ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кхелахой кхачийна": Нохчийчохь лачкъийначу дагестанхочун гергарнаш ца теша талламах


Нохчийчоь, полици. Гайтаман сурт
Нохчийчоь, полици. Гайтаман сурт

Дагестанан махккара Хасав-Юьртара аптекин долахо Кардашов Алексей верна бехкевечу Соьлжа-ГIалара таксхочун Омаров Сайд-Мохьмадан гIуллакхехула хиллачу Нохчийчуьра Гуьмс гIалин кхелан куьйгалхо Амиров Iусман юкъарваьлла. ХIинца кхозлагIа толлуш ду хIара бехктакахаман гIуллакх – кхул хьалха Омаровн хьокъехь бина ши сацам юкъабаьккхира апелляци йина. Кардашовн гергарнаш а, бакъоларйархой а тешна бу: иза лачкъийна хилла нохчийн полисхой бу кхела хьалха хIиттон безарш аьлла.

Кардашов вайра 2017-чу шеран гезгамашин-баттахь. Оцу гIуллакхехь коьрта теш хиллачу Омаров Сайд-Мохьмада дийцира дагестанхойн талламхошна, "Долгожитель" аптекин долахочуьнгара рецепт йоцуш дохка йиш йоцу "Лирика" молха эцнера ша –эпилепсина дуьхьал молуш ду и молха, наркотикех боьзначара а пайдаоьцу цунах.

ЮхавогIучу заманчохь Омаров сацийнера Росгвардин нохчийн белхахоша. Хеттарш динчул тIаьхьа къиза йиттинера цунна, наркотикаш юхкучуьнца шаьш цхьанакхетийта аьлла. Соьлжа-ГIалин вахархочо телефон тоьхнера Кардашовга, Нохчийчоьнан дозана тIехь цхьанакхетийта аьлла – цигахь и питана айдинчу ницкъахоща лецира иза. Нохчийчуьра кIошташна юккъерчу МВД-н наркотикашна тIехь контроль латточу номер 2 йолчу декъан дозана тIе йалийра Кардашов чохь волу машен, цул тIаьхьа таксистана иза кхин гина вац. Аптекин долахочун дакъа хIинца а каронза ду.

Оцу Омаровн дийцарш тIехь Хасав-Юьртан кIошташна юкъарчу Талламан комитето бехктакхаман гIуллакх диллира. Шеконаш кхоллайелира наркоконтролан декъан куйьгалхочух Юсупов Алиханах, цуьнан гIовсах Азиев Калогих, иштта шина Росгвардин белхахочух Дукаев Асланах а, Абдурашидов Бекханах а. Уьш федералан лехамашка белира.

"Вовшийн мара а бетталуш, боьлхура церан наной!

2018-чу шеран лахьан-баттахь дагестанхойн талламчаша оцу гIуллакхан йоллу материалаш Нохчийчухула йолчу талламан урхалле дIахьажийра. Ши бутт баьллачул тIаьхьа Омаров Сайд-Мохьмада цIеххьана хийцира ша дина мукIарло, цо дIахьедира шеца а, Кардашовца а Росгвардин ши белхахо бен вацара, цара лаьцначунна тIехь ницкъ ца бира аьлла. Шаьш висинчу аптекахочун а таксхочун а дов даьллера – оцу девнехь шен оппонент ша вийра, ткъа дакъа Терк чу кхоьсира аьлла.

Кардашов Алексей
Кардашов Алексей

"И гIуллакх Дагестанехь долчу хенахь дегайовхо йара, бакъдерг гучудоккхур ду аьлла. Материалаш Нохчийчу дIакхачийначул тIаьхьа, шина гIуллакхе йийкъира уьш – Росгвардин белхахой шайгарчу бакъонел совбийлар а, Омаровс стаг вер а. ГIуллакх доьхна ду олийла ду, хIинца Iаламат хала хир ду билггал иза вийнарш муьлш бу хаа", - дийцина Къилбаседа Кавказерчу "Iазапашна дуьхьал Команда" филиалан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас. 2019-чу шарахь дуьйна зен хиллачу – Кардашовн ненан Якубова Цилин интересаш хьалхайаьхна лела бакъоларйаран организаци.

Оцу процессехь дакъалоцучу юристо Гусев Константина билгалдоккху, оцу шерашкахь Омаровс масйиттазза шен позици хийцарх"нохчийн талламхочуьнга ша динчу мукIарлонна дуьхьал хуьлура, ткъа цул тIаьхьа, хетарехь, Iаткъам бича, боллу бехк шена тIелоцура".

Арахь йаккха хан тухийла йац. Суна хезна дац ишттачу таIзарех

"Кхелан кхеташонашка Кардашовн а, Омаровн а гергарнаш богIу – паргIат къамелаш до цара, наной вовшашна мара а кхетта, цхьаьний боьлхуш Iа. ХIунда аьлча, уьш кхета: Алексей вийнарш кхин нах буйла. Ас масийттазза къамел дира Омаровн гергарчаьрца, ша шена каш доккхуш ву иза бехира ас, цуьнан кочахь дита гIерта уьш иза вер аьлла", - кхин дIа дуьйцу къамелдечо.

Шегарчу информацица, боху Гусевс, бехк цо тIелацахь, арахь йаккха хан кхайкхор ю хьуна аьлла цуьнга нохчийн ницкъахоша.

"Делахь а, 105-чуьнца (Оьрсийчоьнан Бехкзуламан кодексан Iедалан къепан номер. – Редакцин билгалдаккхар.) арахь такха хан тухийла дац. Суна хезна-м дац ишттачу таIзарех. Омаров юридикан лаккхара доьшийла чекхйаьккхина ву, и цунах муха ца кхета – хууш дац", - дерзадо юристо.

КхозлагIа юхалистар

Дуьххьара бехкзуламан гIуллакх диллира Гуьмсан кхелехь 2019-гIа шо довш. Стаг верна а, къоладарна а шогачу хьелашкахь йолчу колонихь даккха исс шо кхайкхийра Омаровна. 2021-чу шеран зазадокху-баттахь Нохчийчуьра Лакхарчу кхело юхабаьккхира и бина сацам, гIуллакх кхин цкъа а талла дIа а хьажош.

Карадошовна ненан апелляцин латкъамехь йаздина ду, шена тIехь Iаткъам бича Омаровс бехк шена тIелаьцна, билггал оцу зуламна бехкеберш жоьпаллера бовларх а. ТаIзар къуьйсура иштта чувоьллинчун адвокато а, "тIех шога дина таIзар хиларна нийса дац" аьлле лерира.

2022-чу шеран охан-баттахь гIалин кхело юха а бехке лерира Омаров, колонихь даккха 8,5 шо хан а кхайкхош. Юристаша юха а билгалдаьккхира процессуалан талхийна низамаш а, цхьанацадараш а. Масала, бехкбуьллучу тешо дийцира Кардашовн машенан куьзганаш Iаьржа пардо латийна дара аьлла, ткъа вийначун нанаакъар ца лор – дацара бохуш.

Официалан версица, суьйранна 18 а, 19 сахьташна юкъахь вийна иза, цул тIаьхьа Омаров Iаржйаллалц а Iийна, Хаьнгаш-Юьртана гергарчу Терка чу кхоьсинера цуьнан дакъа. Делахь а, апелляци тIехь зенхиллачо билгалдаьккхира, цкъа-делахь, 18:30 даьллачу заманчохь оцу меттигехь Iаьржа хуьлу, шолгIа-делахь, "Мегафонан" операторан информацица, бехкевечун телефон оцу хенахь Соьлжа-ГIалахь гойту, Хаьнгаш-Юьртана 70 километар генахь. Дина таIзар юхаийцира тIаккха а.

Эххар а, кхозлагIа гIуллакх хьалхарчу инстанци кхачийра стохка мангал-баттахь. Кху шеран чиллан-беттан 9-чохь хиллачу кхеташонехь суьдхочо Амиров Iусмана – гIалин кхелан куьйгалхо а иза ву- пачхьалкхан бехкбиллархочун а, зенхиллачу агIонан векалийн а дехарца оцу гIуллакхана юкъара велира. Цуьнан бахьана дара, Кардашовна ницкъбеш шайгарчу бакъонел а совбийларна бехкевечу Росгвардин шина белхахочун гIуллакх а оцу суьдхочо вукхуьнца цхьаьна дIахьош хиларна.

"Проблема стенца ю хьуна аьлча, Гуьмс гIалин кхелехь, официалан сайтерчу хаамца, верриг а пхи суьдхо ву", - кхетадо Гусев Константина.

Уьш кхечу Нохчийчуьра кхеле дIалахь, бакъдерг тIечIагIдан къаьсттина хала хир ду. Нагахь санна, Iаткъам бина ша динчу мукIарлонна Омаров дуьхьал валахь а

Кхелахоша Ибрагимовс а, Аврабиевс а тоххара листина ду и гIуллакх, Амиров юкъараваьлла, кхелахочо Тамаковс а хьалхо Росгвардин белхахойн гIуллакх листина. Цундела царех цхьаммо а луьстийла дац Омаровн гIуллакх хIинца. Висинарг пхоьалгIа цхьа кхелахо ву.

"Кхелахой кхачийна – парадоксе хьал хIоьттина. И гIуллакх шина декъе декъарна хIоьттина ду иштта хьал. Нохчийн талламхойн мотив хууш ю: оцу юкъара иштта баьхна цара полисхой, ницкъахойн лелар мел а йайчу Iедалан къепе а дерзош. ТIаьххьарчу кхеташонехь ас къамелдира прокуратурин векалца, тхан барт хилира, цхьа гIуллакх шина декъе декъарца IалагIож гIаттийна хиларх", - кхин дIа дуьйцу юристо.

Кхин дIа хIун хир ду – хууш дац адвокаташна. Ма-дарра аьлча, кхин а цкъа талла гIуллакхаш юха дIадахьийта дезара, Нохчийчу а ца дохьуьйтуш, Къилбаседа-Кавказан федералан гонашкарчу Ессентуки гIаларчу талламан урхалле.

"Нагахь санна, уьш кхечу Нохчийчочьнан кхеле дIалой, бакъдерг тIечIагIдойла хир йац. Нагахь санна, Iаткъам бина, ша динчу мукIарлонна Омаров дуьхьал валахь а, со тешна ву, хIуммаъ а хийцалург цахиларх. Жоьпалла шена тIера дIадаккхархьама цо и дина аьлла, лара тарлора кхело", - дуьйцу Гусевс.

Оцу гIуллакхца цхьаьна кхело юха а толлуш ду, талламан версица, жимма лаьцна а витина, цунах таллам а бина, цуьнагхь магийна доцу молха ца карийча, дIаваханчу Росгвардин белхахойн Дукаевн а, Абдурашидовн а гIуллакх. Бакъо йоцуш иза лацарна ницкъахошна арахь такха 3,5 шераш туьйхира, амма и таIзар а юхадаьккхира апелляцино, иштта зенхиллачун векалан латкъамца а.

Путина гIо дийр дац

Къаьстинчу кепехь листа билгалдаьккхинера наркоконтролан декъан хьаькаман а, цуьнан гIовсан Азиевн а хьокъехь диллина бехктакхаман гIуллакх а. МВД-н лехаман базехь дара цу шиннан карточкаш, ткъа хIинца доцуш ду. Цу шиннан хьокъехь беш таллам буй, хIинца а хууш дац.

"Тхан практикехь оцу тайпа гIуллакх суна дага ца догIу. Дукха хьолахь бакъоларйаран органийн белхахой тIетовжу, лаьцначо ша шена дина зен олий: лами тIера чувоьжна, лаьтта охьа а кхетта, диттийн орамаш тIе корта биттира, ша шена маха Iиттира, шен курткин кач беснех хьийкхира, иштта кхин дIа а, йа лацале хьалха цхьа кхечу нехан карах лазийна ву олий", - дуьйцу Кардашов къайлаваккхаарн гIуллакхах "Iазапашна дуьхьалойаран Командин" куьйгалхочо Бабинец Сергейс.

Хуьлуш долчух "нохчийн нийса кхел йар" олу Гусев Константина, цо тIетуху Омаров бехке ву аьлла цхьанна хетахь, тамаш бу.

"Амма пачхьалкхан бехкбиллархочо а, кхело а бIаьргаш хьаббо цунна", - дерзийра юристо.

Лачкъийначун нана массо а инстанцешка йаьлла: президент Путин Владимирна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанн а тIера Москварчу раввинате кхаччалц (Кардашов ломара жуьгти ву. – Редакцин билгалдаккхар.), делахь а, Iедалхошкара цхьана а кепара реакци йац.

  • 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь"Арифметика пыток" рапорт зорбане даьккхира"Iазапашна дуьхьал Командо" (КПП) Къилбаседа Кавказехь полисхоша латточу Iазапах лаьцна. Бакъоларйархойн зерашца, 87 процент меттигашкахь Талламан комитето дуьхьало йо церан хьокъехь бехкзуламан гIуллакхаш делла.
  • Хасав-Юьртан гIалин кхело къобалдира полисхочун Алиев Шемалан адвокатан дехар, чохь латтийна ца вуьтуш, цIахь витира иза, дIасавалар а доьхкуш. Оцу гIуллакхехула шолгIа бехкевен Сайпулаев Рамазан – СИЗО-хь висина. Ницкъахой бехкебира меттигерчу йахархочунна Курашова Юлдузна тIехь ницкъбарна а, магийна йоцу хIуманаш цо юхкуш хилла аьлла, фальсификаци лелорна а, амма гIуллакх карарчу хенахь юха толлуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG