ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказан кхо мохк хьалха бу Оьрсийчохь некъан бохамашкахь а, страховани йарехь а 


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестан а, ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а хьалха йу пачхьалкхехь ОСАГО системера страхованин хиламаш алсам хиларехь. Цунах лаьцна дуьйцу Оьрсийчоьхь машенашца хуьлу зен меттахIотточу хьукматийн цхьаьнакхетаралло (РСА) бинчу талламан зерашкахь.

Хьалхарчу меттигехь йу 10% гайтамца – Дагестан. 2022-чу шеран гIадужу-баттера 2023-чу шеран гезгамашин-беттан 30-чу дийне кхаччалц ОСАГО страховка йина хIора иттолгIа стага некъаца хиллачу бохамехь бехке хиларца.

ЩолгIачу меттигехь йу - ГIалгIайчоь: ОСАГОхула кхузахь страхованин хиламаш нисло 8%. КхоалгIа меттиг дIалоцу – Нохчийчоьно 7,6 процент гайтамца. Кхарачой-Чергазийчоь дIатарйелла ворхIолгIачу меттехь 5,6 процентаца. Красноярск-махкахь – 4,9%. КIезиг терахь гойту Къилбаседа ХIирийчохь а, Астраханан кIоштахь а – шинна а кхаьчна 4,7 процент рейтингехь.

"Нагахь санна Дагестанехь страхованин хиламаш хилар жимма лахлуш делахь, ГIалгIайчохь лакхадолуш ду терахь, - билгалдоккху йоллу Оьрсийчуьра страховкаш йечийн йукъараллин президенто Уфимцев Евгенийс. - Регионашкахь страховка йен меттигаш кест-кеста нисбаларо хоуьйту некъаца дIасалеларехь йуьсучу проблемех а, ОСАГОхь харцо лелор лаккхарчу тIегIанехь хилар а".

Оьрсийчохь страховка йар 4,6 % ду, билгалдоккху РСА-н пресс-гIуллакххоша.

Кавказ.Реалиин сайто йаздира, йоллу Оьрсийчоьнан регионашкахь алсам некъан бохамашкахь белларш 2019-чу шарахь билгалбовларх Нохчийчохь. Эзар зенаш хиллачарлахь 251 велларг ву. Цунна тIаьхьа йу ГIалгIайчоь – 160 велла эзарлахь. ГIебарта-Балкхаройчохь – 136 велла эзарлахь, Дагестанехь кхелхинарг ву 135.

  • 2022-чу шеран хьалхарчу эхашарахь йоллу Оьрсийчохь некъан бохамашкахь 100 лазийначарлахь МВД-н статистикица, велира 7,7. Къилбаседа Кавказан мехкашлахь къаьсттина дукха некъаца бохамаш нисло аьлла къастйина оцу хеначохь Дагестан – 655, аьлла ду РИА "Рейтинг" агенталлин статистикехь.
  • Къайлахчу сервисаша дIахьедира страхованин компанешкара ахчанаш лечкъон зуламан тоба гучуйаккхарх шаьш. Ницкъахойн хаамашца, бехкехетарш лелаш хиллера Къилбан а, Къилбаседа Кавказана федералан гонашкахь а – оцу бахьанашца страхованин полисаш йазйелла дикка бохура. Тобанан йукъахь хиллера страховани йечу компанийн белхахой, ницкъахой, некъан бохамашкахь хилла зенаш зуьйш берш а. Некъан бохамаш хилла бохуш, кехаташ хIиттош, цунах "Россгосстрах" компанигара ахчанаш оьцуш хиллера цара.
  • Краснодаро а, Дагестано а шолгIа а, кхоалгIа меттигаш бехира страховкаш хIитточу Оьрсийчоьнан йукъараллин рейтингехь ОСАГО-н ахчанашца хьарамлонаш лелорехь. 2022-чу шеран исс баттахь цигара бахархоша страхованица хьарамлонаш лолочарна дуьхьал къийсам латточу Комитете латкъамаш бира 565-зза а, 442-зза а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG