ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхераме бендацар: мила ву Оьрсийчоьнан къилбаседехь ялташ хIаллакхиларна жоьпаллехь


Краснодар-махкахь йалта чудерзор, архивера сурт
Краснодар-махкахь йалта чудерзор, архивера сурт

Къилбаседа Оьрсийчоьнан регионашкахь аномалин шелонаш хиллачул тӀаьхьа йокъа хилира. Оьрсийчоьнан ялтана экспорт йарна а, махкахь кхачанан мехашна а Ӏаткъам бан мегаш дуй-те оцу хӀумано, ялта хIаллакхиларан бахьана а хӀун ду – къастийра Кавказ.Реалии сайто.

Ростовн махкахь йокъа латтарна чолхе рожан хьал юкъадаьккхина "кхин дӀа хаам баллалц", и хӀума хилла мангал-беттан 11-чу дийнахь. Стигалкъекъа-баттахь хӀинцале а кхайкхийна дара регионехь чолхе хьал – хIетахь аномале шело хIоттарна. Хаам бора, шелоно ялташна диъ миллиард гергга зенаш дина бохуш. Дерриг а ялтанан кхоалгӀа декъе кхаччалц хIаллакхила тарло.

Волгоградан кӀоштахь а хIоьттира йокъа: Городищен кӀоштара ирригацин канал дерриг а дакъаделира. И бахьана долуш, иттаннаш эзарнаш гектарашкахь ораматаш йан тарло.

ХIинца долу хьал доьзна ду, йокъанна цхьа а кийча цахиларца

Меттигерчу VI.ru зорбанан гӀирсо къамел динчу говзанчаша хила тарлучу зенан билггал болу барам буьйцуш бац, амма дIахьедина регионехь уггаре а "дезачу" ораматийн – хьонкан, морзахийн, картолийн – мехаш хьалабаха мегаш бу аьлла. Меттигерчу насосийн станцехь стигалкъекъа-баттахь Волгоградан махкахь а юкъаяьккхира чолхечу хьолан раж, шелонаш бахьана долуш.

Латта дӀадуьйчу муьрехь йокъа хиларх дIахаийтира зазадокху-баттахь Кубанехь, ткъа оханан-баттахь эксперташа билгалдаьккхира 2022-чу шарца дуьстича йалта кIезиг хир ду кху шарахь аьлла. Аналитикан "ПроЗерно"компанин коьрта директоро хьесапаш дира буьртиган а, кхоьнийн буьртигаш а 15,4 миллион тонна тIера 14,2 миллионе охьадевр ду аьлла.

Стигалкъекъа-беттан 27-чу дийнахь Оьрсийчоьнан юьртабахаман министро Лут Оксанас хаам бира, 830 эзар гектар лаьтта тӀехь ялташ хӀаллакхилла, цундела 20 миллион тонн гергга ялташ довр ду аьлла. Оццу хенахь министран гӀовсо Разин Андрейс дӀахьедира, 800 эзар гектар "хӀинцале а юхадийна" аьлла.

ТӀаьхьо, юьртабахаман министралло мангал-беттан зерашца дуьйцура, тайп-тайпана миллион гектар сов ялташ хӀаллакдарх лаьцна. Оьрсийчоьнан ялтан союзан президенто Злочевский Аркадийс дӀахьедар дина, тайп-тайпанчу регионашкахь ши миллион гергга гектар латтанаш хIаллакхилла, царех миллион юха дӀадуьйр ду аьлла. Оцу белхийн мах а мел хир бу ца дийцира цо.

Дуьхьалонан фактор санна бепиг а, санкцийн тӀаьхьалонаш а

Товбеца-беттан 1-чу дийнахь дуьйна Евробертан Кхеташоно къобалдира Оьрсийчоьнан Федерацера а, Белорусера а чудохьучу ялтех ял совъяккхар. Иерусалимерчу жуьгтийн университетан профессора, политологин докторо Брудный Ицхака "Кавказ.Реалии" сайтаца динчу къамелехь билгалдаьккхина, Оьрсийчоьно шен Ӏуналлехь латтош хилар гергарчу хьесапехь 25% дуьненан ялтанан базар, амма ялтана экспорт йечу хенахь Iедалхой Евробертана тIе ца товжу, "кхоалгӀачу дуьненан" пачхьалкхашна тIетийжа уьш.

Къамел динчунна хетарехь, къен пачхьалкхаш оццул йозуш ю Оьрсийчоьнан ялтех (цуьнан доккхаха долу дакъа Къилбаседа регионашкахь кхуьу), цуо дика Ӏаткъам бан мегаш бу царна чохь дӀахьочу политикан процессашна.

Масала, хьалха Оьрсийчохь хилла уггар йоккха йокъа – 2010-чу шарахь хилира– цхьахдолу лач бахаьанех лерира хIетехь "Ӏарбойн бIаьсте" (иштта цӀе тиллина цхьа могӀа Ӏаьрбийн пачхьалкхашкахь, шайна юкъахь Тунис а, Мисара а, Либи, Йемен а йолуш.-Билгалдаккхар) Ӏедална дуьхьал хиллачу цхьа могӀа протестан акцешна.

Цул тӀаьхьа президента Путин Владимира сацийра экспорт. И бахьана долуш Ӏарбойн автократаш декхаре хилира дуьненан базарахь лакхарчу мехах ялта эца, иза ду дуьхьалонан акцеш дӀаяхьаран бахьанех цхьаъ.

Иза а, кхин йолу а процессаш йийцина Брудныйс а, цуьнан накъосташа а «Бепиг а, автократи а: Путинан Оьрсийчохь кхача а, политика а, кхерамазалла а» (Bread and Autocracy: Food, Politics, and Security in Putin’s Russia)цӀе йолчу киншки тӀехь. Политологна хетарехь, кхечу пачхьалкхашкахь хиллачу революцеша зеделларг Ӏамийна Путин шен ницкъ кхочучу барамехь хьожур ву Оьрсийчоьнан туьканашкахь мехаш хаъал хьала ца довлийта а, йаьсса терхеш ца хилийта а.

Вайна оьшу Оьрсийчохь йоцу технологеш, импортан меттахӀоттор дуьззина эшна

Нагахь санна йокъа кхин тIе а чIагIлахь, кхин дӀа а дуьйцу къамелхочо, Оьрсийчоьнан президентана гӀоле хетар ду, бепиган а, картолан а, кхечу коьртачу сурсатийн а мехаш тIекхетуьйтучу меттана экспорт лахйича.

"Кхеташ ду, Оьрсийчохь хьалхарчу меттигехь цIа. Аьлча а, [Ӏедалш хьийзар ду] хIуъа дина а, къаьсттина хӀинца, тӀом болчу хенахь, бепиган а, юкъарчу хьесапехь кхачанан а мехаш хьала ца довлийиа а, лаххара латто а. Ала дашна, дахначу шерашкахь ялта Iаламат дукха хилира, кхин тIе а дисса а диссира. И бахьана долуш экспорт йар ца къийла тарло", - бохура Брудныйс.

Оцу ойланна тIетов Волгоградан ахархо хилла, хӀинца Франци дIавахна Iаш волу Прошаков Андрей а.

"Вайн ялтан запасаш элеваторшкахь латтош ю. Нагахь санна вай кхаа шарахь ялта дӀадуьйш дацахь а, хӀетте а Оьрсийчоьнна бепиг латтор ду тоьар ду Ростовн а, Краснодаран а кIошташа. Цундела тхо тидам тӀебохуьйтуш ду арахьарчу йохка-эцарна", — бохуш, кхетадо Прошаковс.

Делахь а Оьрсийчоьнан йалтанна экспорт йар лахлуш лаьтта. Доккхачу декъана, Туркойчоьнан Iедалхоша дихкина мангал-беттан 21-чу дийнера гIадужу-беттан 115-чу дийне кхаччалц кIана экспорт йар, уггар йоккха экспорт йен пачхьалкх Оьрсийчоь йара оцу махкана.

Цул совнаха, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Дуьненаюкъарчу кхачанан программица болх бечу Оьрсийчоьнан компанеша аьрзнаш дора, къечу пачхьалкхашна гӀо дан кхача эцаран тендерех шаьш "хадош" ду бохуш.

Картолех а, кхийолу оьшшучу хасстоьмех лаьцна аьлча, цхьадолу кхачанаш лачкъийна хила тарло Украинин дӀалаьцначу территори тӀера, аьлла хета Прошаковна.

Украинхойн йалта лачкъорах, цуьнан цхьа дакъана экспорт йина хиларх билгалдоккху политолога Брудныйс. Амма Украинерчу "АПК-Информ" агенталло йеллачу информацица, йокъа чӀагӀлуш ю мехкан къилбаседан кӀошташкахь а, шайна юкъахь Харьковн а, Донецкан а кӀошташ а йолуш. Цундела хала ду ала, оккупаци йинчу дозанех, кхачанан сурсатех а санна, тешна Iойла дуй-те Оьрсийчоьнан.

Профессоро билгалдаьккхира кхин а цхьа хало хидар: Оьрсийчоьнан йуьртабхаман белхахой боьзна бу дозанал арахьарчу техникех.

"Оьрсийчохь йоцу технологеш оьшу тхуна. Индустрин импортан меттахӀоттор буьззинчу барамехь эшна. Нагахь санна сирачу базарахь [Ӏамеркан] John Deere гӀирс хьо эца гIортахь, цуьнан мах дуккха а алсам хир бу. Ахь йеккъа комбайн эцна ца Ӏаш, ахь а программин гӀирс эца а беза, амма иза арахоьцучу компанино дӀалур бац хьуна иза", - элира Брудныйс.

2022-чу шарахь нохчийн эскархой бехкебеш бара John Deere тракторш а, комбайнаш а, ткъа иштта Швецерчу Väderstad компанин кIа дуьйш болу гIирс а лачкъорна. Цул тӀаьхьа Украинерчу официалан John Deere дилеро, «Агротек-Инвест» компанино дӀахьедира, навигацин системина Закан-Юьртахь и гӀирс гучубаьлла аьлла. И бахьана долуш компанино геннара схьа дӀакъевлинера комбайнаш.

Климат хийцайалар а, Ӏедалан жоьпалла а

Тахана Оьрсийчоьнан юьртабахаман мехалачех цхьаъ ду климат хийцаялар. Амма Ӏедалш кийча дацара хийцалуш долчу Ӏаламан хьелашка нисдала, боху шен цӀе йовзийта ца луучу Оьрсийчуьрчу климатолого, цхьана коьртачу университетан доценто.

"Климат хийцаялар – иза дӀайоьдуш йолу процесс ю, бӀе шо хьалха Ростов кӀоштана а, Кубанна а экстремал хилла йолу температуран гайтамаш хӀинца алсамбовлуш бу. Иза дозуш ду ло, догIа юха дӀасадаржарца а, хӀаваан массаш дӀасалелоран хийцамашца а. Йуккъераи гатймаш а бу меттахбуьйлуш" – дийцира эксперто.

Доккхачу декъана 2022-чу шеран «Росгидрометан» рапортехь яздина ду, Къилбаседа Федералан кӀоштахь (ЮФО) хи лахлуш ду, яьссачу аренан зона шоръяла лерина ю, цундела юьртабахаман Ӏалашонца лело хьалхатеттина Ӏаьнна дуьхьало еш йолу сорташ. Къилбаседа Кавказан федералан гонашкахь (СКФО) а ю изза тенденцеш.

"Вуно чIогIа Iалашо кхоллало – болчу а, тIейогIучу заманчохь хинболчу а хийцамех дIавуолар, цхьацца тайпа ялташ кхиор, иштта дӀа кхин а таханлерчу а, хинболчу а хийцамашка нисвала гӀертар. Амма, схьагарехь, таханлера хьал цхьаммо а шеца кечам ца барца доьзна ду. Регионалан урхаллин тӀегӀанехь а, я цхьацца йолчу бахамашна урхалла даран тӀегӀанехь а цхьаммо а новкъарло ца йира. И ларамаза хилар Оьрсийчохь тӀаьхьарчу иттаннаш шерашкахь ялта алсамдолуш хиларца доьзна хила куц ду", - боху климатолога.

Цо дийцарехь, тӀейогӀучу хенахь хьал кхин а чӀогӀа хийцалур ду, цунна тӀе нисвала Ӏаламат хала а хир ду: "Оьрсийчоь климат хийцаяларца нисъяларх лаьцна сан сценареш а, прогнозаш а дика яц", - аьлла, дерзийра къамелхочо.

  • "Схемаш" цӀе йолчу Маршо Радион оьрсийн меттан проектан журналистийн аьтто бина Украинерчу KibOrg хакераша Херсонан кӀоштан Оьрсийчоьно дӀалаьцначу декъехь арахецначу документашна тӀекхача. И ледарло бахьана долуш аьтто баьлла 2023-чу шарахь 34 эзар тонн гергга Украинин ялта дозанал арахьа дӀадоьхкина Оьрсийчоьнан компанеш къасто. Талламхоша лехна Азербайджане а, Туркойчу а, Шема а, ГӀажарийчу а ялта, Испане хьаьжкӀаш кхачийна некъаш.
  • Дахначу шеран оханан-баттахь кхачанан кхерамазаллин кхерам лаьттачу регионашна юкъахь яра ГӀалгӀайчоь а, ГӀалмакхойчоь а, Дагестан а. ХIетахь талламчаша билгалдаьккхира Дагестанехь коьрта чолхе хIуттур йу кестта кхачанан мехаш дестарца аьлла. ГӀалгӀайчохь хьал кхин а чолхе доккху 30% гергга бахархой къоьллехь бехаш хиларо, аьлча а, царна баттахь кхочу ахча официалехь 11 эзар соьме а дац. Иштта, Оьрсийчуьрчу юккъерчу барамца дуьстича, хаъал лакхара ду къечу нехан терахь ГӀалмакхойчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Нохчийчохь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG