ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Къегина  мел йерг гулйеш ву". ГӀала кхиорна Кадыровна совгӀат даларх


Кадыров Рамзан, Соьлжа-гIала, архиван сурт
Кадыров Рамзан, Соьлжа-гIала, архиван сурт

Оьрсийчоьнан иттех гӀалана, царна йукъахь Соьлжа-гIала а, Владикавказ а, Сочи а, ХӀинжа-ГӀала а йолуш, совгӀаташ делла дахаран лаккхара дикалла хиларна. Къаьстина совгӀат делира цхьаъ бен воцчу губернаторна – Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Дош олуш элира цо "СовгIат, Соьлжа-гӀала йухаметтахIотторехь, сан жима кхиаман мах хадор ду". Хьакъ дуй и совгӀат цунна дала, хӀунда оьшу иза политикна - Кавказ.Реалии сайтан материалехь.

Дахаран дикалле хьаьжжина гӀаланийн рейтинг хӀоттайо Оьрсийчоьнан Ӏедалан куьйгаллехь йолчу Финансийн университето, дӀахьедина ма-хиллара, пачхьалкхан статистикан а, бахархойн талламийн а буха тӀехь бӀе гергга гайтамашна тӀе а тевжаш – талламийн авторша шайн жамӀаш зорбане ца доху. 2024-чу шеран рейтингехь йац хӀора бараман мах хадо детальни статистика. Авторша билгалдоккху, Соьлжа-гIалахь дарбан гӀоьнан дикалла а, Ӏалам а, дешар а, бизнес лело хьелаш а дика хилар. Нохчийчоьнан коьрта шахьар хьалха хиллачу 4 шарахь Оьрсийчоьнан хьалхарчу кхаа гӀалин могӀарехь йара.

Финансийн университето масех критерий бен ца йовзуьйту, муьлхачу барамца йелла Соьлжа-гIалана и меттиг. Царна йукъахь ду хьал-бахам хиларан тӀегӀа а, ара-чу ца баккхалун бахам (недвижимость-ред.) а, вуьшта аьлча, могӀарерчу вахархочун петар йа цӀа эца таро хилар а. Росстато бинчу хаамца, Нохчийчохь кху шеран дечкен-гезгмашан-беттанашкахь йуккъерчу барамехь алапа 41 эзар сом дара, Соьлжа-гIалахь мелла а лакхара дара – 51 эзар. Цуьнца цхьаьна, пачхьалкхан РИА Рейтинг агенталло хаам бо, республикехь 60 квадратни метр йолчу петаран мах бу 5,3 миллион сом. ХӀусам эца ахча гулдан Нохчийчуьра доьзална оьшу лаххара а 10 шо – иза 85 регионах 82 меттиг йу, царна йукъахь йогIуш йу аннекси йина ГӀирма а.

Кхана дӀайаккха тарлучу производстван инвестицеш йан кийча йац Нохчийчуьра йаккхий бизнесаш

Кхин цхьа мах хадоран барам- некъан хьал. Кхузахь, башхаллаш йу: нагахь санна Финансийн университетан рейтингехь Соьлж-ГӀалара некъаш Оьрсийчохь тоьллачех лоруш делахь а, ткъа РИА-н рейтинган талламехь Нохчийчоь регионашна йукъахь 45-гӀа меттигехь бен йац – республикехь нисса ах некъаш стандарташца догӀуш а дац.

"И тайпа рейтингаш хӀиттош, аьтто бу, муьлхха а бохург санна гӀала лидер йан. Масала "бахархойн талламех' хIунда аьлча, цуьнан жамӀаш талла аьтто бац. Вукху агӀор, официалан статистико а даима а бакъдолу сурт гойтуш дац", - билгалдоккху Кавказ.Реалии редакторшца хиллачу къамелехь, Оьрсийчоьнан репрессиван низамаш бахьана шен цӀе ца йаккхар дехначу аналитико.

Масална эксперто далийна дахаран дикалла къасточу барамехь цхьаъ – гӀалин бахархойн кхерамазалла. Баккъалла а Соьлж-ГӀалахь зуламаш дар дикка лахара ду, амма официалан Ӏедалша дӀахьедора, полицино статистика харца йо бохуш, ткъа бакъонашларъйархоша билгалдохьккхура, республикехь хӀора шолгӀа стаг вер а, ницкъахоша системан кепехь меттигера бахархой лечкъор а таллам баз дуьсуш хилар.

"Кхин цхьа рейтинган барам а- бизнес кхиор а, бизнесан зӀенаш а. Махкахь уггаре а лахара ясакхийн система йу, цундела цхьайолу компанеш кхузахь формалан кепара дӀайазйина йу, шайгара схьаоьца ясакх лахара хилийта. Амма республикан гуш йолу башхалла - иза, дуккха а хIума Кадыровн кест кеста хийцалуш йолу дог-ойлах дозуш хилар йу. "Ахча долу нах кийча бац кхана схьайаккха тарлучу бизнесна инвестицеш йан", - билгалдоккху эксперто.

Соьлжа-гIала, Нохчийчоь
Соьлжа-гIала, Нохчийчоь

Меттигерчу бахархойн чоьтах

2018-чу шарахь Соьлжа-гӀалан дахаран хьелаш тойарехь къахьоьгучу "Стрелка" бюрон векалша дийцира республикан коьртачу шахьаран кхачамбацарех лаьцна: ши тӀом чекхбаьлча, гӀала сихха меттахӀотторан дуьха, гӀишлошъйаран материалан эшам бинера, иштта, гӀалан шен шен историн хазалла а дӀайаьлла. Ма-дарра аьлча, керла Соьлжа-гIала йухаметтахӀоттийна, "хьалха хиллачух вуно къаьсташ а йолуш."

Урбанисташа билгалдаьккхира ландшафтан урамаш цахилар а, долахь цӀенош долчу кӀошташкахь тротуарш а, серлонаш а цахилар а, иштта юкъараллин транспорт кхиаза ледар а хилар. ГIалара "Нохчийчоьнан дог" олу доккха маьждиге а, "Грозный-Сити" бӀов тӀера панораман хьажар а доцург (цигара дихкина ду Кадыровн резиденцин сурт даккха), туристашна кхин дан хӀума дац гӀалахь.

Соьлж-ГӀаларчу цхьана вахархочо, шен цӀе ца йовзийтар а доьхуш, дийцира Кавказ.Реалии редакторшка ток а, хи а латторехь хаддаза халонашах лаьтта бохуш.

"ДогӀа деъча, серлонаш дӀайоху, интернет оцу сохьта дӀайолу. Вай хӀинца а тӀеман заманахь дехаш санна. ГIалан йукъахь некъаш дика ду, хӀунда аьлча, Кадыров а, цуьнан го а бу цигахь машенашкахь лелаш. Кхин йолу халонаш массо а меттехь йу, Оьрсийчоьнан кхечу гӀаланашкахь а хуьлу уьш, Соьлжа-гIала, цаьрца йуьстича, кхин вон а, дика а йац", - элира къамелхочо.

Соьлжа-гIала
Соьлжа-гIала

РогIера бахархой иштта гIала "кхиарна" реза бац. Дукхахйолу керла гIишлош Кадыров Рамзанна а, цуьнан накъосташна а бен йеш йац боху цара. Нохчийчоьнан Ӏедална оппозицехь волчу блогеро Белокиев Ислама билгал ма-даккхара, и хӀума дукха хьолахь меттигерчу бахархойн чоьтах хуьлу.

"Хьанна хазахетар ду, шен хIусамера араваьккхина а, цу меттехь кхин йохка-эцаран центр, йа бензинан станци, йа маьждиг дича. Нах кхета и тайпа хIумнаш низамехь доцуш хилар а, иза харцо йуьйла. Нехан бахаман тIе куьг дахьа йиш цахилар - адамийн сий а, бакъонаш а ларъйаран бух бу. Иштта бусалба дино а хьоьху", - боху Белокиевс.

Лахьан-баттахь Соьлжа-ГӀалахь дохийра массех долахь долу цӀа, церан Iуналла ца дарна хьело оьгӀазвахийтинера республикан куьйгалхо. Кавказ.Реалиин редакторшна ма-хаъара, дуьйцург Кадыров вехачу меттигна кхо километр генахь Шаумянан а, Сайхановн а урамашкахь долу цӀенош ду. Цул тӀаьхьа редакцин хьостано дӀахьедира, дерриг а 10 цӀа дохо лерина ду, цигахь керла "лекха гӀишлош" йан лерина йу аьлла. Амма кхин и хаам тӀечӀагӀбеш цхьа а хӀума дац.

Дуьххьара дац, Ӏедалан лаамца меттигерчу бахархошкара долахь долу цIенош схьадахар. Масала, 2011-чу шарахь йохка-эцаран центр а, маьждиг а, масех лекха гӀишло а йукъайогӀуш йолу Аргун-Сити комплекс йеш нах шайн хусамашкара арабехира Устрада-гIалахь. Бахархошна йоцца хан йелира шайн бахам арабахьккха, цул тӀаьхьа бульдозершца лаьтте кхаччалц дӀахьакхира хумасаш. 2017-чу шарахь Шелахь маьждиг дуьллуш, гӀалин йуккъера 90 гергга цӀа дохийра. Дохийна цIенош дуьхьал, доьзалшна дош делира Шелан йистехь керала хӀусамаш лур йу аьлла.

Кадыров Рамзанна кхин а совгӀат хӀунда оьшу, дийцича, формалан совгӀат иза делахь а, Белокиев Ислама политик вусту "дерриг а къегина мел йерг схьалахош" чIегIагац. Цунна хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна совгӀаташ оьшу йукъараллехь шен статус дӀахӀотто а, лакхайаккха а. Оцу хIумано гойтуш хила тарло, цунна ша-шех ларам лахара хилар а, шех бIацаболар а.

Кхиаме ца хилла "Оьрсийн Дубай"

Нохчийчохь бакъйолу дахаран инфраструктуран кхиорехь дуьйцуш дац, хӀунда аьлча Кадыровн Ӏедало бюджетан ахча бахархойн хьашташна дойуш а доцуш, коррупцин схеманашна а дойу, боху нохчийн оппозицин боламан NYSO-н векало. Цунна хетарехь, республика меттахIотторан барамаш – "гайтаман" бу, ткъа дукхахдолу гӀишлошъйарна лерина (царна йукъахь социалан объекташ а йу) ахчанаш тIера кхаъ схьаоьцаш деш ду.

Иштта, жигархочо тӀечӀагӀдира, республикерчу бахархоша кест-кеста латкъамаш бо хица а, серлоца а, газца а халонаш хиларх лаьцна.

"ЧIогIа ледара йолу йукъараллин транспортан системина гIортор йира "Яндекс" а, "Максим" а таксиша, амма тӀаьхьо уьш дIайехира. Иза, даима а санна, Ӏедалша шайна таксин монополи йархьама динера. Iедало альтернатива йу бохуш динарг, цхьанна а товш йац, хаддаза дуккха а аьрзнаш а хуьла. Бахархошна стресс а йоцуш, шайн белхан меттигашка кхача йиш йац. Ткъа Ӏедалан белхахой кортежаш дӀасалеларо дукхахьолахь некъахь "пробкаш” йо", - дуьйца NYSO-н векало.

Кавказ.Реалии сайто йаздора, 2023-чу шеран зазадоккху-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун хӀетахь 19 шо долу йоӀа Кадырова Табарикас кхоьллира "Ирс Групп", цу компанин долахь йу массийта а фирма, "Грозный Такси" а. Цуьнца цхьаьна некъан мах хьалабаьккхира - иза доьзна дара Кадыровн наха меттигерчу таксин компанешца къовсалуш йолчу компанешна дуьхьал "рейдаш" йарца.

