Йоккха гIовгIа а оькххуьйтуш, дуккха а цхьаьна ца догIу жамIаш дар нисделла бахархойн юкъаралла кхиоран а, адамийн бакъонашкахула а йолчу кхеташонан декъашхочун Сокуров Александран Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца хиллачу диалого. Уггар а йоккха проблема лерира режиссеро Къилбаседа Кавказера хьал. Цуьнан дешнаша оьгIазвахийтар хьул ца делира пачхьалкхан куьйгалхочуьнга.
Шен къамел долийра Сокурвос арахьарчу политикана тIера, Москвано шен "шуьне" ховшийна кхобу Беларуси, шаьш шайн суверенитет дIакхайкхийна Абхази, Къилба ХIирийоь, иштта Шема а аьлла.
Оцу юкъанна пачхьалкхехь дехачу кегий къаьмнаша дискриминаци хьоьгу, ткъа церан историкан тIаьхье ган а гуш, йовш ю. Оцу заманчохь, режиссеро ма-аллара, каьмнийн республикийн урхалхойх меттигера "элий" хилла.
"Шахьараш ю, эскарш а цхьаьна ду, паччахь а ваьлла. Федерацин президент волуш ву. Ткъа стенга яхна Оьрсийчоь? Оьрсийчоьнан шахьара а яц ур-атталла. Москва - Москван шахьара ю. Суна хетарехь, Iаламат коьрта ситуаци ю хIара. Вайна оьшуш ду ойлаяр а, кхунах лаьцна дийцар а", - дIахьедира Сокуровс.
Масална хьахийра цо Ленинградан кIоштара вожане къам деха Лужицы эвла а, луларчу Нохчийчоьнан контроле шайн латтанийн цхьа дакъа дIадаларна бахархой дуьхьалбевлла ГIалгIайчоь а. Режиссер тешна ву, Кремлан къоман политико сепаратизм яржош ю аьлла.
"Вайх дIакъаста лууш бу", - иштта СПЧ-н декъашхочо билгалъяьккхира проблема.
Къамел дечуьра Сокуров юкъахваьккхинчу Путин Владимира оьгIазе жоп делира: "Къамел дар дац хьайниг, манифест ю, гулбина кхерамаш, бехк цабиллар деххал хIума ду".
Сепаратистийн дог-ойла йолчарна тIетаро пачхьалкхах "Московия" йийр ю, цунна хетарехь, НАТО-н мехкаш а и хиларе догдохуш а бу, къамел кхин дIа дира Путина.
"Дагестан – дуккха а къаьмнаш деха республика ю. Йоллу Дагестан екъа еза? Йа Кхарачой-Чергазийчоь. Бекъа беза кхарачой а, чергазой а? Кхузахь дуккха а хеттарш лаьтта, суна дика девза уьш. Дозанашца йоьзна ши эзар претензи ю вайн пачхьалкхехула. Хьоме Александр Николаевич, Югославехь хилларг хIотта лаьа хьуна вайн дозана тIехь а?", - бехкбаьккхира Путина.
Хьем ца беш, реакци йира Къилбаседа Кавказерчу юкъаралхоша а, политикаша а режиссеран президентаца хиллачу къовсаман.
Титул тIе ца эцна паччахьо
Эмоцешца, Сокуров сийзазвеш, цо динчу къамелах лаьцна вистхилира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. "Вохкавелла" ву элира цо режиссерна, ткъа цо дина къамел - "маразм" лерира.
"Эксремизмана тIехула лаьцначу шина стаге ладоьгIна Сокуровс, и хабар Владимир Владимировичех дIатоха Iалашо хилла, базарарчу зудчо санна, президент жоп дала а ца вуьтуш, - яздира нохчийн политико телеграм-каналехь. – ГIалгIайчоьнца дозанаш тIехула болу къовсам… Нигилист волу Сокуров, схьагарехь, цхьана лергаца бен ладугIуш, коьртан хьен эхигца бен ойла еш а вац, ткъа лаккхарчу тIегIане хаттар доккхуш хилча, тIаьхьа юьхьIаьржа ца хIотта, кечамбан безаш хиллера. Къилбаседа Кавказан федералан гонийн (СКФО) векалш юкъахь а болуш, ялх стаг вара дакъалоцуш, дийцарш дина оцу хаттарх, доллу кехаташ айдина, ГIалгIайчоьнна дIаделла уггар а доккхахдолу дакъа".
"Кхолламаш, дуккхаъчу нехан дахарш шена тIехьа лаьтта, бен доцу дешнаш хьалакхийсира
1993-чу шарахь къобал язчу Ичкери республикан президенто Дудаев Джохара а, хIетахь ГIалгIайчоьнан хиллачу куьйгалхочо Аушев Руслана а куьйгаш яздина, ГIалгIайчоьнан долаяьккхина Сунженскан кIоштан бархI эвла юхаерзор тIе ца дожон, нохчийн къаношка дехарш дан дийзира шен аьлла, тIетоьхна Кадыровс.
Официалехь нохчийн даржхоша а, республикан коьртачу "Грозный" телехьожийлан сюжеташкахь а шех "паччахь" бахахь а, тIе ца дитира Кадыровс иза а, шен долахь арми ю бохург а.
"Компетенте йолчу органийн метта, ас бакъонца мах хадор бара нигилиста Сокуровс аьллачун, пачхьалкхана дуьхьал а, экстремистийн битам болуш а дуй хьожуш. Ца тов суна и йохкаелла муцIар!", - дерзийна шен къамел Кадыровс.
Президентаца къамел динчул тIаьхьа Сокуров Нохчийчуьрчу шогачу критикех Iотталуш дуьххьара дац. Адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонехь (СПЧ) 2019-чу шарахь президенте Путин Владимирехаьттира режиссеро, Оьрсийчоьнан Турпалхочун цIе муха лелор ю тIемалоша тIелатар динчу хенахь эгначу Псковн дивизин салташа а, цул а хьалха Москвагахьа бевллачу тIемалоша а аьлла.
ХIетахь СПЧ-н декъашхо бехкевира Кадыровс национализмана а, пачхьалкхехь къьамнашна юкъара барт эгIон гIортарна а.
Ткъа хIинца Сокуровна жоп делла ца Iа цхьа Кадыров Рамзан, вистхилла иштта Дагестанан цIарах Пачхьалкхан думе керла хаьржина депутат, "Трезвая Россия" партин лидер Хамзаев Султан а. Цунна хетарехь, режиссерна "ца хаьа, йа кхета а ца кхета, Дагестанехь болчийн муха дог-ойла ю".
"Цхьа грамм бакъдерг дац Сокуровс "кавказхойн лаамех" аьллачуьнца! "Кавказан регионаш маьрша йита" бохучу, шен идейна тIетовраш цкъа а карор бац Сокуровна Кавказехь", - дIахьедина Хамзаевс.
Критика йина Сокуров Александран къамел дарна иштта Къилбаседа Кавказехь гоьваьллачу журналисто, "Российская партия свободы и справедливости" партин лидеро Шевченко Максима.
"Александр Николаевича хазийна бакъйолу ойланаш а, тезисаш а шаьш шайна йина кхераме пароди санна нисъелла цуьнан багахь. Кхолламаш, дуккхаъчу нехан дахарш шена тIехьа лаьтта, бен доцу дешнаш а, кхетам а хьалакхийсира цо", аьлла, шена хетарг довзийтина журналисто а, политико а.
Москва –Москван шахьара ю
Сокуровн къамелах лаьцна Кавказ.Реалии портале дуьйцучу экономисто, демографо Лифшиц Маринас дIахьедина, Оьрсийчохь къамел дан кхерам хилла ца Iаш, Кремлна товш доцчу агIор ойла ян а кхераме ду.
"Дуьненахь гоьваьллачу режиссеран Сокуров Александран къамелехь коьрта теманаш хилира къаьмнийн хеттарш, шайлахь Оьрсийчоьнан Европан къилбера территореш кхиор а, Къилбаседа Кавказан проблемаш а, пачхьалкх кхиорах хьехарш а цхьаьна долуш. Хьахийра арахьара политика а. Иза мостагIаллин ю ца бохура Сокуровс, шен ма-хуьллу, дайн элира цо", - билгалдоккху эксперто.
"Магийта йиш яц федералан центрна шен ма хеттара регионашна юккъера дозанаш цеста
Лифшица бахарехь, гIараваьллачу режиссеро бина тидам нийса бац ала бахьанаш дац цуьнан, мелхо а сепаратистийн дог-ойланаш гIиттон Къилбаседа Кавказ йоцург а, кхечу регионашкахь а шо шаре дуккха а объективе бахьанаш хIуьтту
"Ду иза федералан центран арахьарчу а, чоьхьарчу политикаца доьзна, - тешна ю экономист. - 2008-гIа шо дирзинчул тIаьхьа, Гуьржийчоьнца тIом дIабаьлча, Оьрсийчохь экономика кхиар сецира. 2009-2019-чу шерашкахь бахархошлахь цхьана синан ВВП 8,13 проценте кхиира – стагнацех тера ду иза, кхиамечу айамех дац. Дустарца аьлча, оццу муьрехь Гуьржийчохь ВВП кхиира 60 проценте, ткъа Американ Цхьаьнатоьхначу Штаттехь – 13%".
Экономика кхуьуш цахиларан коьрта бахьана ду, экспертана хетарехь, федералан центрна а, регионашна а юкъахь ахчанаш дIасадекъар эвсара дацарна.
"Шен къамелехь "Фрейдехула" цхьа забаре тилкхазалла елира Сокуровгара, Оьрсийчоьнан шахьар а яц, "Москван коьрта гIала – Москва ю" аьлла. Ма-дарра аьлча, бакъду иза. Оьрсийчоьнан Федерацин шахьар яц - Москва. Паччхьалкх чохь пачхьалкх ю иза. Пачхьалкхан йоллу ресурсаш юу монстр ю иза. Москва – метрополи ю, ткъа йисина йоллу регионаш – цуьнан вассалаш, цуьнан колонеш. Пачхьалкхера бюджетан-ясакхан система хийца ца лахь, иштта лаьттар долуш ду хьал", - боху Лифшица.
Кхерамаш а туьйсуш, бехкамаш а беш, къийсам латтон деза сепаратизмаца аьлла ма дац, билгалдоккху цо, мелхо а – регионашна дуккха а экономикан а, политикан маршонаш яла еза.
Экономисто бахарехь, дуккхаъчу хаттаршкахула шайн политика регионаша шаьш билгалъяккха еза, ясакхан хуьлучу пайдан доккхахдолу дакъа регионашкахь а дуьтуш.
"Иштта магийта йиш яц, федералан центрна шайн лаамехь регионашна юкъара дозанаш цеста. Ткъа тахана уггар а хьаште йолу Iалашо ю – "гIалгIайн гIуллакхан" фигуранташ маьршабахар, - таIзар динарш а, сацаме хьоьжурш а, оцу тIехь Сокуров бакъ ву", - дерзийна шен къамел Лифшица.
Кхачо йоцу импери
"Гражданская инициатива" партин ГIалгIайчуьрчу декъан лидер Хазбиев Мохьмад Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь тIетайра Къилбаседа Кавказах лаьцна Сокуровн хиллачу позицина.
"Цо аьлла хIора дош – бакъдерг. Пачхьалкхан куьйгалхочуьнга юьхьдуьхьал билггал вайн махкахь лаьттачу проблемех дуьйцурш дуккха а хилча, Оьрсийчоь берда йисте текхна хир яцара", - дIахьедира цо.
ГIалгIайн жигархо тешна ву, Оьрсийчоьнан федеративан хIоттам билггал боцуш хиларх, 2000-чу шерийн юьххьехь иза хIаллакбина хилла.
Цунна хетарехь, Москварчу Iедало хIиттош болу регионийн куьйгалхой бахархошна декхарийлахь бац, президентан администрацерчу шайн кураторех бен уьш ийза а ца ло, цара бохург бен кхочуш ца до.
"2008-чу шарахь Евкуров ГIалгIайчоьнан президент хIоттийча, шен дуьххьарчу интервьюхь цо дIахьедира: "Лаккхарчу дарже со хьалхатеттинарг федералан Iедалхой бу, цундела кхузахь со цхьанна а декхаре вац". Изза дешнаш тIаьхьара ала йиш ю цул тIаьхьа баьхкинчу урхалхойн а, вице-премьерийн а, депутатийн а, министрийн а. Кхузахь цхьанна а, хIуммаъ а декхаре бац уьш, царна дарж хилийтинарг – къам дац, Кремль ю. Цундела, ша керлачу дарже веанчу хIора министро бохург санна, ша балха хIоьттина хьалхарчу кIиранашкахь шен доьзал Москва дIабуьгу, ша болх бечу юкъанна цигахь петар а, дача а, автопарк а оьцу цо. Республика жима ю, массо а вавшийн вевзаш ву. ТIаьххьарчу иттех шерашкахь министраш лаьттинарш махкахь бисина а бац, шахьаре дIабоьлху уьш", - кхетадо Хазбиевс.
Массо а халкъийн аьлча санна, къоман жигархой Iиттало ницкъхойн провокацех, уьш тIаьхьабийларх, церан репрессех.
"Ши эзар территориалан претензех" Путина аьллачу дешнех дуьйцуш, Кавказ.Реалиица къамел динчо дIахьедира, и терахь федералан центро "мантра санна" юх-юха гIалгIашка олу иттаннашкахь шераш ду – Пригородный кIштахь 1992-чу шарахь конфликт иккхичхьана аьлла.
"30 шо ду и хаттар лаьтта. Iедало дина хIума дац иза листа. Сан ден паспорта тIехь, иза вина меттиг Шолхи эвла ю аьлла ду. ХIинца Октябрьский ю цуьнан цIе, Владикавказан йист. Цигахь ду сан ден, деден цIа, цу чохь бехаш бу хийра нах. 1992-чу шархь конфликт хиллачул тIаьхьа республикехь дуккхаъберш эвсара хьелаш доцчу вагонаш чохь бехаш бу, шаьш йитинчу хIусамашка юхагIур бу аьлла, дегайовхо ю церан. Оцу ойланца кхиъна масех тIаьхье. Федералан центро бIаьргаш хьаббо, хIуммаъ хуьлуш доцуш санна, сурт а хIиттош", - латкъамбо оппозицин жигархочо.
"Яблоко" партин гIалмакхойн декъан куьйгалхочо Боромангнаев Батыра Кавказ.Реалиига къамелехь билгалдаьккхина, хьалха дуьйна даьхначу къаьмнийн бакъонаш эшош хилар.
" XVII-чу бIешерашкара схьа дуьйна ойрат-гIалмакхаша дакъалаьцна баккхийчу тIемашкахь Оьрсийчоьнехьа. Хьалха дуьйна дехачу къаьмнийн бакъонаш цхьана а кепара ларъеш яц. Царех дукхахберш, Къилбаседа Кавказехь а санна, оцу дозанаш тIехь беха эзарнашкахь шерашкахь. Политикан а, бакъонан а субъекташ санна, уьш йоцуш ю. Регионалан, бюджетан, индустрин, налоган, социалан политика ю, амма яц политика хьалха дуьйна даьхначу къаьмнашкахьа", аьлла хета Боромангнаевна.
Къамел дийриг тешна ву, тахана къаьмнийн дозанаш бахьана долуш лаьтта проблемаш жимма дIатийна хиларх – пачхьалкхан федералистан бух хIаллакбарца. ГIалмакхойн политико тIетуьйхира: сепаратистийн дог-ойланаш кхиийта республикашкахь дуккха а фактораш хиларх, амма яц иза НАТО-н "пропаганда" аьлла.
"Путинан Оьрсийчохь гуш ду, хьалхалерачу "империйн" цхьадолу аматаш юхадендан гIертар. Конституцино дIакхайкхийна пачхьалкхан федеративан хIоттам, халахеташ делахь а, тахана декларацин кепехь ду. Массо а халкъийн бохург санна къаьмнийн жигархой Iиттало ницкъахойн провокацех, хьийзабарх, репрессех. Къилбаседа Кавказехь уьш хIаллакбеш схьабогIу. Кхузаманан Оьрсийчоь тарло юьззина импери ца хила, амма вайна гуш ду, Кремло харц политика лелош хилар регионашца а, халкъашца а", - дуьйцу кхин дIа Боромангнаевс.
Цуьнан дешнашца аьлча, федералан центрехьара репрессин политико кхуллу гамо, бойу тешам, юкъ-кара Кремлан политико доллу оьрсийн къомана тIетосу мостагIалла.
Путин Владимира йийцина, "Оьрсийчоьнан дозанаш тIера ши эзар претензи", доккхачу декъанна, хьакхало пачхьалкхан къилберчу мехкех, хууш ма-хиллара, Сталинан депортацин тIаьхьено йитина, ерзийна йоцу хьу. Масала, ду и хаттар Сунжан а, Малгобекан а кIошташкахула - тахана ГIалгIайчоьнна чуйогIу уьш, амма Нохчийчоьнан куьйгалхочо масийттазза "нохчийн латтанаш ду" элира.
Иштта ерзонза юьсу Пригородный кIоштана тIехула йолу конфликт а – 1992-чу шарахь тIеман хиламаш бирзича Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгакIел юьсу иза, 1994-чу шарахь, депортаци хилале хьалха Нохч-ГIалгIайчоьнан АССР-на юкъайогIуш хиллехь а.
Цул совнах, гIалгIайн жигархочо дIахьедо, мехкан цхьа дакъа Соьлжа-ГIалин дола а дерзош, 2018-чу шарахь Нохчийчоьнан дозанех бина барт низамехь цахилар
Iаьржачу латтанашца хьал ира лаьтта ГIалмакхойчоьнан а, Астраханан кIоштан а дозанехь – республикан бахархой тешна бу, луларчу регионо и территори бертаза латтош ю шайн декъахь аьлла.
Къовсам болабелира – ГIалмакхойн АССР 1943-чу шарахь дIа а йохийна, цуьнан доза лулахошна юкъахь декъар бахьана долуш. Оцу юкъанна Астраханан кIоштарчу цхьаболчу жигархоша а, динан дайша а дIахьедо, церан регионах ГIалмакхойчоь а, Дагестанан Ногайскан кIошт а дIатохар историн нийсо ю бохуш.
2012-чу шарахь Къилбаседа Кавказерчу президентан векалша листа долийра, 1950-чу шерашкахь Дагестанерчу кохозашна дIаделлачу Ставропол-махкарчу Нефтекумскан кIоштарчу дежийлех хаттар.
Дежийлашна тIехула къовсам тахана а лаьтта ГIебарта-Балкхаройчоьнна а, Кхарачой-Чергазийчоьнна а юкъахь.
Путин Владимир президент волчу шерашкахь и хьахийна цхьа конфликт кхачо йоллуш ерзийна яц. Мелхо а, цхьаболу къовсамаш кхин тIе а чIагIбелира.