ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхерамечу цамгаршна дуьхьал мехий деттийтарна тӀаьхьабисначарлахь ю Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Кхартанех, полиомиелитах, хьарех, кхечу цамгарех ларвеш йан тIеэгийна прививкаш кIезиг берашна йинчу терахьна юккъехь нисйелла Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а. И зераш дина Роспотребнадзоро 2022-чу шарахь динчу жамIашца. Хьалхо Нохчийчуьра могушалла Iалашйаран министро дIахьедира, махкахь тептарш ду вакцинацин "луьра дуьхьалболчех" хIиттийна аьлла.

Стохкалерачу жамIашца Нохчийчохь хьарана дуьхьал иммунизаци йина 95 процентана – иза уггар оьшушха болу гайтам бу Ненецкан автонимин гонийн регионашлахь (94%). Оьрсийчохь гайтинчу юккъерчу гайтамел а лахара хааделла ГIалгIайчохь (95%), Кхарачой-Чергазийчохь а, Ставрополан махкахь а, Дагестанехь а (96%), иштта ГIалмакхойчохь (97%) а.

Кхартанашна дуьхьал мехий диттина Нохчийчохь 95% - иза чакхенгара схьа лерича, кхозлагIа меттиг хуьлу, кхин а гIад дайна гайтам бу Ненецкан автономин гонашкахь а, Архангельскан кIоштахь а. ГIалгIайчоьнан бу пхоьалгIа меттиг, цигахь чулаьцна 95%. Оьрсийчохь гайтинчу юккъерчу гайтамел а лахара хааделла терахь Кхарачой-Чергазийчохь а, Ставропол-махкахь а (96% шинхьа а), иштта Дагестанехь (97%).

Пневмококкан инфекцина дуьхьал иммунитет хилийта мехий диттинчу аутсайдершлахь - ГIалгIайчоь ю (90% чулаьцна, чакхенера лерича пхоьалгIа меттиг), Ставрополан кIошт (иссолгIа меттиг, 92%).

Оцу прививкашца проблемаш лаьтта Нохчийчохь (94%), Дагестанехь а, Адыгейхь а (шинхьа а 95%).

Полиомиелитна дуьхьал прививка йайтарехь ГIалгIайчоь чакхенгара лерича кхозлагIчу меттигехь нисйелла (94%), пхоьалгIа меттиг бу ГIалмакхойчоьнан (95%), бархIолгIа Адыгейн (95%). Нохчийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Дагестанехь а, Къилбаседа ХIирийчохь а иммунизаци йарца чулаьцна процент 96 ю, иза а Оьрсийчохь юккъерчу барамел а лахара терахь ду.

*Оьрсийчоьнан официалан статистикана юкъахь ду аннекси йинчу ГIирмера а, Севастополера а зераш а, иштта оккупаци йинчу Украинан Запорожьен а, Херсонан а кIошташкара а, иштта "ДНР", "ЛНР" олучу меттигашкара а.

  • Юха а полиомиелитна дуьхьа мехий детта долийна Къилбаседа Кавказехь, дахарна кхераме вирусан цамгар ю полиомиелит, берийн букъан тIуман паралич олу цунах. Вирус нервийн системех кхета, цунах валар а нисло. Полиомиелитах дарба дац, амма цунна дуьхьало йойла ду вакцинацица. Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а эпидемиологин хьал "тIетаьIна" ду боху хьаькамаша. Амма маса стаг оцу лазарца ву хоуьйтуш дац цара.
  • 2017-чу шарахь дуьйна дуьйцура Нохчийчохь полиомиелитана дуьхьал прививкаш йайта дуккха а нах дуьхьал хиларх. ХIетахь машанехь информаци йаьржинера, вакцианци йинчул тIаьхьа ши бер вон цомгаш хилла
    .

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG