ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керста нахах лаьцна аьллачунна тIехула гечдар дехийтина Нохчийчуьра хьехархочуьнга


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

35 шо долу Нохчийчуьра хьехархочун Жабраилов Мансуран камерана хьалха гечдар деха дезна, керста нах сийсазбарна. Пачхьалкхан ЧГТРК "Грозный" телеканалехь зорбане йаьккхинчу сюжетехь хьехархочуьнца цхьаьна ницкъаллин структурийн белхахой а бу.

Жабраилов Мансур нохчийн Шовхал-Берд юьртахь физкультура а, хими хьоьхуш, телеграм-канал лелош вара, хӀинца иза дӀайаьккхина йу. Цигахь хьехархочо зорбане йаьхнера видеош а, шен кхетамехь Библин хьесап а, веларца а комментареш а йеш. Цхьайолу видеош школехь дӀайазйина хилла цо.

Жабраиловс дина дӀахьедарех шуьйра дийца долийра гIадужу-беттан 6-чохь, пропагандисто Голованов Романа Нохчийчоьнан Ӏедалша цунна тидам ца барна критика йича. Цул тӀаьхьа регионан зорбанан министран Дудаев Ахьмадан дийзира Жабраилов лаьцна хиларх а, школера дӀаваккхарх а хаам бан. Голованов бехкевира Дудаевс, долу хьал цахууш дIахьедарш дарна, иштта цо дӀахьедира, хьехархочунна дуьхьал таллам гезгмашан-бутт чекхболуш болийнера, аьлла.

Цу хьокъехь, пачхьалкхан каналехь йаьккхина сюжетехь, гойтуш дара Жабраилов коридорехула кхерамзаллин белхахочо дӀавуьгуш. Хетарехь, цигахь дӀайаздина цо къинтӀера довлар дехар– Жабраиловс жоьпалла тӀе а лаьцна, хиллачунна провокаторш бехке бира, царна жоп луш, и видеош зорбане йаха сацам бинера ша бохуш.

Оццу сюжетехь чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан Нохчийчоьнан экстремизмна дуьхьало йечу декъан куьйгалхочун гӀовса Кимаев Хьамзата билгал ма-даккхара, Жабраиловн посташ экспертиза йан хьажийнера чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан Ставропол-мехкан коьртачу урхалле, хьехархочунна кхел къастош.

  • Кавказ.Реалии сайто йаздарехь, Кадыровга нахана хьалха бехк цабиллар дехар мел кӀезга а 2005-чу шарахь дуьйна лелаш ду, Нохчийчохь хилла ца Ӏаш. "Кавказский узел" зорбано Къилбаседа Кавказехь бехк ца биллар дехийтаран хронологи хIоттийна, 2016 шарахь уьш пхиъ йара, 2017 шарахь – 15, 2019 шарахь – 33, 2020 шарахь – 70 гергга йара. Цу кепара, 2023-чу шеран товбеца-батте кхаччалц лаххара а 94 и тайпа видеош дIайазйина, тӀамна дуьхьал болчу жигархоша а.
  • Дечкен-баттахь нацизм къобалйарна а, Делах тешачийн дог-ойла сийсазйарна а бехкевечу иллиалархочо Шарлот Эдуарда шена гечдар дехнера Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане. Цо бахарехь, "цхьана хIумана йуккъехула хьахош аьшнашвинера" цо иза, йаздо Свобода Радион оьрсийн сервисо. Самаран кIоштан кхелехь цунах лаьцна дIахьедина Шарлота, цигахь луьстуш йара апелляци, иза лаьцна вуьтуш бинчу сацамна.
  • Чиллин-баттахь ГIебарта-Балкхаройчуьра кхаа кхиазхочуьнан йуьхьйаьхна КъорIан сийсазден къамелаш дарна – цхьахволчу дешархочо, шен дас а санна, массарна а гуш-хезаш къинтIера довлар дехнера. "Бакъонехь тIаьхье" хир йу аьлла цуьнга

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG