ТIекхочийла долу линкаш

 
Къайлах протест: хьан дуьхьало латтайо Нохчийчохь
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къайлах протест: хьан дуьхьало латтайо Нохчийчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а байракхаш нехийн йаьшканчохь гойтуш йаьккхина видео зорбанехь йаржийра чиллан-баттахь оппозицин Niyso телеграм-канало. ДIахьедарца, и видео дIайазйина республикехь, амма стенагхь и йаьккхина йу къастон аьтто бац. Кавказ.Реалиин редакцино дийцаредира эксперташца, ницкъахоша массо а агIор Iалашйечу Нохчийчохь Iедалхошна дуьхьало йар муха хаало.

Нохчийчохь гIаттамхойн хIу дайъина шаьш аьлла, Iедалхоша дIахьединчул тIаьхьа хIокху масех шерачохь Нохчийчуьра ницкъахоша шайн тидам тIехьажийра интернетехь Кадыров Рамзанан политикаца тIом латточу нахана. Регионан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан политикана шаьш реза цахилар дIагойтучу мехкан бахархошна кхерам лаьтта лачъкъийна дIабигарна, тIехь къизаллаш лелорна, административан а, бехктакхаман а гIуллакхаш шайггара дуьхьал дахарна. Нохчийчохь резадацарш а, ураме бевлла протесташ йар а цхьа наггахь бен ца хуьлу, и тайпаниг нисделча а, оцу сохьта Iедало нах дIатебо. Шайн резадацар дIахаийта цхьаъ бен йоцу таро йу церан – нехийн баьрзнаш тIе байракхаш тийсар.

Масала, Соьлж-ГӀалахь 2023-чу шеран стигалкъега-баттахь меттигерчу вахархочо дIайаьккхинера, Нохчийчохь боьдучу шолгIачу тIамехь федералан эскархошлахь дакъалаьцначу Псковерчу десантхошна лерина урамехь хIоттийна билгало. Цуьнан метта кхин плакат дIатоьхнера цара "Нохчийн тIемалойн сий деш" аьлла, тIе а йаздина, хаамбира оппозицин 1АДАТ телеграм-канало.

2024-чу шеран стигалкъега-баттахь интернетехь кхин видео йаржира "Лада Нива" машенна цӀе тосуш, машен тӀехь DUSTUM КI3 йоза дара - и номерш регионан куьйгалхочун кӀанта Кадыров Адама лелош хиллера. Цул тӀаьхьа, республикехь рейдаш дIайаьхьира – бакъонашларъйаран "Мемориал" центро хаам бира, оцу муьрехь меттигера 80-90 вахархо лацарх. Йагийначу машенан долахо Кадыров Адамца воьзна хиллий- хууш дац.

Нагахь санна, Оьрсийчохь, къаьсттина Нохчийчохь цхьа хIума хилахь а, хьал телхар долуш ду

Цул совнаха, оппозицин телеграм-каналаша кест-кеста йаржайо видеош, цу тIехь муьлш бу цахуучу наха регионерчу бахархоша дуьхьалонан йозанаш гойту. Масала, цхьахйолу видео Кадыровн дай баьхначу йуьртахь дӀайазйина йу бохуш, тоьшалаш до.

Кхечу регионашкахь а хилира Нохчийчоьнан Ӏедална дуьхьал йолу анониман акцеш. Цу кепара, 2023-чу шарахь Казахстанерчу Малая Сарань йуьртахь мемориалан хIоллам бохийнера – къам махках даьккхинчу заманчохь цигахь вина ву Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан да Кадыров Ахьмад. Иштта, цуьнан сий деш хӀоттийна стелан а динера зен, стеллан тIехь, цхьана наха - "йамартхо" йаздина хиллера. Оцу эвларчу кхин а цхьана хIолламна тIехь шинна а агIора "йамартхо" дешнаш йаздинера.

Москвахь Кадыров Ахьмадна хӀоттийна хӀоллам а ца битира тидам боцуш: муьлш бу ца хуучу наха цу тӀехь дитинера "Ахмат — слива" аьлла йоза.

Протесте бовла дог-ойла нохчийн йукъараллехь даима а хилла йу, иза цуьнан сица ду, комментари йо Европехь куп тоьхначу "Цхьаалин ницкъ" Ичкерин политикан организацин векало Музаев Сайхана: "Сан цхьа а шеко йац, нагахь санна Оьрсийчохь, къаьсттина Нохчийчохь цхьаъ хуьлий, регионехь хьал карзахдер ду. Тхоьца зӀенехь болчу нехан синхаамашка хьаьжча а, ала мегар ду, уьш Ӏаламат реза ца хилар Нохчийчохь хIоьттинчу хьолана".

Тахана дуккхаъчу наха хийцмаша хила лаьа, цара дуьйцу хIоьттинчу хьоло шаьш гIелдарх, уьш хеттаршка буьйлу, маца хийцалур ду-те хIара хьал бохуш, билгалдаьккхира къамелдечо: "Дерриг а арахьарчу бахьанех доьзна лаьтта, адамшана шиъ тIом лайна, шайн ницкъ пайда боцчу хIуманна тIехь кхачон ца лаьа царна".

Шайна кхерам лаьтташехь

Нохчийчуьра дуьхьалонах дуккхах йолу информаци гIарайолу, оппозицин жигархойн интернет-гIирсаш бахьана долуш, царех уггаре а йоккханиг йу IADAT телеграм-канал. Иза кхоьллинчара шайх - халкъан болам олу, регионера Ӏедална реза боцучу нехан векалш ду шаьш а бохуш. Ткъа республикехь оцу канале йазвелла хилар, цуьнан автор хилар Ӏаламат кхераме ду, цундела каналан авторийн коьрта жигаралла дозанал арахьа дIахьош йу.

IADAT болам махкахь гIарайелира, цуьнан модераторна Тепсуркаев Салманна ирча бохам хиллачул тӀаьхьа. Салман тӀепаза вайра Геленджикехь 2020-чу шарахь гезгамашан-беттан 6-чохь: чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан белхахой ду шаьш, бохучу наха дӀавигира иза. ТӀаьхьо нохчийн йукъараллин пабликашкахь видео йаьржира - Тепсуркаев камерашна хьалха а хIоттийна, сийсазвоккхуш. ТӀаьххьара цуьнан телефонан геолокаци гойтура Кадыров Ахьмадан цӀарахчу патрулан полицин полкан дозана тӀехь. Тепсуркаев сийсазваро инзарбаьхнера Кадыровн Ӏедална дуьхьал берш: Тепсуркаевгахьа гIо дохуш, кеп-кепарчу пачхьалкхашкахь акцеш хIиттийра.

2022-чу шарахь интернетехь гучуйелира кхин а цхьаъ оппозицин нохчийн Niyso цIе йолу телеграм-канал – цара шаьш деоккупацин болам бу аьлла дIакхакхийра. Цара массарел а хьалха дийцира Грозненскан кӀоштахь, Петропавловская олучу йуьрта йистехь Росгвардин машенна цхьана наха герзаца тIелатар дина хилларх лаьцна. Церан хаамца, тӀелатарехь Оьрсийчоьнан кхоъ эскархо вийра, ткъа официалан хьостанаша вийнарг цхьаъ бен вац бохуш дуьйцура. Стохка гIадужу-баттахь канало хаам бира Гуьмсан кӀоштахь низамхойн гIишлошна тӀелатар дарх а, иштта 2022-чу шарахь лахьан-баттахь Соьлжа-ГӀалин йуккъехь герз деттарх лаьцна а.

Вайна бозуш боцу хаамийн гIирсаш оьшура, махкахь бакъ долу хьал довзуьйтуш

Ницкъахошна тIелетарш дар хила тарло Кадыровн политикана реза цахилар гойту радикалан кеп, бохуш комментарий йо регионерчу университетехь болх бечу нохчийн политолого, шен цӀе а ца йоккхуш.

Цунна карладаьккхира, репрессеш бахьана долуш а, Ӏедало Ӏаткъам барна а республикехь дуьхьало йийраш кIезиг хир бу аьлла: "Дукха хьолахь дозанал арахьара нохчийн диаспора хаамийн гIирсаш санна хуьлу, цара дуьйцу республикехь нах лечкъорах а, репрессеш латторах а. Бакъонца гIо латто хьийза уьш, Нохчийчохь дийца ца хIуьттучу проблемех лаьцна а даржон гIерта. Республикехь хуьлучу хIуманех тхуна, Европера хьостанашкара хеза. ЧIогIа оьшура вайна бозуш боцу гIирсаш, цхьа хIума а ца хууш дуьсучул а",- дерзийра къамелхочо.

  • Оьрсийчоьнан массо а регионашлахь уггаре а кIезиг зуламаш хуьлу Нохчийчохь – иштта жамӀ до чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло тӀаьххьарлерчу шеран статистика а йалош. Оцу йукъанна республикехь тӀепаза байначу нехан терахь, миллионашкахь бахархой болчу Москван терахьшна гергга кхочу. Керла шо карадеана бутт а кхачале регионера хаамаш кхочура, ницкъхоша дIабигина, хIаллак бинчу нахах лаьцна. Тхан редакцис дуьйцу, хIун ду полисхойн статитико къайлахьош дерг.
  • Лахьан-беттан йуьххьехь адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центро хаамбира Нохчийчохь шуьйра "зачисткаш" дIайахьарх лаьцна. Бахьана хиллера, шиъ эскархо вуьйш, гIадужу-беттан 26-чохь Росгвардин коврана дина тIелатар. Кадыровхоша лачкъийна вигинчу цхьаннан цIе хаа аьтто хиллера – и вара заьIапхо волу Устрада-ГIалара вахархо Батыров Ризван. ХIинца а полицин декъехь латтош ву боху иза. Бакъоларйархойн хаамашца, Грозненскан кIоштахь лаьцна латтош ву кхин а "бIе стаг". Полисхойн декъехь цаьрга аьлла: Украинана дуьхьал тIамтIе доьлху шу, йа шаьш дуьхьал айдинчу гIуллакхехула набахте.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG