн-гуьржийн доза Сочин кIоштахула чекхдолуш хир ду" бохуш.

  • Гуьржийчоьнан президент Саакашвили Михаил лаьттира 2004-2013-чу шерашкахь. 2015-2016-чу шерашкахь Тбилисерчу кхело чохь йаккха хан туьйхира цунна. Бехктакхаман гIуллакхан шина эпизодехь, шен даржан таронел лакхавала хьажар, белхан таронаш харцонца лелор. Кхелашкахь лаьтташ ду кхин а кхо гIуллакх. Таронел лакха кховдар, ахчанаш дайъар, 2021 -чу шарахь гезгмашин-беттан 28-хь пачхьалкхан доза низамза хадор. Хилла президент къайлах шуьра сурсаташ лелочу машенаца Украинера даймахка вар ду дуьйцуш дерг.
  • 2021-чу шеран гIадужу-беттан 1-хь Тбилисерчу конспирацин петарехь дIалецира Саакашвили Михаил. Стохкалерчу стигалкъекъа-баттахь дуьйна Тбилисерчу тоьллачу "Вивамеди" клиникехь могушалла тайеш дарбанаш лелош ву иза, эндокринологин, неврологин, психиатрин цамгарех хьалхавалархьама.
  • ГIадужу-баттахь Лаккхарчу Радехь сацам бина, Нохчийчоь Оьрсийчоьно цхьана ханна оккупаци йина хилар бакъ деш, "нохчийн къомана йина геноцид" йемалйеш. Цу сацамна кхаж тесна гуламерчу мел волчу 287 депутато. Бинчу сацаман авторех цхьаъ Гончаренко вара.
  • ГIадужу-беттан чакхенгахь Iойрат-гIалмакхойн къомо тIеийцира "ГIалмакхойн республикин маршо" цIе йолу деклараци. Украинехь тIом болабелчхьана, Оьрсийчоьнан федерацерчу къаьмнийн субъекташа дуьххьара беш бац и тайпа маршонан кхайкхамаш: Варшавехь, Прагехь, Гданьскехь дIайаьхьира "Оьрсийчоьнан маьршачу къаьмнийн форумаш". Ткъа Киевехь цхьаьнахийтира "Кремлан рожо гIело латточу" этносийн векалаш.
  • Дечкен-беттан 7-хь Стамбулехь дIабаьхьира ГIалгIайчоьнан маршонан агIончийн гулам. Цу гуламехь дIахьедира, ГIалгIайчоь йозуш цахиларан Комитет вовшахтохарах. Комитетан Iалашонаш йу - маршонехьа йолчу ойланехь гIалгIайн къоман бартбар, культура а, дин а лардар, маьрша ГIалгIайчоь йаран бух кечбар, "гIалгIай лебар, къомана рогIера гIело йар кхин тIе цадитар".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG