Питанчаш, къайлаха сервисаш йа кадыровхой - муьлш бу Милашинина а, Немовна а тIелеттарш
Товбеца-беттан 4-хь журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а Соьлжа-ГIалахь дина тIелатар питана ду аьлла Нохчийчоьнан Iедалхоша. Зулам талла аьлла тIедожош, федералан Iедалхоша официалехь терго йинчул тIаьхьа бен бист ца хилира хиллачух лаьцна республикера хьаькамаш.