ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кавказан къаьмнийн ассамблей" Оьрсийчохь "ца оьшу организаци" йу аьлла дӀакхайкхийна


Кутаев Руслан
Кутаев Руслан

Оьрсийчоьнан юстицин министралло "ца оьшучу йукъараллийн" тептаре йазйина пачхьалкхал арахьа болх беш йолу "Кавказан къаьмнийн ассамблей".

Реестрехь яздинчуьнца а догӀуш, оцу кепара омра арахецна марсхьокху-беттан 2-чу дийнахь, Оьрсийчоьнан Коьртачу прокуратурин буха тIехь. Цу тӀехь хаийтина дац "Кавказан къаьмнийн ассамблейна" мича бахьанашца йелла "оьшуш йоцург" аьлла статус.

"Кавказан къаьмнийн ассамблейна" Францихь регистраци йина, цуьнан куьйгаллехь ву нохчийн политолог Кутаев Руслан.

Инарла прокуратурана хетарехь, "конституцин низаман бухна, пачхьалкхан тӀеман таронашна, йа кхерамзаллина кхерам латтош йолу" арахьара, йа дуьненаюкъара организацеш "ца оьшурш" аьлла дӀакхайкхош йу. Цу тайпачу вовшахтохараллех долу низам йукъадаьккхира 2015-чу шарахь, тептар лелош йу Оьрсийчоьнан юридикан министралла.

"Ца оьшучу организацийн" йиш йац Оьрсийчохь структурийн дакъош схьаделла (ткъа дерш а дӀакъовла деза), ахчанца йоьзна транзакцеш йан а, информацин материалаш йаржоран Ӏалашонца нахала йаха а, Iалашъйеш латтон а, юридикан агӀонаш кхолла а, программаш кхочушъйан а.

Бахархошна, ур-атталла Оьрсийчоьнал арахьа бехачарна а, "ца оьшучу организацин" гӀуллакхехь "дакъалацахь", административан жоьпалла ду тIедожош. Цу йукъахь ду, масала, цуьнан материалашна тӀевуьгу линкаш зорбане йахар а. Нагахь санна низам шолгIа а дохийнехь – бехктакхаман жоьпалла кхачадо. "Ца оьшучу организацина" ахча латтийнехь, йа церан болх вовшахтоьхнехь бехктакхаман гIуллакх доладо маса.

  • 1944-чу шарахь нохчий а, гӀалгӀай а махкахбаьхна рогIера шо кхачарна лерина конференци вовшахтоьхнера 2014-чу шарахь Кутаев Руслана. И барам республикан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца дагабевлла вовшахтоьхна бацара, депортацих лаьцна ма хьехаде баьхначу цуьнца бIостане дара.
  • Масех де даьлча Кутаев лецира, цунна тIехь гIело хьийгира, цул тӀаьхьа шайггара цунна дуьхьал даьккхира наркотикех гӀуллакх. Шена тоьхна диъ шо гергга хан йаьккхира цо набахтехь, "Мемориало" политикан тутмакх лерира иза. 2023-чу шарахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело къобалдира, Кутаевн хьокъехь Iазапаш магийна цахиларх, нийса кхел йан цуьнан йолу бакъо а, маршонан бакъо а, цунна тIе кховда йиш цахиларх бакъо а йохийна хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG