Йоллу Оьрсийчохь хаалуш ду таксхойн кхоьлла хиллар, цхьана вакансина жигара шиъ ца кхоччуш резюме йу. И терахьаш гайтина hh.ru онлайн-рекрутинган платформина талламбаро. Кхарачой-Чергазийчохь, ГIалгIайчохь, ГIалмакхойчохь таксопаркаша лоьху йозуш йолчу сферашкара белхахой и болх лоьху нах цахиларна.
Оцу республикашкахь а, Оьрсийчоьнан кхин а ворхI махкахь а "такси тIехь болх бан луу нах банне а бац", дийцина аналитикаша пачхьалкхан ТАСС агенталле. Цуьнан кIорггера жамIаш довзийтина дац, рейтинг хIоттош йу лерринчу индексан буха тIехь, цо гойту кхайкхийначу вакансийн кечйинчу резюмешца йазар.
Онлайн -рекрутинган платформин сайтехь аналитика йу йалийна транспортан, логистикан сферашкахула а, адам дIасакхехьаран а: оцу статистикан цхьа дакъа ду таксина кхочург. Волгоградан кIоштахь, ГIалмакхойчохь, Кхарачаой-Чергазийчохь Ростовн кIоштахь, Ставрополь-махкахь тидаме эцна машенаш лелон нах тоьаш цахилар, аьлла ду оцу зерашкахь. Цхьана вакансина йиъ ца кхоччуш резюме йу регионийн, аналаиткиаша бахарехь белхийн рынкехь хьал могуш ду.
Стохкалерачу шарца тIаьххьара ахшо дуьстича ГIалгIайчохь керла вакансеш кхузза алсамйелла керлачу резюмел а. Оцу йукъанна республикехь нах дӀасхьакхехьаран сферехь конкуренци лаккхара йуьсуш йу: мсала 7 цхьанна. Изза хьал тергалдо Дагестанехь а, цигахь балхахь боучу машенлелорхойн терахь шен ма-хуьллу жимлуш лаьтта: цхьана шарчохь корлачу вакансийн терахь шозза совдаьлла керлачу резюмен терахьел а.
- Ростовехь хьийхира йукъараллин транспорт лелорхойн къоьлла хилар йерзор дIалаьцначу Мариуполан бахархойн гIоьнца. Машенлелорхой Ростовехь тIетоьаш цахилар кхачамбацаршца йоьзна проблема дӀаяккхира кIезиг транспорт ара а йаькхина.
- Оьрсийчохь белхпш бан нах тIе ца тоар уггар а коьрта фактор йу экономика ца кхиийта элира Коьртачу банко (ЦБ). Коьртачу банкан куьйгалхочо Набиуллина Эльвирас бахарехь, "шуьйрачу сферашкахь" белхалой тIе ца тоар бахьана долуш лехамаш кхин а алсамбовлу, ткъа продукци дӀа ца йоьдучу хьелашкахь цуо мехаш лакхабоху.