Къилбаседа Кавказан йукъаралхоша, а, бакъонаш ларйархоша а масийттазза дIахьедира, Украинерчу тIаме кавказхой дIахьежор Кавказан кханенна боккхачу кхерамца доьрзург хилар. Кху тIаьхьарчу шина бIешарчохь Къилбаседа Кавказ масех тIамо а, масех депортацино а чахчийна йу. Ишттачу боларца гIуллакх дIадодахь, регионера къаьмнаш Iалашдар коьрта Iалашо хилла, дIахIотта тарло.
Йаханчу гурахь ГIебарта - Балкхаройчоьнан бакъонашларйархоша меттигарчу Iедале кхайкхам бира, регионера мобилизаци сацайе аьлла. Кхайкхамна бухахь куьйгаш йаздиначара бохура - республикера божарий тIаме хьежор сацаде, и саца ца дахь, шайн къоман генофондана инзаре эшам хиларна кхоьру шаьш бохуш.
ГIебарта-Балкхаройчуьра жигархочо, "Хасэ" боламан куьйгалхочо, "Мехкан кхеташонан" (оцу юкъаралло кхайкхамабо Оьрсийчоьнан бахархошка Украинан агIор тIемаш бе бохуш) декъашхочо Яганов ИбрахIима Кавказ.Реалии сайтаца шен хиллачу къамелехь дийцира, чергазийн батальон цахиларах, Оьрсийчоьнан Iедале тIаккхахула а кавказхойн куьйгалхой ахчанца латталур бу, бац, оьрсашна импери йохор гIоле ду, дац.
- Дийцахьа, Кавказан тIом бахьнехь шайн махках бевллачу чергазийн диаспоро кху 2022-шеран хиламаш хьокъехь болу хьежам муха бу?
— Чергазий цатешарца, ларбаларца хьоьжу кху хьоле. Халахеташ делахь а, дукхахболу куьйгалхой а, хьалханчаш а Кремлах кхоьруш бу. Цара боху, Кремло дола дечу вешан латтанаш тIе вайна йухадерза лаахь, Оьрсийчоьнца девне хила ца догIу вай.
Цул совнах, цу хьалханчех доккха цхьа дакъа Кремло ахча лучу, Кремлана муьтIахьчу структурашца гергарлонехь ду. Цхьаберш Оьрсийчохь шайн бизнес йолуш бу. Чергазой санна бац, Туркойчоьнан а, кхечу пачхьалкхийн махкахой а болуш лелош ю.
ТIаьхьарчу иттех шарчохь дIабаханчарна гира Кремло Къилбаседа Кавказехь лелийнарг. Масала: Хабаровскехь, Москвахь дуьхьалло йечарца Оьрсийчоьнан Iедал Кавказан республикашца санна къиза ца хуьлу. Бехк боцурш бойъуш, йийсархой дIалуьйцуш, церан гергарчарна репрессеш йеш, уьш махках бохуш, - луьрачех къизалла гойту цара республикашкахь.
Кавказаца кIоршамечу маттахь дийца догIу аьлла хета Кремлана. Цундела, и дагадогIуш, Украинерчу хьолах дерг дийцарехь мелла озабелла, Iаш бу республикашкара куьйгалхой.
Пачхьалкхан куьйгаллина хетарехь, Кавказца къамел а шогачу ницкъан маттаца бен дойла йац.
- Оцу юкъанна, Нальчикехь а, Дагестанехь а халкъийн тIамна дуьхьал гулбаларш нисделла - кху шарчохь уггаре доккха терахь долуш.
— Дуьхьаллонна гулбаларш Iедало совцийра. Арабевлларш дукхахьолахь зударий бара. Нальчикера Iедал мел аьлла а зударшца собаре чекхделира. Амма цул тIаьхьа, суна хаарехь, Iедал-белхалой гулбеллачеран хIусамашкахула буьйлабелира.
Уггаре хьалха митингашка арабевллачеран хIусамдай, кIентий дIабигира. Церан берашна, берийн берашна школашкахь новкъарлонаш йира, церан белхан меттигаш галйехира. Шаьш цу Украинерчу тIаме ца хьовсадайта, дуккханаш Гуьржехула туркойн махка дехьабевлира. ХIинца а цигахь а бу.
Кавказ цхьамма кхобуш йац. Москва шена муьтIахь йолун элита кхобуш йу. Ткъа элита - цу халкъашна олалла деш
Цу кепара адам охьатаIийна долуш, цу кепара церан бакъонаш цхьанна чоьта лоруш йоцуш, уьш шен-шен хенахь дуьхьалонаш йарца майданашка, урамашка арабийр бу моттар нийса хир дац. Москвахь, Санкт - Петербургехь а нах арабовлу, цара шайн бакъонаш къовса а къовсу. Хуьлуш хийцамаш бацахь а. Амма Кавказехь санна царна Iедало таIзараш ца до. Кавказхойн и бакъонаш йанне йац.
ГIалгIайчохь хилларш дагадохкуьйту вай: эзарнашкахь арадаьллачу адамийн хьалханчаш 9 шераш хенаш тоьхна, набахтешкахь дIалаьцна латтош бу. Церан хенаца баккхий хилар а, наха лоруш хилар, лоруш а дац. Ишта хенаш тохарца совцийна латтош бу Буьрийн - гIалара бахархой а. Ковидан карантинашна реза цахилар бехке лаьцна.
- Цу республикашкара тIеман наха шаьш "оьрсийн дуьненан" дуьхьа дала тIаме гIур дац, шайна цига даха ца лаьа хIунда ца олу?
— "Оьрсийн дуьне" дагахь долуш, цуьнца бала болуш-м ца лелара уьш. Iедалхошка шаьш а, шайн доьзалаш ца хьизабайтархьама, садетташ, Iа. Ма-дарра аьлча, церан йийсараллехь ма бу уьш. Муьлхха резавоцуш хилар а, дIахьедар а царна дуьхьала доккху. Лакхахьо аса дагардинчу кепара.
Масех де хьалха "Оьрсийн лаамерчеран тоба" ("Русский добровольческий корпус") Брянск агIора дехьаяьлча, [Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана] хьийхира Украинехьа летачу нахана йукъара-жоьпалле озош таIзардар йукъадаккха. Нохчийчохь и тайпа жоьпалла магийначарех долу дикка хан йу. Цундела эскархой, шайн доьзалашна зулам ца хилийта, бала а резаболуш, тIаме боьлху.
- Украинехьа Оьрсийчоьнна дуьхьал леташ масех кавказхойн батальон йу. Дукхахьолахь - нохчийн. Чергазаша шайн батальон вовшахтухур йу аьлла хетий хьуна?
- Кхоччуш дика церан и нислур ду ала хьалхе хета. Украинехь чергазий кIезга бу. Цунна бахьана масех ду: 150 шо хьалха шайн махках баьхчхьана, миллионашкахь болу чергазий кхечу къаьмнийн дахарах болабоьлла, цу пачхьалкхашкахь баха бисна. Церан баккхий доьзалаш бу. Бизнес а, белхаш, хьелаш. И дерриге дита а, шайн дахар хийца а луурш дукха бац.
Ткъа нохчех дерг аьлча: Оьрсийчоьнца хиллачу шина тIамах (1990-чу шерашкахь) чекхбевлларш хIинца болуш бу, кегирхошна шайн баккхийчаьргахула хезна, бакъдерг хаьа. Даймахкал арахьа, кхечу пачхьалкхашкахь кхиъна керла чкъор. Церан цу тIамехь хилар кхеташ ду.
Ма-дарра аьлча, цхьажимма хьалхо Оьрсийчоьнан паспортаца Украине кхача хало дара. Цуьнан шен бахьана дара - Украинан кхерамзаллин урхалла леррина хьожура цу тайпачу эммигранташка. Уьш берриш царна мостагIчун агенташ хетара. Тайп-тайпанчу республикашкарчу бахархойх "Крым" батальон вовшахтоха лерина йу "Махкахойн Кхеташо" ("Гражданский Совет"). Цу батальонан бух тIехь дIадолон дагахь бу уьш къаьмнийн батальонийн кхиар.
Киев толахь, Оьрсийчохь къийсам дIабахьа таро хиларо импери йохор йу. Цу хьоло чергазийн а, кхечу къаьмнийн а Кремле болу хьежам хуьйцур бу.
- Иза иштта хилийта, тIеоьшуш дерг хIун ду?
— Тхуна, чергазашна, ладаме дерг - оьрсийн-кавказан XIX - бIешарахь хиллачу тIамехь тхуна йинчу геноцидан мукIарло дар. Цкъачунна цхьа Гуьржийчоь йу и динарг. Амма сатийсамца хьоьжуш ду тхо изза Украино а даре. ТIамехь толам а, и мукъарло а импери йожорца доьрзур ду. БIешерашкахь Оьрсийчоьно кавказхошна латтош болу кхерам дукха сиха дIабер бу.
- 2002-чу шарахь дIайаьхьанчу къаьмнийн боламийн, республикийн форумийн векалша дIахьедира, шаьш тешна ду, тIеман жамIаш динчул тIаьхьа, Оьрсийчоь йухург хиларах, аьлла. Хьо а вуй изза хеташ?
— Кху тIаьхьарчу бIешарахь Оьрсийчоь шозза гIоьртина демократин хорша йала - 1917-чу шеран чиллан-баттахь а, 1990-чу шерашкахь а. КхозлагIа - хIинца а хила тарло.
Кремлан коьрта кхачамбацар - цигахь коьртехь лаьттарг милла велахь а, шайн колониалан-амалаш ца йитайалар. Цундела иттанаш шерашкахь дуьненчохь долчу дахарна тIаьхьабисина богIу уьш. Оьрсийчоь кхечу пачхьалкхийн могIарехь латториг-цуьнан зарратан-герз хилар ду. Йа экономикица, йа технологица, йа кхетамца а Оьрсийчоь Малхбузехьарчу пачхьалкхашна улло хIотта хьакъдолуш йац.
Украина цу тIамехь толарца, Оьрсийчоьно нуьцкъала латтийна республикаш дукха сиха дIакъаьстар йу. Массарел хьалха - Татарстан, Къилбаседа Кавказ. Церан шен бух болуш бакъо йу цу дIакъастарца маьрша хилла баха.
- Ткъа хIара тIом шерашкахь бахлахь?
- Иза а хила тарло. Нагахь иза бахлахь, тIеман шинна агIор берш а, цу тIаманна юккъе мел озийнарш а инзаре чолхечу хьоле кхочур бу. Экономика эшна йогIур йу. Кремль - гIорасиз хуьлуш. Украинина малбузехьарчу пачхьалкхаша гIодийр ду.
Сайнна гина суна, 1990-чу шерашкахь Москва гIелйелча, гондахьарчу меттигашкара нехан кхетам самаболуш. Къаьмнашна хаахь, маршонехьа болчу новкахь церан аьтто болу агIо хир ю и. ХIора къоман ма йу и бакъо - шен махкахь шаьш дай хилар, цхьаннах цайозу пачхьалкхаш дIахIиттор.
Путин дIаваьлча богIун болучарна нийса некъ лацан а, барт бан ца хаахь, Оьрсийчохь боккха тIом бер бу. Кремло, хьалха санна, шен регионашкара хьадалчаш-элита йузош ца хилахь, хIинцалера и куьйгалхой дан хIума доцуш буьсур бу. Цаьрга адам сецалур дац.
Дукха хан йоццуш айдина хьийзош дара "Хватит кормить кавказ" боху къамел. Амма Кавказ цхьамма кхобуш яц. Меттигашкара Iедалхой Кремло кхобуш бу. Ткъа цара къаьмнаш садукъдина латтадо. Шайн лушдолу ахча сацарца, цу куьйгалхошна а оьшур йац и Кремль.
- Ахьа йуьйцу империн кеп дукхачу нахана тов. Цхьаболчу Путинна оппозизехь болчарна а. И сурт хийцадала тарлой?
— ТIейогIучу хеначохь, ма-хуьллу сиха Оьрсийчоьнан йукъаралла кхета кхетта, и колониалан-мур чекхбаьлла, Оьрсийчоьно империн набахтехь даха цалуун, ша нуьцкъала сецошдолу къаьмнаш дIа ца хоьций, оьрсийн къам а, мотт а хIаллак хилла лара мегар ду.
Украинехь боьдучу тIамехь кегий къаьмнаш хилла ца Iаш, шаьш оьрсий а бу леш. Цундела а ду царна тIех ладаме и шайн имперан - амалаш охьайахкар, сихонца шайн боккъал долчу латтанаш тIехь шайн оьрсийн пачхьалкхе кхоллар.
Дукханнийн кхетам, хьежамаш хийцина богIу и тIом. Дуккха адам самадаьлла, хуьлуш долчун ойла йан Iемаш догIу. ГIирмин аннекси нийса лерина волу Навальный Александр а кхетта вогIу аьлла хета суна хIинца-м.
ВСУ-н толам Оьрсийчоьнан йукъараллехь машарехьа барт беш дIахIоттаре сатуьйсу аса. Барт хуьлу агIо лахар вайн декхар хила деза. Путинан метта богIучара барт хинболу агIо ца лацахь, Оьрсийчохь Мехкан ТIом хирг хилар шеконе дуьллуш дац.
- Украинехьа летачаьрца масех нохчийн батальон йу: ЧIебарлойн Муслим куьйгаллехь волуш - Шейх Мансуран цIарах - цхьаъ, Адам Осмаев волуш - Дудаев Джохаран цIарах йерг а. Йуха кхин цхьаъ "Леринчу Iалашонийн батальон"(Батальон особого назначения). Хьалхо Кадыров Рамзана цу батальонийн буьйранчаш чаш болун меттиг йийцинчунна миллион доллар лур ду ша аьлла, кхайкхинера.
- 2022-чу шеран мангалан-баттахь Лакхарчу Радерчу депутаташа "За Свободный Кавказ" тоба вовшахтуьйхира. Йуьхьанца цу йуккъе веънарг Iедалехь йолчу а, оппозицехь лаьттачу а партийн декъашхойх итт депутат вара. Тобанан хьалханча депутат Гончаренко Алексей а волуш. И дерриге хилале хьалха Гончаренкос чергазийн геноцид Iорайаккха, Ичкери къобалйе аьлла кхайкхам бинера.
- Дечкен-баттахь Европан кхеташонан парламентан ассамблеехь "Европера нохчийн диаспора маршонехьа къуьйсуш, схьайогIу",- аьлла дIахьедира "Единая Сила" боламан хьалханчас Сулейманов Джамбулата.
- ГIадужу- баттахь Лакхарчу Радехь сацам бира, Оьрсийчоьно Нохчийчоь цхьана ханна оккупаци йеш, дIалаьцна хилар кхайкхош. Иштта Нохчийчохь Оьрсийчоьно бина тIемаш геноцид лору шаьш аьлла, билгалдаьккхира. Цу сацамна реза хилларг цигахь хиллачарех 287 депутат вара.
- ГIалмакхойн жигархо Алдар Эледженов шо хьалха дIавахна Оьрсийчуьра. "Къаьмнашлахь питана тийсар" олучу бехк-такхаман гIуллакхца дерза тарлуш дара цуьнан хьал. Инстаграм сайтехь "Нерусские" манифест йар бахьанехь. Кавказ. Реалии сайтана жигархочо дийцира ша хьалха бедарийн 4 Oirad туька лелош хиларх а, йуха шех йукъараллин боламашкахь координатор варх а, ГIалмакхойчоьно маршонехьа бечу новкъахь шаьш йуьхьарлаьцначу Iалашонех а.