ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кхетор дац и, сийсазвар ду". Нохчийчохь йуха а лоьхур бу социалан машанашкахь "гIиллакхаш дохон" нах


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Архивера сурт
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Архивера сурт

Социалан машанашкахь "нохчийн оьздангаллица а, гIиллакхашца а" лелаш боцчу бахархошца "кхетош-кхиоран" къамелаш дан дагахь бу Нохчийчохь. Оцу белхан куратор хир ву, дукха хан йоццуш кегийрхойн гIуллакхашкахула министр хIоттийна волу регионан куьйгалхочун 18 шо долу кIант Кадыров Ахьмад. Жимчу стага цхьанна хьехарш дар нохчийн гIиллакхашца догIуш дац, элира Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу эксперташа.

"Ламастийн эхь"

Социалан машанашкахь талламаш беш, "гIиллакхаш талхош берш" лоьхур бу кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министралло. Оцу урхаллин куьйгалле хIоттийра Кадыров Рамзанан воккхаха волу кIант Кадыров Ахьмад бутт хьалха, 2024-чу шеран чиллан-батахь. Доккхачу декъанна мониторинг йийр йу Bigo Live, Likee олучу социалан машанашкахь, уьш йу къаьсттина Азихь гоьйевлла. Амма Meta компани (Facebook, Instagram) "экстремистийн" леринчул тIаьхьа, Оьрсийчохь йовза йуьйлайелира уьш.

ГIиллакхехь дац аьлла хIун лорур долуш ду, хьан дийр ду "кхетош-кхион къамелаш", и цхьа "къамелаш" дина доьрзур дуй-те таIзар дар - хууш дац. Нохчийн дахарна тIехь терго латтон Iалашонца дуьххьара долийна хIума дац хIара.

Стохка социалан машанаш зер къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министраллина тIедуьллур ду аьллера. ХIетахь бахархошна кхерамаш туьйсуш вистхилира мехкан куьйгалхочун вешин кIант, цуьнан гIоьнча а волу Кадыров Хьамзат. Цо чIагIо йира, нохчийн ламасташ, гIиллакхаш бехден муьлхха а публикацеш дIайохуьйтар йу ша аьлла, гIиллакхаш ца лардечаьрца а къамел дан тIелецира цо.

Нохчийн гIиллакхашца жимчу стага цкъа а могуьйтур дац шена нахана хьехамаш бар

2023-чу шеран аьхка, хIетахь кхиазхо волчу Кадыров Ахьмада йуьхьйаьккхира жимчу кIантера, иза ницкъахоша лаьцна хиллера бакъо йоцуш машен хаьхкина воьдуш. Оцу йукъанна ала догIу, цул а хьалха Кадыров-жимахверг а хаавеллера машенахь воьдуш, Оьрсийчохь 18 шо кхаьчначул тIаьхьа бен машен лелон магош доццушехь.

ХIетахь оппозицин нохчийн Niyso телеграм-канало тергойира, Кадыровн кIанта хоьхкучу йезачу машенан агIонгара куьзганаш Iаьржа пардо латийна хилар – иза а ду низам талхор лоруш. МогIарерчу бахархошна официалехь доцуш дихкина ду тонировка лелон.

Стохка гIуран -баттахь Кадыров Рамзана дIахьедира, нохчийн халкъан мехаллаш шеконе йохку меттигерчу спортхойн, блогерийн хьокъехь "шога болх" бан беза аьлла. Оцу кепара тIедиллар дира цо, республикехь видеороликашна тIехула блогерийн-спортхойн Тамаев Асхьабан а, Эмиев Iаьрбин йуьхьйаьккхича. "Нохчашлахь товш йоцчу шоухь" кхин дакъалоцур дац шаьш аьлла, дош делира цу шиммо.

Стенна бехкаш даьхна блогершкара, хоуьйтуш дац. ТIаьххьара Эмиевс публикаци хIоттийна инстаграмехь кIира хьалха – трэш-ролик йу иза Тамаев а, Эмиев а йукъахь волуш йаьккхина. 10 миллион сов агIоне йазвелла Тамаевн аккаунт карарчу хенахь дIакъевлина йу.

Тамаев Асхьаб, Ибрагимов Iийса, Эмиев Iаьрби, Ибрагимовн телеграм-каналера сурт
Тамаев Асхьаб, Ибрагимов Iийса, Эмиев Iаьрби, Ибрагимовн телеграм-каналера сурт

2022-чу шеран гIадужу-баттахь Кадыров кочавахара йеха мажош лелош, амма маьждиге лелаш боцчу кегийрхойн. "Кхетош-кхиоран" болхбан беза йеха мажош лелочаьрца элира хIетахь мехкан урхалхочо.

Оцу кепара Нохчийчоьнан куьйгалхо, йа цуьнан доьзалхой бистхилла ца Iа, и магадо шайна министраллийн куьйгалхоша а, ницкъахоша а, кхинболчу официалан наха а. Масала, республикера спортан а, кегийрхойн политикан а министрна Ибрагимов Iийсанна хетарехь, "нохчийн къоман векалийн, уьш миччахь белахь а, церан бакъо йац шайгара ледарлонаш йийлийта, бIенашкхаь шерашкара схьадохьучу гIиллакхашна чекх са гайта".

Иштта кхерамаш тийсира Ибрагимовс стохка зазадокху-баттахь а социалан машанашкахь дуьххьалдIа эфирашка буьйлучарна. Цо дихкира царна буса эфирашка бийлар, шен дехкар тIехтеснарш лоьцур бу, "нахала бохур бу", царна "йоккха, йоккха сюрприз" йийр йу ша бехира цо.

Оцу кепарчу дехкаршца цхьаьна Нохчийчохь даржийра камера хьалха а хIиттош, нахе къурд алийтар. Хьалхара гIовгIане дохкобуьйлучех сюжет гайтира нохчийн ЧГТРК "Грозный" телеканалехь 2015-чу шарахь. ХIетахь дуьйна церан терахь кхуьуш схьадогIу: гечдар доьхура, масала, керт йохийча, гIо дар дехча, Украинехь йийсаре вахча, социалан машанашкахь Кадыровх лаьцна-м хIун дуьйцура, муьлххачу Iедалан векалх лаьцна а вочу агIор дош алахь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун воккхаха волу кIант, регионалан министр Кадыров Ахьмад
Нохчийчоьнан куьйгалхочун воккхаха волу кIант, регионалан министр Кадыров Ахьмад

"Кхетор дац, сийсазвар ду"

Нахана хьалха дIа а хIоьттина, цхьанна хьехарш дан йиш йац нохчийн гIиллакхехь. Шел а воккхачуьнга ларам цахилар ду и, билгалдоккху Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къамелехь Соьлжа-ГIалара университетан хьехархочо, шен цIе а ца йоккхуш: "Кадыровн бераша цхьанна хьехарш до аьлла сайна хезча, ас ойла йо: цкъа а Нохчийчохь баьхна мукъна а буй-те уьш? ХIунда бу уьш йукъараллех сил чIогIа дIахаьдда?"

Цхьана а кепара мехаллаш шеца йоцуш ву Кадыровн воI

Нагахь санна оцу стагера билггал цхьаъ даьллехь, гIиллакхашца а догIуш, цуьнца къамел до "готточу гонехь", кхетийра цо:" ХIинца Нохчийчохь дерг, - хIара гIиллакх Iамор дац, сийсазалла йу. ХIаъ, нахана йукъахь оьзда воцуш лелар товш дац, амма и бахьана дуй-те, дийнна министро оцу тайпа массарна а гергахь стаг йемалван, сийсзаван? "Махкана хьалха дIа а хIиттийна, йуьхь тIехь мел дерг охьадаьккхича", оцу нехан цул тIаьхьа нахана йукъабовла а, баха а ма деза".

Регионера цхьхйолчу лакхарчу доьшийлан студентана хетарехь, телехьожийлан репортажехь, йа кхетош-кхиоран къамелаш дечохь и стаг нахалаваьккхинехь, кегийрхошлахь цунах дукха дика кхеташ хуьлу.

"Массарна а хууш ма ду, цаьргахь (Нохчийчуьра Iедалхошкахь. - Билгалдаккхар) ницкъ буйла, ткъа церан таIзаре милла а кхача йиш йолуш ву. Iедалхошна кхана-лама хIун товр дац, цхьанна а хуийла дац. Нагахь санна, Iедалхойн бIаьрг тIехь сецна хIума нисделлехь, цуьнца цунах лаьцна ца дийца гIерта тхо", - элира къамелдечо. Цуьнан цIе ца йоккху оха, цуьнан кхерамзалла ларйеш.

18 шо долу Кадыров Ахьмад ша а вац цхьана а кепара мехаллаш шеца йолуш, оцу маьIнехь аьлча, нахалахь билгалваьлла а вац иза, тешна ву нохчийн политолог, шен цIе цайаккхар дийхира цо, "ца оьшучу" зорбанийн хьокъехь репрессийн низам Оьрсийчохь болх беш хиларна. Цунна хетарехь, Кадыровн берийн васт йукъараллехь даржош ду церан дас, цара мел дийриг а, мел олург а билламза тIеэцийта.

"И деш ду нохчийн кегийрхойн кхетаме "оьрсийн дуьненан" идеологи а йуьллуш – Оьрсийчоьнан администрацино тIедожийна хIума ду и. ХIокху мехаллийн трансляторш бу меттигашкахь оккупацин Iедалхой, ткъа гIирс бу – Кадыровн бераш", - билгалдоккху политолого.

"Шайн лаамера "оьздангаллин полици"

Нохчийчохь кхетош-кхиоран къамелаш дар къасталур доцуш доьзна ду нахана хьалха дIахIиттийна гечдар дехийтарца, кхин дIа дуьйцура университетан хьехархочо. Кадыров Рамзанна критика йечу наха, тIаьхьо иза къинтIера воккхура массарна а гуш-хезаш Нохчийчохь а, цул арахьа а.

"2000-чу шерашкара схьа доладелла хIума ду и, хIинца волчу куьйгалхочо Нохчийчоьнан республикин куьйгалхочун дукъ тIелаьцна ца Iаш, доллу дуьненчуьра нохчийн куьйгалхочун а, - кхетийра къамелдечо. – Цунна хета, ша а, шен бераша а массо а нохчашкара бехкаш даха деза аьлла".

Цара кхерийна нах, оцу рожана дуьхьал хуьлу – цо шена керла мостагIий бо

Йоллу Оьрсийчухула Iедалхоша а, ницкъаллин структураша а шайга схьаийцира нахана хьалха дIахIоттйина стаге къурд алийтар. Цул тIаьхьа гечдар доьхуьйтура Оьрсийчоьно дIалецначу Украинан дозанаш тIехь а, аннекси йинчу ГIирмехь а. Цигахь лоьцура тIамана дуьхьал берш, йа украинхошкахьа ойла йолу нах.

Кхетош-кхиоран къамелаш дар, нахана хьалха къурд алийтар а санна, хIинцале Оьрсийчохь лелош ду оьздангаллин полицино. Масала олигархо Малофеев Константина ахча латточу "Божарийн пачхьалкх" проекто, йа формалехь Мизулина-жимахйерг куьйгаллехь йолчу "Кхерамзаллин интернетан лигас", билгалдоккху политолого Преображенский Ивана.

"Тоталитаран пачхьалкхехь даим лелош дерг ду и, хьалха социалан машанаш йацара. Марш йан йезачу информацин тоталитаризмера классикан мобилизацин тоталитаризме дехьайолуш йу Оьрсийчоь, ткъа Iедалхойн бакъо йу, хьо хьаьнца ву, хьаьнца вижар-гIаттар долуш ву а хаа,- тIетуьйхира эксперто. – Цу тIера дуьйна, ала догIу, Нохчийчохь долийра, ЛГБТК+йукъараллин векалш леца а лоьцуш, хIаллакбар".

Оцу къамелаш тIехь а, кхерамаш тийсарна тIехь а акцент йо Iедалхоша, республикехь цул а коьрта проблемаш йоллушехь, билгалдаьккхира Нохчийчуьра политолого. Оьрсийчоьнан репрессийн политикан дакъа ду и, меттигерчу бахархойн кхетам чу дуьллуш, аьлла хета цунна.

Вайх шайн дакъа дан оьшу "оьрсийн дуьненна", элана хьалха горахIиттийта: министрана а, йуьртдена а, мехкан урхалхочунна а. Феодалан дIахIоттам хийцина керла элита йу хIара. Цундела кхерамаш туьйсу, набахте хьийсабо, "оьрсийн дуьненан" мехаллаш норма йолуш санна вайга тIеэцийта", - элира спикеро.

Университетан хьехархочунна хетарехь, кхетош-кхиоран къамелаш пайден дац, хIунда аьлча, цара нах Iедална дуьхьал боху: "Цара кхерийна нах оцу рожана дуьхьалбуьйлу - цо гучубоху кхин а, кхин а мостагIий", - дерзийра цо.

  • Нохчийн пачхьалкхан телехьожийлехь а, меттигерчу хьаькамийн аккаунташкахь а кест-кеста гучуюьйлу къурд олуьйтуш видеорепортажаш. Бахархой "сийсазбечу видеон" терго йира Американ дуьнеанюкъарчу динан маршонан Комиссино шен 2021-чу шарахь арахецначу рапортехь. Талламан авторша хьийхира Вашингтонна, Нохчийчоьнан зорбан а, информацин а министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш йахар
  • Нохчийн парламентан спикеро, мехкан урхалхочун цхьахволчу бIанакъосто Даудов Мохьмада а кест-кеста бехкбоккху социалан-машанашкарчу кегийрхошкара. 2021-чу шарахь Нохчийчохь долийра онлайн-ха дар, цара гучуйохура "ламасташца йогIуш йоцу" посташ, ткъа тиктокехь онлайнехь эфирашка буьйлучарна тIехь Даудовс ша контроль латтийра.
  • Нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телекомпанино 2019-чу шарахь 46 минотехь сюжет гайтира, метигерчу кхиазхочо бIаьрхишца шена гечдар доьхуш, республикера Iедалхошна инстаграмехь критика йарна.
  • 2019-чу шарахь хаамбира, "къамелдан" иллиалархой, ВахароговгIеран ши ваша Аюб а, Асхьаб а дIавигарх. Церан иллеш интернетехь даржийнера, Iедалхоша бахарехь, "нохчийн культурин низамаш дохадо" цара. Цул а хьалха хIетахь культурин министр хиллачу Дадаев Хож-Баудис дIахьедира, концерташкахь иллеш ала а, иллешца роликаш йаржон а бакъо йу лерринчу комиссино къобалбинчу артистийн аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG