ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кешнаш карийна Соьлжа-ГIалахь. Iедалхоша тIе ца дуьту, уьш Нохчийчохь хиллачу тIемашца дозар


Археологин ахкарш, гайтаман сурт
Археологин ахкарш, гайтаман сурт

Нах дIабоьхкина цхьа меттиг карийна Соьлжа-ГIалин йистехь некъан белхахошна. ГIалин Шейх-Мансуран кIоштахь котлован охкучу гIишлошйархошна карийначу туьтанех, даьIахкех видео йаржийна машанехь, йаздо "Кавказский узел" хьасто. XVII-XVIII-чу бIешерашкахь хиллачуьнца йоьзна Нохчийчоьнан Iедалша карийна чалхаш, махкахь тIемаш боьлхучу хенара хилар бакъ ца дина.

Дуьххьара видео гучуйелира Live Kavkaz News ютьюб-каналехь, цу тIехь гайтина масех туьта, комментарий йечо боху "сацкъар боккхуш хилла" цигахь. Роликан авторо чIагIдо, оьрсийн-нохчийн тIемаш боьлхучу заманчохь байина меттигера нах бу цигахь дIабоьхкинарш. ТIаьхьо и видео йаржийра кхечу нохчийн блогерша а.

Социалан машанашкахь гIовгIа иккхинчул тIаьхьа карийначу меттиган тергойина меттигерчу Iедалша а. Археологин талламаш бечу Iилманан академин Центран куьйгалхочо Исаев Султана дIахьедина, карийна даьIахкаш XVII-XVIII-чу бIешерашкара ю, дуьйцурш бусулбачийн кешнаш ду аьлла. Адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура кхайкхамбина "оцу кепара видеош ма йаржайе" аьлла.

"Церан (Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь гергарнаш байна нах – Редакцин билгалдаккхар.) юх-юха а са ма даа, шайн нах хила тарло бохуш, цаьрга сатийсийта", - аьлла Солтаевс.

Нохчийн историко, шен цIе къайлайахьа лиира цунна, Кавказ.Реалиин редакцина йеллачу комментарихь хаамбира, хууш ма-хиллара, оцу хенара кешнаш махкахь тесна ца дуьту, цундела хила тарло уьш кхин а ширачу заманара кешнаш аьлла.

  • Хьалхо гIишлошйаран белхашкахь ХIинжа-ГIалина гена доццучу "Джами" садаIаран база йолчу кIоштахь 18 даьIахкаш карийра. Дагестанера Талламан комитетан урхаллин хаамашца, Сталинан репрессин заманара хила тарло и дIабохкарш.
  • 2020-чу шарахь ГIебарта-Балкхаройчохь Баксанан кIоштара Атажукино эвлахь къола динера ширачу кешнашкахь. ДIабохкаран боллу гIирс шайца дIабаьхьнера цара, ткъа даьIашкаш латтанца хьулйинера.
  • 2019-чу шарахь Къоьзанан Iомана гена йоццучу Хой эвлахь схьакарийра Юккъерчу бIешарера кхаа стеган чалх. Цунах лаьцна хаамбинера Нохчийчуьра къоман политикан министралло гIадужу-баттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG