Москварчу Басманан кхело лаьцна гӀалгӀайн БатIалхьажойн вирдаца воьзна волу Падиев Рамазан а, Точиев Батухан а. Царна бехке дуьллуш ду химин тӀеман эскарийн куьйгалхо инарла Кириллов Игорь вуьйш, бехкевечунна гӀо дарна – талламан версехь, вен гӀортар вовшахтоьхначунна петар йелла хилла цара. Кавказ.Реалии редакторша къамел динчу эксперташа билгалдоккху, Къилбаседа Кавказехь "тӀемалошна" гӀо дина нах "терроран" артиклашца жоьпе озор шуьйра даьржина хилар.
ГӀалгӀайчуьра орамаш долу Падиев а, Точиев а лецна гIура-бутт чекхболуш. Москвахь дехьаваьккхинчул тӀаьхьа, административан бехк кховдийна царна, "Комерсант" хьостано йаздарехь, Москва уьш Томскера схьабалийнера.
Москварчу Тагански кӀоштан кхело хаам барехь, гIура-беттан 26-чу сарахь "Арес" олучу долахь йолчу кхерамазаллин компанехь гӀаролхо болх беш волу Падиев Рамазан, полисхочунна кехаташ гайта реза ца хилла аьлла бахьана а дина 15 денна лаьцнера. Изоляторера араваьлча, йуха а лаьцна иза оццу ханна: дийцарехь, бахьан -МФЦ-на уллехь волуш, цо чӀогӀа маьттаза къамел дина аьлла. Бехкевечо харц ца дира шен бехк хилар. Хетарехь, административан лецарш оьшуш хилла, тIаьхьо цунна "террорхойн" артиклца бехк кховдо – адвокаташа “карусельни лецарш” олу царех.
Коммерсанто хаам барехь, цу кепара административан лацар динера Точиевна а: цунах лаьцна цхьа а информаци йац Москван кхелан сайта тӀехь. 25 шо долу Точиев Батухан хьалхо а жоьпе озийна хилла ву цӀахь динчу зуламна. 2022-гӀа шо чекхдолуш цунна ши шо хан тоьхера талор дарна – зуламхочо шен цӀа iPhone 12 Pro дӀакхачо заказ йина хилла, курьерна тӀелатар а дина, цуьнгара йеза гаджет схьа йаьккхина хилла цо. Изза ц1е а, фамили йолу стагана талор дарна, 2016-чу шарахь, Москварчу Кунцево-кӀоштара кхело хан тоьхнера, цу хенахь Точиевна 17 шо ду.
Официалан талламехь ца дуьйцура, БатIалхьажойн вирдаца церан зӀе хилар, амма и верси шуьйра йаржийра официалан хаамийн гӀирсашкахь а, зуламан керланаш йаздо Telegram-каналашкахь а. Подиев Бекханан дас "РИА Новости" пачхьалкхан агенталле дийцира, итт шо гергга хан йу ша шен кӀантаца зӀенехь воцуш, амма, шен кIанта терактехь дакъалацарна щеконе ву ша аьлла. Дечкен-беттан 20-чохь Росфинмониторинган террорхойн а, экстремистийн а тептаре йазвира ший а, "террорхойн" седа а тоьхна.
Талламхойн версехь, Москохарчу Савеловски базарахь лелийна смартфонаш йухкуш хиллачу Точиевга цхьаммо телефон тоьхна, цуьнца цхьана набахтехь хан токхуш хилла вевзаш волчу стагана тӀе а тевжаш. Цу стага гӀо дехна, шена ханна Ӏен меттиг лохуш. Точиевса тIахькха Падиевга гIо дехна хилла: тӀаьххьарчунна, Подмосковехь, Электроугли олучу меттехь, хостелехь чоь карийра. Иза лерина карийна хилла Узбекистанан вахархочунна Курбанов Ахьмадна (Курбонов Ахьмаджон), иза, Оьрсийчоьнан талламчаша дийцарехь, Украинин Кхерамазаллин сервисан тӀедилларца Кирилловна тӀаьхьаваьлла лелаш хилла.
2024-чу шарахь гIура-беттан 17-чохь Москвахь, Рязански проспектехь цхьана гӀишлонна чувоьдуш, скутер эккхийтар бахьана долуш вийра инарла а, цуьнан гӀоьнча а. Иза бахьана 15 шарера 20 шаре кхаччалц набахтехь йаккха хан тоха тарло ГӀалгӀайчуьрчу бахархошна.
Цхьа могӀа луьра бехкаш
ТӀаьххьарчу беттанашкахь БатIалхьажойн вирдан декъашхошна дуьхьал, дуьххьара долийна гӀуллакх дац иза. 2024-чу шеран лахьан-баттахь бехк кхайкхийра 32 шо долчу Медов Хьусейнна а, 23 шо долчу Аушев Джабраилна а, 31 шо долчу Алиев Хаваж-Багаудина а, 27 шо долчу Кулаев Батырна а дуьхьал. Талламхошна хетарехь, цара Калашниковн автоматаш йелла, Москвахь 2024-чу шеран зазадокху-баттахь Crocus City Hall-на тӀелатар динчу нахана –цигахь вийра 145 стаг.
ГIура-баттахь керла бехктакхаман гӀуллакх кховдийра БатIалхьажойн хьалханчунна а, гӀалгӀайн парламентан декъашхо хиллачу, меттигерчу Социалан страхован фондан куьйгалхочунна Белхороев Якъубна дуьхьал. 2022-чу шарахь заьӀапхочунна луш долу пособешца бозбуунчаллаш лелийна аьлла, 9 шо хан туьйхира цунна, ткъа хӀинца, йуха а кхел йеш йу цунна, ахчанаш лечкъорна а, гергарчарна страхован ахчанаш даларна а.
ЧӀогӀа барт болуш тоба йу; дуккха а нах, царна йукъахь лакхарчу даржашкахь болу хьаькамаш а кхоьруш
БатIалхьажойна Iедал тIаьхьа делира 2019-чу шарахь Москвахь ГӀалгӀайчуьрчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан экстремизмца къийсам латточу центран куьйгалхочунна Эльджаркиев ИбрехӀимна герз тоьхначул тӀаьхьа. Иза вер, ницкъахоша дузу, шаьш вийначу вирдан куьйгалохочунца Белхороев ИбраьхIимна (БатӀал-Хьаьжин кӀентан кӀентан кӀант) тIера чIир йекъарца. Бехке вира вирдан декъашхо Картоев КIурейш, Оьрсийчуьра дIаваха аьтто баьлла хиллера цуьнан. Йаьккхина видео тӀехь массо а хӀуманна мукӀарло а дира цо, Эльджаркиев вер бахьана - цуьнгара ша чIир эцар дара аьлла. 2023-чу шарахь ФСБ-но террорхойн вовшахтохараллашна йукъа тоьхна "БатӀал-Хьажойн мурдийн тӀеман дакъа".
Баталхьажхой хIинца а бу Къилбаседа Кавказехь йозуш йоцучу кӀеззигчу динан тобанех цхьаъ. Цхьайолу Iалашонашкахь цара йукъаметтиг лелайора Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца, цуьнан гергарлонах пайда а йоьцуш, кхин долу гӀуллакхашкахь ГӀалгӀайчоьнан Ӏедалца цхьаьна болх а бора. Шайна Iедал тIаьхьадалале, меттигерчу элиташна йукъа интеграци йина а бара уьш, тайп-тайпанчу агӀонашна йукъахь баланс а карош, Iедалан Iуналлехь а боцуш, кхетадо Амерекерчу Джордж Вашингтонан университетан Ӏилманан белхахочо Ильясов Марата (The George Washington University).
"Хууш ду, уьш вуно барт болуш тоба йуйла, декъашхоша вовшашна гӀортор а йеш. Дуккха а нах, лакхара даржашкахь болу хьаькамаш а, кхоьруш ницкъ бу иза. Оцу тобан йозуш цахилар дӀадаккха хьажийна хила мега, царна дуьхьал бехктакхаман гӀуллакхаш долор". Суна хетарехь, цхьана системехь интеграци а йаш, и тоба йа Кадыровн йа ГӀалгӀайчоьнан Iедалан куьга къела йахьа, Iалашо йу", - аьлла, хета экспертан.
Машенахь дIакхитийна, йа тховкӀело, йа йууьрг йелла
Денна террорхошца йукъаметтигаш лелорна бехктакхаман гӀуллакхаш долор а, йеха хенаш тохар а Къилбаседа Кавказехь лелаш ду дуккха а шерашкахь, билгалдаьккхира регионехь болх бечу бакъонашларъйархойх цхьаммо Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къамелехь (Оьрсийчоьнан репрессивни низамаш бахьана долуш шен цӀе йовзуьйтуш йац).
"Оцу бахьанашца хьийзор, бӀостане ду Кавказан къаьмнийн ламасташна, хьошалла дар а, некъа тӀехь вовшашна гӀо дар а. Йуьртан йистте нах баьхкина меттигаш нислора, йууьрг йеха а, йа машенахь даар эца дIакхетор доьхуш а. Ишттачу меттехь, цхьа лелар вац, чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан лехамашкахь ву йа вац стаг “толлуш", - бохуш, кхетадо хьостано.
Ницкъалийн куьйгалло цхьа Iалашо йолуш хаьржина батIалхьажойн декъашхой "коьрта террорхой" санна
Бакъонашларъйархочо дийцарехь, 2000-гӀа шераш дуьйладелча дуьйна федералан ницкъаша жигара лелайора дуьхьалончашна дуьхьал "дагийна латта" олу тактика. Меттигерчу бахархошна муьлхха а зӀе латтор а, низамехь йоцчу тобанашна кхача, йа молханаш латторна, луьра таIзар а деш. Жимма а тӀемалошна гӀо дар, зуламан йукъехь дакъа лацар санна лоруш. Масала, 2004-чу шарахь дуьйна Кадыровн имамаша дIахьедар дира, тIемлошна хи а, йууьрг а луш болчарна неӀалт кхайкхор ду аьлла.
"Цхьадолу гӀуллакхашкахь бехкебечара, талламхоша фальсификациш йина бохуш чӀагӀдора. Масала, царна харца тешалш дина хила тарлора, хьалхо лаьцна, йехха хенаш тоьхна, тIемалой бу бохуш щеконашца лаьцначара. Ницкъхоша и тайпа хIуманаш лелош дара, шаьш бина кхиамааш бийца", - дуьйцу бакъонашларъйархочо.
БатIалхьажойн декъахошна дуьхьал долийначу керлачу гӀуллакхех лаьцна дуьйцуш, цо чӀагӀдо, ницкъхоша уьш шайн цхьа Iалашо йолуш хаьржина, царех "коьрта террористаш" бан: нагахь санна керла терракташ хилахь, ницкъхоша лоьхур бу йа шайн хетарехь, зуламхошца зIен йолу нах ГӀалгӀайчохь.
"ГӀо дарна" бохуш дуккха а нахана дуьхала бехктакхаман гIуллкхаш долош хилар, тӀечӀагӀдо дагестанерчу адвокато Магомадова Сапиятс а, цо хьалхо Кавказ.Реалиин корреспонденте дийцира, шен цхьана 2019-чу шарахь 4 ларвийриг вара "Эндерейан тобан" тӀемалочунна Билалов Шамилан гӀо дарна бехке бина. Оьрсийчоьнан къоман гвардин регионерчу урхалло, оцу тобан декъашхой хIаллакъбина йа лаьцна аьлла, дӀахьедар динчул тӀаьхьа, ницкъаллин структураша шайн тидам тIебахийтира церан "агIончаша" лахарна.
Пхоьазза, лакхарчу кхело процессуальни низамаш талхор бахьана, дагестанхочунна Адуев Ахьмадна йина кхел йухайаьккхира, цунна бехке дуьллуш дара шен машенахь бехкевинчу Билаловга, кхача дӀакхачорна. Адуевс ша бехке хилар тӀе ца дитира, цо дийцарехь шена тӀехь гӀело йан йолийра, низамхочуьнан йишица дов шен иккхинчул тӀаьхьа.
Эндери йуьртара схьаваьллачу Гаджиев Мугутдинна 8 шо хан туьйхира луьрачу режиман таӀзаран колонехь йаккха, низамехь йоцчу герзаца йолчу тобанехь дакъалацарна бехке а вина. Цо дина зулам - Гаджиев Микаилн ваша, машенахь дIакхитор. Новкъахь Гаджиевс туькнара йууьрг а эцна, машен сацийначу нахана тӀоьрмигаш дӀаделла хиллера. Амма бехкевинчунна ца хаьара и нах тIемлой хилар. Гаджиевс дӀахьедира, ша йуьхьанца дина мукӀарло, шен тIехь Iазап латторна дина аьлла.
Дукха хан йоццуш хилла масал: кхелан сацамехь шен цӀе къайлайаьккхинчу ХӀинжа-ГӀаларчу вахархочо, шен доттагӀчун дехарца, буьйса йаккха тховкӀело йелла массех стагана, уьш лоьхуш буй а ца хууш. Иза хиъча, ФСБ-га айкхалла дина цо. Амма, цунна дуьхьал бехкзуламан гӀуллакх долийра, цо террорхойн тобанехь дакъалаьцна аьлла, хIинца, 15 шаре кхаччалц набахтехь йаккха хан йогӀу цунна;
Къилбаседа Кавказерчу республикашкара шайн цIийндайшца а, берашца а цхьаьна Шема, "Исламан пачхьалкх" олучу территори тIе, дӀабаханчу зударшна, шайн доьзалан а цIийнан декхарш кхочуш дарна, "терроран" артиклашца бехке бина. Цу кепара, Дагестанерчу Хасав-Йуьртан кӀоштара, йахархочунна Алтысултанова Заремина пхи шо хан туьйхира, шен цIийндас (чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан хилла белхахо), некъан Ӏалашо а ца хоуьйтуш, иза Шема дӀайигарна.
Нохчийчуьра схьайаьллачу Аюпова Альмирина 6 шо хан тоьхна набахтехь йаккха. Из-за хан йелла Дагестанерчу Абсаидова Гогушна, Алеппохь тӀемалошна йууьрг кечъйеш, бедарш тойеш хилла аьлла. 2023-чу шарахь Иракъера Оьрсийчоьне дӀайелира ГӀалгӀайчуьра Гатагажева Лейла. Цунна 15 шо долуш, тӀемалойн территори тӀехь хилла иза а – цунна а бехк кховдийна шина "терроран" артиклца, тӀемалошна бахаман Iалашонаш кхочуш йарна.
"Муьлхха а Iалашо кхочуш йан кийча ву"?
1990-гӀа шераш дуьйладелча дуьйна, Эльджаркиев герз тоьхна вел хьалха, БатIалхьажойн декъахошна чӀогӀа паргӀат дара ГӀалгӀайчохь, тайп-тайпанчу Ӏедалан хьукматашка йукъахь бара, ницкъаллийн структурашца гӀуллакхаш дӀадерзо аьттонаш а болуш, цхьаберш парламентан декъашхой бара, бохуш дуьйцу блогеро Картоев Ислама .
Масех тӀаьхьенехь, цуьнан нах а бара, БатIалхьажойн вирдан декъашхой, амма Исламс цу тобан, динех болу хьехамашах дог диллира, хIинца цунах "секта" олу цо, хаддаза царна критика а йеш. Къорге оцу хIумано ойла йан волавелира иза 2016-чу шарахь, вирдан йукъера дIавала сацам бина Картоев Асхьаб вийча – цул тӀаьхьа БатIалхьажойн вирдан критика йан йолийра цо хозуьйтуш .
"БатIалхьажойн декъашхой -15-20 эзар стаг кхоччуш ву. Ткъа хӀора а декъашъо декхаре ву шена тIедогӀучух 10% дӀайала. Сектан декъашхошна йукъахь бу, хьал долуш совдегарш а, промышленни предприятийн куьйгалхой а, иштта кхин дӀа а. Миллионашкахь, долларшкахь ахча схьадогӀу, хьалха боьвлачарна, БатIал-Хьаьжин Белхороевн тӀаьхьенех масех стагана, цхьанна а тIехь Ӏуналла а доцуш. Оццу ахчанах низамхошца дерг дӀадерзо а, бехктакхаман гӀуллакхаш дӀакъовла а аьтто бу церан", - билгалдоккху цо.
Цу тобан декъашхошна йукъахь бу, фанатикан дог-ойла йолу нах а, куьйгалхойн омрица муьлхха а зулам дан кийча болуш. Амма, кхин дӀа а дуьйцу къамелхочо, амма ахчано гӀо ца дира БатIалхьажойн куьйгалхошна Москвахь ГӀалгӀайчуьрчу экстремизман центран куьйгалхо шаьш вер, дӀадаьрзо. Цунна хетарехь, цу тӀехь новкъарло хилла царна, зулам дина меттиг а, вийнарг а лакхара даржехь хилар бахьана.
"Амма кхузахь а, суна хетарехь, БатIалхьажошца Ӏаламат кIеда ду Iедал. Хьовсал Дагестанехь а, Нохчийчоьхь а, кхечу республикашкахь а - могӀарерчу ППС-н белхахочунна, лейтенантан олур вай, тIелатар дича, иза оцу меттехь "террорист" ву аьлла, вуьйра ву. Кхузахь, "ЦПЭ-н" хьаькам ву вийнарг, амма бехкебеш берш дийна бу, "Крокус сити" гӀуллакхехь санна. Суна ца хаьа, Москвахь инарла вуьйш терактехь дакъалоцуш хилла йа ца хилла вирдан декъашхой, амма иза йукъара а ца доккху ас", - бохуш, дуьйцу Картоевс.
Вирдан декъашхо хиллачу цхьаммо дийцарехь, репрессийн керла тулгӀе дӀайаьллачул тӀаьхьа, вирдан куьйгалхой "лечкъаш" лелар бац. Зулам дарна бехк кховдийна 20 гергга вирдан декъашхочунна, амма хӀинца а эзарнаш нах бу цу сектехь – ткъа церан куьйгалхошна шайн хьал а, Ӏаткъам а ларбан беза, бохуш, кхетадо цо.
- БатIалхьажойн вирда — ГӀалгӀайчуьра динан тоба йу, цуьнан декъашхоша шаьш лору XIX-XX бӀешерашкахь ваьхначу суфистийн шейхан Белхороев Батал-Хьаьжойн мурдаш. Республикехь уггаре а латIкъаме а, дӀакъевлина а йукъаралла йу. ГӀалгӀайчоьнан муфтиятан хаамашца, тайп-тайпанчу хьостанаша дийцарехь, республикехь динехь болчу нехан, вирдахь 4,5% мурдаш бу, цу йукъавогӀуш ву 20 эзар гергга стаг.
- Баталхаджинскийн цӀарах йолу сихачу гӀоьнан дакъа (дацдина БОБР "Ахмат") гучуделира 2022-чу шеран Лахьан-баттахь Украинина дуьхьал дӀахьочу буьззинчу барамехь тӀамехь дакъалаца. Цул хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан лехамаш дӀабаьхначул тӀаьхьа гуш-хезаш дӀахӀоьттира вежарийн декъашхошна. Оцу отрядера цхьа могӀа тӀемалой лехамашкахь бу аьлла дӀакхайкхийна.
- ТIаьххьарчу деношкахь цIийнех хьуьйсуш, лоьцуш хиллачу гIалгIайн батIалхьажойн вежараллехьа узуш шен телеграм-каналехь вистхуьлуш видео хIоттийна Кадыров Рамзана. Нохчийчоьнан урхалхочо чIагIдо, лецначарлахь бехкебоцурш а бу бохуш.
- Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь Оьрсийчохь, ГӀалгӀайчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан экстремизмца къийсам латточу центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрехӀим вуьйш дакъалаьцарна бехке вечу, батIалхьажхочо Белхароев Ильясас дийцира, хьалха, Советан пачхьалкх йолчу заманахь, политикан гӀелонаш муха лайна хилла шен дайша.