Соьлжа-гIала "вон дешна говзанчу йинча" санна йу

Масал далош, NYSO-н векало дийцира Дышни-Веданахь асфальт йилларх лаьцна. Йуьртан бахархоша дийцира, 2022-чу шеран аьхка хӀора доьзалера оцу Ӏалашонна 20 эзар сом гулдинера, иза дуккхахболчарна хаъал доккха ахча дара. Сихбелла, цхьа а дикалла а йоцуш некъ тобеш бина белхаш, Кадыров Ахматан цӀарахчу фонду ахча делла дина бохуш дерзийра.

"Кадыров Рамзан лууш ву тидамехь а, массо а рейтингийн хьалхарчу меттехь хила, массо а совгӀаташ а, комплименташ а гулйан. Нохчийчоьнан бахархошна йукъехь иллюзи кхолла хьажийна хила мега иза, уьш боккъал а шаьш тоьллачу хьолехь дехаш хиларх тешийта. Цуьнца цхьаьна массо а кхета, рейтингаш ма-дарра долу хьал гойтуш ца хилар.

Лакхахь шен анониман комментари йалийначу Оьрсийчоьнан аналисто, Соьлжа-гӀала кхиарх лаьцна дуьйцуш, билгалдаьккхира оцу гӀалахь лаьтташ йолу "гигантомани". Цо масал далийра "Нохчийчоьнан дог" маьждиг а, "Грозный-Сити" отель а, чӀогӀа дӀакхайкхийна йолу "Ахмат-Тауэр" проект а, 2018-чу шарахь чекхъйаккха дош делла хилла йолу, амма бух биллинчу тӀегӀанехь йисина.

Ахмат-Тауэр: проект а, долуш дерг а гIадужу-бутт, 2016 шо
Ахмат-Тауэр: проект а, долуш дерг а гIадужу-бутт, 2016 шо

2010-чу шерашкахь Кадыровн жигара белхаш гойтура Нохчийчоьнан коьртачу шахьарах "оьрсийн Дубай" йан лаам хил хилар, амма гӀалин бакъдолу хьашташ кхочуш деш йацара и проекташ. ТIаьххьаре а, гIалан йукъе, Потемкинан юрт хилла дIахьоттина, Инстаграммана сурташ даха пайдехь бен йоцуш. Амма шен бахархойн дахаран хьашташ кхочуш йан лерина йац", - аьлла хета экспертна.

Цо дийцарехь, "гӀала вон дешархочо йинча санна йу."

Кху шеран гIадужу-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна "Оьрсийчоьнан Сийлахь гIишлошъйархо" цIе йелира, гIишлошъйаран а ЖКХ-н а министро Файзуллин Ирека.

  • Ойсхарара (Гуьмсан кIошт) Матаев Расул лаьцна цо шайн юьртан юкъ шоръеш дIахьокху цIенош интернетехула гайтарна.Дохочу урамехь цхьа цIа дитина – Iедалехь лаккхарчу даржехь ву цу чохь ехачу зудчун ваша, тоьшалла дора авторо.Ши кIира ду юьртахь сихбина болх хьон – шен деден Кадыров Сулимин цIарх маьждиг дойтуш ву мехкан куьйгалхо Ойсхарахь.
  • 2018-чу шарахь гIура- баттахь Шелара хIусамаш йохош яьккхинчу видеон автор Осмаев Абубакар велла газ а хьаьхна, дIахьедар дина нохчийн телевизионехула цуьнан гергарчу наха. Цунах лацна яздо Кавказский узело. Гергарчара харц до 2017-чу шарахь ницкъаллин структурийн белхахоша лаьцна ницкъ бинчул тIаьхьа деган цамгарх иза велла бохург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG