ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелхинчул тIаьхьа "ЧР хьакъволу бакъонашларйархо" цIе йелла Кадыров Ахьматна


Кадыров Ахмат а, Рамзан а
Кадыров Ахмат а, Рамзан а

Тахана Нохчийчуьрчу "къоман гуламехь" мидалш йелира: республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна "ЧР хьакъволу бакъонашларйархо", цуьнан нанна Кадырова Айманина, цуьнан дена Кадыров Ахьматна а. Иза дуьйцуш гулам боьдуш болуш вистхилира Нохчийчуьра коьрта бакъонашларйархо Солтаев Мансур.

"Нохчийн къоман дуьххьарлера а, коьрта а бакъонашларйархо вара Ахьмат-Хьажа". Цуьнан некъа тIехь къа а хьоьгуш, махкахойн бакъонаш ларйаран низам дIахIоттийна ЧР куьйгалхочо Кадыров Рамзана",- довзуьйту цуьнан къамел "Чечня сегодня"-Iедалан гIирсо.

КадыровгIеран доьзална рогIера совгIаташ дар "культ личности" латторан политикин могIа бахбеш дIахIоьтти. Кавказ.Реалии сайте эксперташа хийлаза дийцина ду хIорш. Чиллин-беттан йуккъехь, цкъа конституцехь бан богIу хийцамаш бина, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна "къоман да" аьлла цIе а йелира. Цу хеннахь йелира Кадыровна Нохчийчоьнан дуьххьарлера турпалхо цIе а - и мидал хьалхо цо ша шен сацамца йала магийначарех йара.

Йерриге лерича, Кадыровн ткъе итт сов мидал йу, царех цхьаъ "ТIеман турпалалла" II-тIегIа (2000 шо), "Даймехкан дуьхьа къахьегар" IV и III тIегIанаш (2006, 2021 ш), 2006 - чу шарахь цунна Оьрсийчоьнан турпалхо цIе йелира, ткъа 2020 - чу шарахь Путина йелира Кадыровна Росгвардин инарла-майор цIе. Цул совнах, йу цуьнан лараме цIераш "Нохчийн республикан физикан-культуран хьакъволу белхало", "Нохчийн республикан хьакъволу гIишлошйархо".

КадыровгIеран сийдеш республикехь 346 урамна цIе тиллина. И цIераш хийцаран болх шайна аттачу боккхуш, Iедалхоша меттигера закон а хийцина. Масала, гIадужу-баттахь Курчлой-эвлахь бюджетерчу ахчанах физкультуран-спортан гIишло йира. Цунна Кадыров Рамзанан 15 шо долчу кIентан Кадыров Iелин цIе йелира, - дийцира "Русская служба Би-Би-Си"-гIирсо.

Нохчийчоьнан куьйгаллехь ву Кадыров 2007-чу шарера дуьйна схьа. ХIетахь дуьйна масийттазза бехкевира иза адамийн бакъонаш эшорна, цунна луьйш берш лечкъорна а, байарна а жоьпалла политикна тIе а дуьллуш. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал санкцеш йаьхна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евроберто а. Оьрсийчоь шуьйрачу тIамца Украине чугIоьртинчул тIаьхьа Кадыровх уггар а коьрта тIеман пропагандист хилира,регионан урхалхочо кест-кеста дIахьедо йолахой тIамтIе хьийсорах, кхерамаш туьйсу президентана Зеленский Владимирна. Цул совнах, Оьрсийчоьно зарратан герзах пайдаэца тарлуш хилар а хьахийра цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG