ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказера вакцинаци бахьана долуш Оьрсийчохь къоьлла хIоьттина полиомиелитах молхина - зорбанаш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан масех регионехь полиомиелитана дуьхьал йечу вакцинин къоьлла хIоьттина, цуьнан цхьа бахьана ду Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а шен хенахь доцуш берашна вакцинаци йина хилар. "Коммерсанте" цунах лаьцна дийцина коммерцица йоьзна йоцчу "Коллективный иммунитет" организаци йиллинчех йолчу Обласова Антонинас. Могушаллин министраллехь хIара информаци тIечIагIйина йац.

Чиллин-бутт бовш полиомиелитах кхин а тIе вакцинаци йарх дIакхайкхийра Кавказан кхаа махкахь, Роспотребнадзоро цигара эмидемиологин хьал телхина догIу аьллачул тIаьхьа. Оцу йукъанна официалехь бакъ ца дира цигахь полиомиелит йаржар, цундела хууш дац билггал маса берана мехий диттина. Обласована хетарехь, пайдаэцначу вакцинин терахь тоаме ду пачхьалкхехь керлачу вакцине довлуш дефицит хIоттал.

Хаамбо, Украине гIоьртинчул тIаьхьа чукхоьхьучуьра сацийначу Нидерландин Bilthoven Biologicals компанин субстанцин буха тIехь кечйеш хилла "Полимилек" вакциница кху шарахь Оьрсийчохь къоьлла хIоттарх. 2020-чу шарера схьа дуьйна Оьрсийчу кхоьхьуш дац "Полиорикс" GlaxoSmithKline (Британи) и "Имовакс Полио" Sanofi (Франци) молханаш.

Пачхьалкхехь арахоьцуш йолу "БиВакПолио" препарат йу Оьрсийчохь йисина, лоьрашна хетарехь, прививкаш йина доцчу берашна дуьххьара вакцина йан магош дац цуьнца. Магош дац иштта "Полиоваксин" молха а, кху шеран оханан-баттахь арахецна, регистраци йина ду иза. Препарат йину "Нанолек" компанин векалша бахарехь, "низаман башхаллаш" бахьана долуш 825 миллион соьмана пачхьалкхан контракташ дан аьтто кхозлагIа бен ца белира церан. И бохург ду, цхьайолчу клиникашка и вакцина тIаьхьо бен кхочург цахилар, билггал маца, хууш дац.

Оьрсийчоьнан могушаллин министраллехь, мелхо а, дIахьедира, массо а молханаш шен-шен хенахь чудар нисло аьлла.

  • Полиомиелитана дуьхьал деттачу мехийн къоьлла латтарх кху шеран зазадокху-баттахь дIахьедира Дагестанан бахархоша. Низамашца а догIуш, дуьххьара берашна дилханах кхозза мехий тоха деза, цул тIаьхьа коьчалан кепехь молха маладо. Амма республикехь масийттаза нисделла хьалха лелон йезачу компонентан метта шолгIачух пайдаоьцуш. Цуьнан рагI йохайахь, зене дала тарло и молха.
  • Кхул а ши кIира хьалха Хасав-Йуьртара ортопедо Евтемиров ИбрехIима хаамбира шен телегрма-каналехь, тIечIагIйинчу полиомиелитца масех баттахь диъ бер далийнера шена аьлла.
  • Берашна вакцинаци йайта "луьра дуьхьалболчех" хIиттийна Нохчийчоьнан Iедалхошкахь тептарш ду, цунах лаьцна дIахьедира регионерчу могушалла Iалашйаран министро Лорсанов Сулеймана. Полиомиелит ца хилийта мехий деттийта резабоцчаьрга телехьожийлехь бистхилий, берана цо вон деш хиларх тоьшалла де аьлла хьехна цо.
  • Полиомиелит – лаккхара инфекци шеца йолу цамгар ю. Адамах кхечунна тIейолу и вирус нервийн системех кхетий, масех сахьташкахь параличан хьоле вуьгу цо. Къаьсттина и цамгар кхета тарло пхеа шаре довлазчу берашна. Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашйаран организацино билгалдоккху, полиомиелитах дарба ца хуьлу, ткъа вакцинаци – ша цхьаъ бен боцу гIирс бу оцу цамгарна дуьхьалойан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG