ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказехь ЛГБТ-наханна тIехьбевлла лелар сацаде аьлла Оьрсийчоьне Ирландино


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Лахьан-беттан 13-хь Оьрсийчоьнан векалш докладаца бистхилла ООН-хь, пачхьалкхерчу адамийн бакъонех дерг олуш. Цунна жоп луш пачхьалкхаша-декъашхоша хьехарш дина – масала, Ирландин векалша дIахьедина, къаьсттина Нохчийчохь, Къилбаседа Кавказехь, кхечу регионашкахь ЛГБТ-наханна тIехьбевлла лелар сацон деза аьлла.

Кхеташонехь Оьрсийчоьнан цIархъ вистхилира юстицин министран гIовс Логинов Андрей. Пачхьалкхехь ЛГБТ-нах хьийзош бац аьлла цо, амма тIетоьхна "дуккха а къаьмнаш дехачу пачхьалкхан ламасташца" догIуш доцург "сецоран барамаш" бу лелош.

Цул тIаьхьа Оьрсийчохь ЛГБТ-нах хьийзор сацаде элира иштта Исландино, Германино, амма Ирландино бен билгал ца даьккхира, Кавказехь бакъонаш хьешарх дерг. И дIахьедарш хьехарш санна бен кхин ницкъ болуш дац.

Адамийн бакъонехула Оьрсийчоьно кхиамаш бахарх карарчу хенахь дIахьедина ГIажарийчоьно а, Малайзино а.

  • Лахьан-беттан 3-чохь Берлинехь схьайиллира No Such People Here ("Тхан ишта нах бац") гайтам. Цигахь охьайехкинера Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а сексуалан ориентаци бахьана долуш ЛГБТК+ лоьцучу нехан долара хIуманаш, аудиош, суьрташ, Цуьнан цIе тилла дагадеара Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, республикехь гейш бац аьлла, динчу дIахьедарна йукъара дешнаш схьаэцна.
  • 2017 шарахь гучуделира, Нохчийчохь дуккха а гейшна тIехьбевлла лелаш хилар. И нах байъарх лаьцна шега хаттар делча, Кадыров Рамзана дIахьедира: "Оцу кепара нах тхан бац". ЛГБТК+ наханна тIехьбийлар сецна дац хIинца а – Къилбаседа Кавказан регионашкахь а, йерриг Оьрсийчохь а.
  • Нохчийчохь гейшна тIехьбевлла леларх дIахьединера хьалха Amnesty International-н бакъоларйархоша, адамийн бакъонехула йолчу ООН-н Комитето, 29 пачхьалкхан векалша а, оьрсийн бакъоларйархоша а.
  • "Дерриг дуьненан рапорт - 2023" зорбане даьккхина Дуьненаюкъарчу бакъонашларйаран Human Rights Watch (HRW) организацино –доллу дуьненара адамийн бакъонашца долчу хьолах лаьцна. Оьрсийчоьнна леринчу декъехь билгалдаьхна шога адамийн бакъонаш Нохчийчохь хьоьшуш хиларх. Бакъонашларйархоша тергойин "къинхетамза Iа лакъош хилар муьлххачу шена хетарг олучу стеган", цу юкъахь ду лецарш, пачхьалкхера дIабахначу мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарчаьрца магийна йоцу харцо лелор, цаьрга гечдарш дехийтар.
  • "СК SOS" кризисан тобано товбеца-баттахь таллам арахийцира, 2017 шарахь тIепаза вайна волу нохчийн йишлакхархо Бакаев Зеламха кадыровхоша Iазапехь а латтийна, тIаккха вийна аьлла. Гей ву аьлла, шеконаш хилла, цунна тIаьхьабевлла хиллера ницкъахой, тешна бу бакъоларйархой. Дукхаха йолу хан Москвахь йоккхура иллиалархочо, ша вуьйр ву аьлла, шеконаш ца хиллера цуьнан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG