ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхело юха а дӀайахйина Нохчийчуьра ММА-н латархо лаьцна вуьту хан – цо хьалхо дехнера ша тӀаме вахийтар


Якубов Ильяс
Якубов Ильяс

Москвара кхело дӀайахйина Нохчийчуьра ММА латархочун Якубов Ильясан лаьцна вуьту хан. Иза бехкево нохчийн тIемалойн буьйранчин Басаев Шамилан аз дӀайаздина видео бахьана долуш нахана хьалха терроризм бакъйарна. Хьалхо Украинина дуьхьал тӀаме ваха лаам бу шен аьлла, дӀахьедар дира спортхочо, латкъам бина хилла талламаш тӀаьхьатеттарна.

Якубов лаьцна латто хан кхин а шина баттана йахйина, хаам бо MetaRatings спортан сайто а, ткъа иштта "ЧП Чечня" телеграм-канало а, спортхочун накъосташна тӀе а тевжина. Стигакъекъа-бутт чекхболуш латархочо латкъам бира и гӀуллакх "тӀех дахдина а, хьесап доцуш а" талларна: профилактикан гӀуллакхах лаьцна шен латкъамехь цо билгалдаьккхира чиллан-баттахь дуьйна шен хьокъехь талламан барамаш дIабаьхьна цахилар. Цу тIе кхелаш реза ца хилла цIера валар дихкина иза латтон а.

  • Хьалха хиллачу кхелан кхеташонехь спортхочо дӀахьедира, ша тӀеман ветеран хиларе терра тIамтIе ваха кийча ву аьлла. Якубовн адвокато Саяхов Рафаэла билгал ма-даккхара, цуьнан клиентан лаам кхочушхила тарлуш бац, бехкаш муьлхачу кепара хилар бахьана долуш.
  • ММА-н латархочунна йеш кхел йу, 2022-чу шеран гIуран-баттахь UFC 282 турнирехь Якубов Ильяс а, Дацик Вячеслав а тийсалучу видео тIе хIоттийна Басаевн аз хиларна. "Машарца вогIий, машарца жоп лур ду, тIамаца вогIий – тIом бийр бу. ТIом бан Iемина ду тхо, и тхуна Дала делла ду. Маршонехьа тIом бийр бу оха, цу тIе, вала бахьана а ду", - олу цу тIехь Басаевс. Талламан версица, терроризм къобалйар ду и дешнаш. Якубовн интересаш хьалхайаьхна лелачу адвокато Тарамов Iабдул-Керима дIахьедина "ilyas_yakubov9I" ник Якубовн йу аьлла оцу гIуллакхехь тоьшаллаш цахиларх.
  • Нохчийчуьра Шела гIалара ву Якубов Ильяс. Шела кIоштан маьршачу кепехь латарийн чемпион ву иза, самбо спортан мастер ву, панкратионехула Москван Кубок йаьккхина цо. Стохка гIадужу-беттахь шахьарехь лецира иза, терроризм къобайина цо аьлла, шена дуьхьал айдина гIуллакх къовса ницкъ ца кхечира цуьнан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG