ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхерамаш, гIелойар, дехкарш: Заурбекова Лиян цIера йадарх


Заурбекова Лия
Заурбекова Лия

Доьзалехь латточу гIелонах йедда хилла 19 шо долу Нохчийчуьра Заурбекова Лиян аьтто хилла Оьрсийчуьра дIайаха. Москвара полисхоша дIайала тарлора иза цуьнан герарчаьрга, оцу гIуллакха йукъа гIоьртинера Кадыров Рамзанан герггара Делимханов Адам а. Амма гIуллакх нахаладаларна йоьIан ка йаьлла кIелхьарйала. Кавказ.Реалин редакцино дуьйцу цунах лаьцна а, "Кавказехь "къепе ишта йу" бохуш, бала хьоьгучийн дIахьедарш полисхоша тергал ца деш нисделла кхиндолчух а карладоккхуш.

Полицин декъера йаздинера Лияс бакъонашларйархошка – цуьнан герарчара ларйеш йара иза арахь, дагалоьцу крзисан "Марем" тобанехь. Подмосковьера Красногорскера йада ка йаьллера цуьнан, цигахь тIехь гIело латтош, кхерамаш туьйсуш хиллера цунна гергарчара. Масех дийнахь лаьцначу петар чохь хан йаьккхира Лияс. Амма дена маса схьакарийра иза.

"Арахь хIиттийначу камераша дIайаздинчуьнца йоьIан дега-нене хаамаш кхачийначух тера дара полисхоша, иштта карийнера иза. Лия уьйтIа йаьлча, цигахь иза ларйеш Iаш цуьнан да хиллера. Йуха чуйеддера иза, неI дIа а къевлина, полици хаамбинера цо, ша цара Iалашйийр йу аьлла, хеташ: низамаш талхош цо дина хIума ма дацара", - дуьйцу "Марем" тобанан векало шен цIе а ца йоккхуш.

Лия дIайигира Нагатино-Садовники кIоштан полицин декъе, делахь а цигахь полисхой дуьхьал хилира цунна гIодан, "кавказхойн къепена" тIетевжина, билгалдоккху "Мареман" бакъоларйархочо, цара ламаст ду аьлла йина реакци "даим деш а дерг а, вон хIума а ду" олуш. Полисхойн декъера арайолучу заманчохь Лия ларйеш иттех сов цуьнан гергара нах бара.

Полисхойн декъе веанчух цхьаммо дIахьедира, хаттаран йистйаккха "пачхьалкхан векалш" а, "Нохчийчуьра хьаькамаш" а бу богIуш аьлла. Вуьйцург Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адам вуй шега хаьттича, цо жоп деллера: "Тхан берриш а бу депутаташ".

Цига кхаьчнера ишта Москван Йукъараллин тергаман комиссин а, президентехула адамийн бакъонаш Iалашйечу Кхеташонан декъашхо Ионов Александр а, Пачхьалкхан думин депутат Удальцова Анастасия а. СПЧ-н декъашхочо Меркачева Евас дIахьединера, и дов доьдучу йукъанна "йоI кIелхьара йаккхархьама цхьа сацам бен болу масаьрга а" телефон йиттира ша аьлла.

Тахана а "стенгахь йу Седа?" бохучу хатарна жоп далийта гIертачу бакъонашларйархойх беркат даьлла дIахецна йу Лия

Лияна тIехь "реклама" шайна йечу "журналистех-провокаторех" дош элира дукха ца Iаш депутато Делимхановс. Цо билгалдаьккхира, Кадыровн тIедилларца хьал шен тергонехь дара, Москвара чоьхьарчу гIуллакхийн министраллица а, Заурбекован доьзалца а шен къамел хилла аьлла.

Масех сахьт даьллачул тIаьхьа дийца даьккхира, Заурбекова Лия полисхойн декъера арайаьлла аьлла. "Соьгарчу хаамашца, ас Iалашйен Заурбекова Лия кхерамзалехь йу, Оьрсийчохь а йац. Кхиндолчух, иза стенгахь йу а, суна хууш дац", - йаздира шолгIачу дийнахь цуьнан адвокато Тихонова Натальяс. Кхерамзалла ларйархьама Лия йолу меттиг буьйцуш бац.

Бакъонашларйархошна хетарехь, Сулейманова Седин гIуллакх санна хIара нахаладаккхаро аьтто бира Лия кIелхьарйаккхуш. Санкт-Петербургера полисхоша кадыровхойн карайеллачу Сулейманова Седех хилларг хууш дац тахана а.

"ХIинца вай кхета, муха нисло хиламаш, адвокато хIун дича Iаткъам хуьлу а. Тахана а "стенгахь йу Седа?" бохучу хатарна жоп далийта гIертачу бакъонашларйархойх беркат даьлла дIахецна йу Лия. Доккха накъосталла дина адвокатан корматалло, цо дIа ца йалийтира йоI гергарчу нахе полисхошка", - дерзийра "Мареман" векало.

"Полицино тергал ца до"

Оцу кепара истореш йух-йуха а Iитталур йу, хIунда аьлча пачхьалкхан цхьа билгалйаьккхина къеггина позици йац, низам массарна а цхьаъ хиларх, бохура бакъоларйархочо Русова Софьяс. Къилбаседа Кавказера мехкашкара гергарчара шайн цIера веддарг лаца кхайкхаво кест-кеста, уьш цхьацца зуламашна бехке а беш.

"Пачхьалкхан позицно Iаткъам бо оцу гIуллакхашна полисхойн хьежамашна: стереотипехь хуьлу доьзалехь ницкъбарх царна хетарг. Лелочух охьайазйина къаьсташ алгоритм хила йеза ницкъахойн, уьш кхеташ хилийта, мел кхерамечу хьолехь йу йоI, цунна лаьтта кхерам а хууш. Дукхахйолчу меттигашкахь полицино оцу тайпа хилларг тергамза дуьту", - дIахьедира редакцица къамелдечо.

Хьал кхин а тIе кIарглуш лаьтта, тIаьххьарчу шерашкахь Iедалхоша "ламастин мехаллаш Iалашйарх" месседжах пайдаэцарна, цо боккхачу кхерамна кIел хIиттабо Къилбаседа Кавказехь доьзалашкахь гIело ловш берш, кхетийра бакъоларйархочо.

"Меттигерчу бакъоларйархойн кхетамехь уьш бу и "мехаллаш" йохош берш. Доьзалашкара баккхийчарна хетарехь, кегийнаш цара ма-боххура баха безаш бу, амма республикашкара зудабераш кхечу кепара ду, царна ишта даха ца лаьа. Лелаш долчу Оьрсийчоьнан низамо а и магош ду".

Iедалхоша "ламастин мехаллаш Iалашйарх" месседжах пайдаэцарна, цо боккхачу кхерамна кIел хIиттабо Къилбаседа Кавказехь доьзалашкахь гIело ловш берш

Заурбекова Лия кIелхьарйаккхарх дуьйцуш, къамелдечо оцу кепарчу шахьарара полисхоша сацам барх бахьана лерира цунах нахаладаккхар: полицин декъана хьалха дуккха а журналисташ а, блогерш а гулбеллера, камераш йара, оцу доллучо а терго тIеуьйзира СПЧ-н. "Медиаша иштта сиха цунна тIе терго ца озийнехь, гIуллакхан йист кхечу агIор йоьрзур йара", - дерзийра Русовас.

Ала дашна Гуьмсехь йа Соьлжа-ГIалахь хилларг, хуьлийда ду Москвахь а Петербургехь а, хIунда аьлча доьзал а, цуьнан хьежамаш а хийца ца белла, тешна йу кризисан "СК SOS" тобанан векал Мирошникова Александра.

Къамелдечо билгалдаьккхира, Москвара полисхоша Заурбекова Лия сеца ца йира, йа цуьнан кхерамзалла Iалашйан а ца гIоьртира аьлла – полицин декъера ша арайаьллехь, оцу сохьта иза лачкъийна хир йара. Амма хьолана тIеIаткъам бойла хилира бакъоларйархой а, медиаш а маса йукъагIортарна.

"Кхузахь а цунах лаьцна тхуна хиъча, Лия полицин декъехь йара, цигара иза арайаккха шансаш дуккха а йара, цига баьхкира журналисташ а, адвокат а. Ткъа Сулейманова Седех лаьцна гIараделира, иза нохчийн ницкъахоша республике дIайуьгучу хенахь", - кхетадо Мирошниковас.

ЦIера бовдарх хроника

Делахь а, доьзалехь латтийначу гIелонех бевддачийн гIуллакх дерзар хIара санна кхиаме ца хуьлу даим а, Лияца хилларг санна. Йеддарг лоцийла ду аэропортехь кемана хуучу заманчохь а цхьана.

2019-чу шеран аьхка 20 шо долу Нохчийчуьра йахархо Сугаипова Заира йедира цIера, бертаза цуьнан нах иза маре йала хьовзарна."Китеж" кризисан центрехь лечкъийна Iийра Сугаипова масех дийнахь, амма цуьнан наха тIаьхьа а бевлла, бертаза йухайигира иза даймахка. ТIаьхьо ЧГТРК "Гроный" телехьожийлан эфирехь сюжет гайтира, цу тIехь Заирас бакъ ца до, шена доьзалехь ницкъбар, "феминисташа хаздинера" шена элира цо йадар.

Шозза йедира цIера ГIалгIайчуьра йахархо Яндиева Марина: дуьххьара йедча карайеъначул тIаьхьа масех шарахь чохь йаллийнера иза. ШолгIа йадар кхиаме дара цуьнан: йоI Оьрсийчуьра дIайахара. Доьзалехь бала хьегийтарна йада гIоьртина Идрисова ПатIиматна бертаза дарба лелийнера. Эххар а пачхьалкхера дIайахара иза а, шен цIе а хийцира цо. Нохчийн йоI Лорсанова Аминатан аьтто белира кIелхьарайала доьалгIа йедча.

20 долу Исмаилова Селима лецира мангал-баттахь Москварчу Внуково аэропортехь, доьзалехь латточу гIелонах йедда иза, Оьрсийчуьра дIайаха арайаьллера. ШолгIачу дийнахь нохчийн ницкъахошка дIайелира иза. Цул хьалха цо къола дина аьлла, гергарчара цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даккхийтинера. Лачкъийна кхо кIира ахкIира даьллачу хенахь Исмаилова гайтира меттигерчу телехьожийлан эфирехь: цо дIахьедира, ша кхерамзаллехь йу, Iад йита ша аьлла. Исмаилована а, цуьнан "хьекъална а тIехь белхаш бинера психологаша", ткъа цунна йодуш гIо дина бакъоларйархой "малхбузен агенташ" бу бохура, Къилбаседа Кавказана дискредитаци йан гIоьртина, дIахьедира нохчийн омбудсмено Солтаев Мансура.

Марсхьокху-баттахь Санкт-Петербургера полицин белхахоша Нохчийчуьра ницкъахошца цхьана лецира Сулейманова Седа. Шо хьалха иза йеддера махкара динан билгалонца Iаткъам бина, ша йерна кхоьруш. ЙоI бехкейира къола дарна, ницкъахой улло а бевлла Соьлжа-ГIала доьдучу кемана хаийра иза. Иза лачкъийна ахшо даьллачул тIаьхьа бехкзуламан гIуллакх долийра стаг вер аьллачу артиклехула. Оцу йоллу заманчохь Сулейманова Седин кхолламах лаьцна хууш хIума дац.

  • Къилбаседа Кавказехь дукха хьолахь бакъоларйаран органаша тергамза дуьту доьзалехь ницкъбар, цкъацкъа гIо до гергарчарна шайн цIера веддарг схьалохуш. Масала, цунна лерина уьш "тIепаза байнарш" бу олий, дIакхайкхабо, йа хаа а хууш бехке бо къоланаш дарна. Карарчу шарахь оцу кепара масех гIуллакхах лаьцна гIараделира - Кавказ.Реалии сайто бакъоларйархошца цхьаьна листира цунах лаьцна.
  • Стигалкъекъа-беттан 9-чохь доьзалехь бала хьоьгучу зударшна леринчу шелтерера лачкъийра 33 шо долу Краснодарера Смелая Мария. "Нана йоцу Кавказ" цIе йолчу бакъоларйаран проекте йаьллера иза, шен хIусамдех Шабазов Чингисхананх ларйе ша аьлла, дийцира организацихь болчара Кавказ.Реалиина.
  • Нохчийчоь аутсайдер йаьлла Орсийчоьнан кхечу регионашлахь бакъонаш цхьаъ хиларехула, хаамбира Маршо Радион оьрсийн сервисо "Если быть точным" проектана тIетевжина. Зударийн, божарийн бакъонаш цхьаъ йац аьлла билгалйаьхначу регионашлахь нисйелира ишта Дагестан а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG